- •Раздел I. Фонетика
- •Тема I. Нохчийн йозан (литературин) мотт. Нохчийн алфавитан башхаллаш.
- •Тема 2. Графика (шалха, шала элпаш). Мукъазчу аьзнийн шаладерзаран некъаш.
- •Раздел 2. Лексика
- •Тема 3. Дошкхолладалар. Дешан хIоттам (лард, орам, дешхьалхе, суффикс, чаккхе)
- •Раздел 3. Морфологи
- •Тема 4. Къамелан дакъош
- •Тема 5. ЦIердешан грамматически билгалонаш
- •ЦIердешнийн дукхаллин терахь кхолларан некъаш.
- •ЦIердешнийн нохчийн маттахь 4 легар ду:
- •ЦIердешнийн дожарш
- •Тема 6. Билгалдешан маьIна, цуьнан тайпанаш.
- •Тема 8. Терахьдешан тайпанаш,ма1на,кхолладалар.
- •Тема 8. ЦIерметдешан грамматически билгалонаш
- •ЦIерметдешнийн грамматически билгалонаш:
- •ЦIерметдешнийн шайн маьIне хьаьжжина 9 тайпа хуьлу:
- •Тема 9. Хандешан грамматически билгалонаш.
- •Тема i0. Куцдешан тайпанаш
- •Тема II. ГIуллакхан къамелан дакъош (дакъалг, дештIаьхье, хуттург).
- •Тема i2. Хуттургийн тайпанаш (цхьаьнакхетаран, карара хуттургаш).
- •Тема i3. Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш.
- •Тема i4. Предложенин цхьанатайпанара меженаш.
Тема 6. Билгалдешан маьIна, цуьнан тайпанаш.
Содержание темы.
ХIуман билгало а гойтуш, муха? муьлха? бохучу хаттаршна жоп лучу коьртачу къамелан декъах билгалдош олу.Билгалдош предложенехь даима ц1ердашца лела,шеца ц1ердош хиларе я цахиларе хьаьжжина,билгалдешнийн 2 кеп хуьлу:
а) лаамаза
б) лааме
Лаамаза билгалдешнаш даима цIердашца цхьаьна лела (хаза суьйре, оьзда г1иллакх).
Лааме билгалдешнаш кхоллало лаамазчу билгалдашна тIе суффикс -ниг кхетарца (хазаниг, оьзданиг).
Билгалдешнаш шайн маьIне хьаьжжина 3 тайпана хуьлу:
I. Мухаллин (качественные), цара гойту хIуман
а) мухалла (лекха лам)
б) чам (мерза Iаж)
в) бос (можа зезаг)
2. Юкъаметтигаллин (относительные), цара гойту
а) хIума стенах йина ю (дечиган кад)
б) хан (селханлера де)
в) меттиг (гIалара хьаша)
3. Доладерзоран (собственные), цара гойту хIума цхьаннан долахь хилар (вешин доьзал,йишин х1усам.
Мухаллин билгалдешнийн н. м. 3 дустран дарж ду:
I. юьхьанцара (начальная) (муьста берам)
2. дустаран (сравнительная) (муьсто берам)
3. тIехдаларан (превосхадная) (сов муьста берам)
Тема 8. Терахьдешан тайпанаш,ма1на,кхолладалар.
Содержание темы.
ХIуман масалла я рогIалла а гойтуш,(маса?мел?моссалг1а?)бохучу хаттаршна жоп лучу къамелан декъах терахьдош олу (цхьаъ, итт, исс).
Шайн маьIне диллича, терахьдешнаш масаллин а, рогIаллин а хуьлу.
1. ХIуманийн масалла а гойтуш, (Маса?) – бохучу хаттарна жоп лучу терахьдешнех масаллин терахьдешнаш олу (пхиъ, бIе)
Масаллин терахьдешнаш тайп-тайпана хуьлу:
I. декъаран. Декъаран маьIна а долуш, (мас-маса?) – бохучу хаттарна жоп лучу терахьдашах декъаран терахьдош олу.(пхиппа,шишша,диъ-диъ).
2. эцаран. Эцаран маьIна а долуш, (мосазза?) – бохучу хаттарна жоп лучу терахьдашах эцаран терахьдош олу.(пхоьазза,шозза,б1озза).
3. гулдаран. Юьйцуш йолу хIуманаш ерриге а юкъа а лоцуш, гулдаран маьIна долчу терахьдашах гулдаран терахьдош олу.(итте а,пхий а).
4. дакъойн. Дакъош гойтуш а долуш, (маса моссалгIа?) бохучу хаттарна жоп луш а долчу терахьдашах дакъойн терахьдош олу.(2/3–шиъ кхоалгIа, 5/I0–пхиъ уьтталгIа)
5. билгалза-масаллин. ХIуманийн масалла юьззина билгал ца ечу терахьдашах билгалза-масаллин терахьдош олу.(цхьа-шиъ, пхи-ялх, иссех, иттех).
Нохчийн маттахь масаллин терахьдешнаш цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь хийцалуш лела(цхьаъ–цхьаннаш, бIе–бIеннаш).
ХIуманийн рогIалла а гойтуш, (мосалгIа?, мосазлагIа?) – бохучу хаттаршна жоп лучу терахьдешнех рогаллин терахьдешнаш олу. Масалла:
пхоьалгIа, ворхIалгIа (хIуманийн рогIалла гойту)
пхоьазлагIа, ворхIазлагIа (даран я хиларан рогIалла гойту).
Шайн хIоттаме диллича, терахьдешнаш кхаа кепара хуьлу:
I.Цхьалхе, уьш цхьана орамах лаьтташ хуьлу (цхьаъ, пхиъ. итт)
2.Чолхе, уьш шина орамах лаьтташ хуьлу (цхьайтта,шийтта)
3. ХIоттаман,уьш шина я масех цхьалхечу я чолхечу терахьдашах лаьтташ хуьлу (ткъе пхиъ, ткъе цхьайтта,б1е ткъе итт.)
Оьрсийн маттахь хьесапан а, дагардаран а иттанийн кеп ю, аьлча а, иттанашца дагардо (десятиричная система счета).
Нохчийн маттахь хьесапан а, дагардаран а ткъаннийн кеп ю (двадцатеричная система счета).
Терахьдешнаш билгалдешнаш санна лааме а, лаамаза а хуьлу:
лаамаза терахьдешнаш цIердашца цхьаьна лела (виъ стаг, пхи зезаг)
лааме терахьдешнаш цIердашца доцуш, ша лела (виъ, пхиъ, итт).
