Добавил:
Upload Опубликованный материал нарушает ваши авторские права? Сообщите нам.
Вуз: Предмет: Файл:
Отчет по фолькл. практике.doc
Скачиваний:
41
Добавлен:
23.03.2015
Размер:
88.06 Кб
Скачать

Дандаева Хадишат Висхановна 1 РВО

29.06.2011.

Все студенты филологического факультета собрались и провели собрание под руководством Исраиловой Айны .Она дала нам задание ,собрать чеченский фольклер .Нам поручено собрать и написать интересные истории прошлых времен, опросив старейшин района, знакомых, родственников.

После рассказа нам нужно написать имя, фамилию, отчество, сколько лет рассказчику, год, число, месяц.

Училась или нет, в каком района живет, село.

30.01.2011.

Сегодня я была у тети Шажаевой Макки У.

,проживающей в селе Верхний Наур Надтеречного района, 1929 года рождения.

Она мне рассказала про шуточные частушки про то, как они проводили время на ловзаргах, на свиданиях возле речки.

Я узнала от нее ,что в то время когда она была молодой, они вместе с подружками ходили к речке и пели разные песни.

01.07.2011.

Сегодня она рассказала мне про «Залог».

девушка которая дала «Залог» не имела права встречаться с другими парнями.

Особенно мне запомнился один рассказ, как ее младшая дочь не хотела, чтобы отец продал ягненка, но все же они должны были продать его, через два дня к ним пришел тот мужчина которому они продали его и заявил, что ягненок пропал, вечером она нашла его под кроватью.

Здесь на этой фотографии она и ее младшая дочь.

02. 07. 2011

Сегодня мы поговорили про ее родителей, ее отец был старше ее матери на 27 лет.

Однажды к ним пришла соседка и попросила огурцы, а ее мама сказала, что огурцов нет, но есть два не молодых огурца и войдя в комнату соседка увидела сидящего в комнате ее мужа и друга, та удивилась ,а хозяйка ответила , что это и есть те самые старые огурцы.

Второй рассказ ее она мне рассказала, что это со слов ее соседки, у одного человека было две жены, младшая очень сильно плакала из-за того , их выслали из родных краев, а старшая успокоила ее сказав ,что самое страшное горе случилось с ней, когда ее муж второй раз женился на ней.

03. 07. 2011

Сегодня к нам пришла наша тетя Дандаева Зара она живет в Бено – юрте. Надтеречный район.1956 г.

Она рассказала как ее двоюродная сестра погибла, молодая девушка лет 16 лет она пшла за водой, куда не мог зобраться даже сильный мужчины, там было много снега. Она мне рассказала, что дваюродную сестру нашли, тогда когда снег начал таять, ее нашли замерзшей, она умерла от холода.

Она мне начала рассказывать какое хорошее воспитание было у девушек. Одна девушка на «ловзарге» увидела своего бывшего мужа, она сбежала из «ловзарга» через окно, сделала так, чтобы он не увидел ее, из-за уважения к ниму

04.07.2011.

Она мне рассказала одну длинную историю, как один плохой человек заставил молодую девушку выйти за себя замуж, это человек много вреда людям которые жили в их селе.

Проезжая через мост «Дени» она слезла с кареты и попрасила у Аллаха, чтобы он избавил ее от такого мужа и от ребенка которого она носила от него.

Через две недели мужа застрелили, а через месяца три она упала и лишилась ребенка.

Говорят если человек загадает желание на мосту, то оно обязательно сбудется.

Я собрала небольшой, но интересный фольклер.

Забаре иллеш.

1. Вай ,вай са к1орни,

Орч кхосса везар хьо

Т1аьххье чу иккхина

Мира хьакха безар хьуна.

2. Машенашлахь машен мА ю,

Урамехь ша товш мА ю

Кхи мА воьллехь 1арлой юккъе,

Айхьа везар валор вацахь.

Дандаева Хадишат Висхановна 1 рво

БЕЗАМАН ИЛЛЕШ.

3. Сан са Сибрехь сана ду,

Ойла Абарги сана ю.

Вай со дохко ма ели.

Ас хьоьга деллачу дешана.

4. Деши д1адоьху Райкомо,

Дети д1адоьху Райкомо.

Деши,дети делла яьлчи,

К1орни д1адоьху Райкомо.

5. Са гат делчи йоьду сарахь со хи т1е,

Са хьовзийча йоьду сарахь со хи т1е.

Волахь жима к1ант сарахь хи т1е,

Сом хьуна йог1у сарахь хи т1е.

Дандаева Хадишат Висхановна 1 рво

КИЦАНАШ

1.Ц1ахь лай ца хилча,арахь эла хир вац.

2.Дешар серло,ца дешар бода.

3. Чехк доьду хи, бердах ца кхетта.

4. 13.Оьзда волчу стагаца дов хилар г1оле ю,осал волу стагца гергарло лелочул.

5. Ден во1 воцчух , пайдехьа накъост хир вац.

6. Бух боцу х1ума лаьтта ца хуу,аьрзу сана.

7. .Б1аьрхишца г1он г1о дийр дац.

8. 7.Тахан пуьтш биттанчух,кхана цхьа тешар вац.

9. Къонах ву,шен махкан къонах верг.

10. Бакъон т1аьхь волчо даиман толам боккхар бу.

11. Х1ора стаг г1улкхан т1аьхьа вевза.

12. Дош-дош доцчу стеган,дуй-дуй бац хьуна.

13. Накъост ваци хьа,лаха-карвини лар ве.

14. Г1улкхан зама-сада1аран сахьт.

15. Дукха вижан 1иллар-декхарц вахар.

16. Къа ца хьегча хин чура ч1ара баккхалур бац.

17. Сихалло са даьккхина,собаро лам баьккхина.

18. Муш-беха,дош доца.

19. Г1иллакх дезаш волчунна ,и генахь дац.

20. Оьзда воцу стаг ,хьошалг1а веъча дика кхоба,оьздачунна чохь ерг елча а тоьар ду.

21. Нийсо шина вешина юкъехь а хила еза.

22. Вина мохк –мазал мерза бу.

23. Шен ц1а-ц1ен ц1а.

24. Нанас йина чов лаза ца лозу.

25. Ц1е йоцуш к1ур хир бац.

26. Эхь делахь ,бехк а бу.

27.Х1уманан пусар ца динарг,доцуш висина.

Дандаева Хадишат Висхановна 1 рво х1етал-металш.

1.Х1етал-метал хаила хьуна хьуьнах кхаччалц ,юьртехьа корта берзина йоьдуш ерг.(Диг)

2.Х1етал-метал хаила хьуна ц1ечу дечиг т1ехь хиъна к1ай котамаш.(Цергш)

3. Х1етал-метал хаила хьуна вайн тховт1ера ах сискал.(Бут)

4. Х1етал-метал хаила хьуна х1етал т1ехь тесна метал.(Тай-махи)

5. Х1етал-метал хаила хьуна говрал лекха -ж1алел лоха.(Нуьйр)

6.Х1етал-метал хаила хьуна ц1ий молу, дахар ло. (Ц1убдар)

7. Х1етал-метал хаила хьуна, дийнахь лай ,буьйсанна эла.(Ж1ала)

8. Х1етал-метал хаила хьуна ,букъ т1ехь маь1ш лелораг.(Аьмкал)

9. Х1етал-метал хаила хбуна вайн ц1ийна т1ехьа лаьтташ долу нускал.(Нуй)

10.Х1етал-метал хаила хьун,д1а йоьду,схьа йог1у.(Телефон)

Дандаева Хадишат Висхановна 1 рво

Дийцарш.

1. Ши эмгар хила урамехула йог1уш. Жимах йолчо аьлла, «Ма бохам бели вайн,дохий вай,махках дехи вай,холча х1оьттина хьийзаш хила. Йоккхах йолчо аьлла: «х1арам бохам бац хьуна,бохам хьа бар хьо сунна т1е ялинчу дийнахь хилларг.

  1. Цхьана воккхачу стеган жима зуда хила,ц1ин да волчу лулара доттаг1 веана хила,зуда яа х1ума кечъеш лулара жима жеро еана, наьрсаш йи аьлла: «Наьрсшам яц соьгахь, иц чохь цхьа ши къена хуг1ар юн д1ахьо хьайн аьлла жеро ши стаг волчу ялитан лулхо.

3. Сибрехь ц1а дахка к1ира хан йисина,шайн каьртар СА долу х1умнаш д1а йухкуш,цхьа жима 1ахар бисина хила, жимах йолчу йо1а йоьлхуш д1а цабухкитш.1уьйранна йо1 йижан йолчара,дас урам т1ера оьрси стаган д1абоьхкина, хьалхарчу дийнахь 1ахар кертахь йо1царне ловзуш,стаг т1аьхьа веана д1а бигина.Шолг1ачу дийнахь юха веана ,1ахар буй аьлла,х1усам нанас бац аьлла д1а вахитина,чура х1умнаш суьйранна машен т1е йохкуш маьнги к1елахь д1а лечкъан 1аш карина жима 1ахар.

4. Сибрехь 1ай доккха ло дуллуш хила,хи дохьуш йолу меттиг цхьана гунна лахахь хила. Хи да йоьда ша аьлла йо1 ара яьлла кхаа дийнахь карош ца хила,доьалг1ачу дийнахь ло мела даша доладелла ,г1ун гена йоццуш лайла яхан карина йо1 ,г1орина .

Х1ара хилла 1946 ш.

5. Теркйистехь цхьа хаза йо1 хилла, нана реза йоцуш марехь дуккха хан ца йоккхуьйтуш нанас ц1а ялина хила.Лулахь доккха ловзар хила доьдуш,йо1 хелха йохуш 1аш,цуьнна хила х1усам да , «Салам» дела чу ваьллачу сахьтехь ,корехула ара муха яблла ца хууш едда ц1а еана хила.Иштта г1иллакх лелош хилла хьалха наха.

Х1ара язйина Дандаева Хадиштас В. Шажаева Маккас дийцина.1929 ш.Дешна яц, Надтеречный р-н. с .Лакха-Невре. Тайпа . 1аларо.

6. Теркйистехь хаза бехаш цхьа доьзал хилла,виъ к1ант,хазаллин г1ара яьлла цхьа йо1 а. Х1ора юьртахь а волу мотт бетташ стаг,иштта уьш бехачу юьртхь хилла иштта стаг.Ши зуда ,ялх доьзалхо волш.Шен хаза елла йо1 схьаялош хилла цо.

Иштта цхьана ловзаргахь и хаза йо1 ган а гина ,хаза елла и йо1 еха бакхий нах бахийтина цо.Нанас шен йо1ин йиттина ,цун ган а гуш хелха сена яьлла хьо.Я хьо цунг маре яхита еза шен,я шеен виъ к1ант Сибрехь д1ахьажор ву цо бохш.

Кхи дан х1ума ца хилла и йо1 дас,дедас цу мотт беттачу стаге маре д1аяхитина боха.Юкъа дукха хан ялале доьзалхочух хилла и йо1.Цхьана дийнахь и йо1, цуьнан ц1ийнда «Денни» т1ай т1ехулу дехьа бовлуш стаг охьавоьссина шеен зудчуьнга аьлла цо,кху т1ай т1ехь дехнарг ца хила йиш яц аьлла.

Цу зудчо охьайоьссина Деле даьхна .Х1ай Везан Дела,х1ар дуккхачу нахан зен дина волу х1ара стаг д1а ваккха ахь,ас лелош долу и цуьнан бер соьхь д1акъастде ахь аьлла.

К1ир хан яьлла боха цу юккъе и мотт бетташ волу и стаг тоьпш тоьхна вийна,оьхьа кхетта и бер дела цу зудчуьнна бохуш дуьйцунаха.

7. Нохчийн ши стаг лаьцна Сибрехь хьажина хилла,хьалха леера заманчоь.Цигахь хьаькман шаьшиъ ч1ог1а везийтина хилла цу шимма,аьллаг кхочуш деш.ЦУ хьаькман цхьа хьоме йо1 хилла и йо1 ч1ог1а цонгаш лелош хилла цо,жимчохь дуьйна.

Дуккха хан ялале и йо1 елла,шеен дега весет дина хилла цо,цу шина нохчи стаге ша д1айоллита аьлла.Дас и весет кхочуш дина,цу шина стаге и йо1 д1айоллитан.Ша г1айг1ане воьжна хилла ида бутт хан ялале,цу шина стаге даьхна цо и каш схьадасти шена йо1 гайта аьлла.

Кхин дан х1ума ца хилла,каш схьадаьстина и каш даьстч цу чохь йо1ан мета цхьа стаг хилла.Ша и ши к1ант вуьйра ву щега йо1 мича д1айоьллина ца алахь.

Т1аккха аьлла цу шимма,ша ялле бусулба дин т1е иэцна,ша елча ша нохчийн кешнашка д1а йолла аьлла весет динер цо шаьшинга.Хьан йо1 нохчийн кешнашкахь д1а йоллитан шаьш и декъал хилла хьун,амма х1ара стаг,къола дан вахана цхьа миска нани жима ши йо1 йийна боьха стаг ву.Т1аккха хаза хетта и стаг вилхина боху.

8. Сибрехь 1аш мацалла дахум ца хилла ,цхьана казаки стега уьстаг1 лачкъина хилла нохчийн стага.

Уьстаг1 лачкъина шен аьлла,ч1ог1а холча хоьттан хилла и казаки стаг.Кхин и ша дина ца олуш,къанвелла вала воьжна.Ала ца хуттуш моллиг ша лачкъина уьстаг1,диъ дийнахь схьа валош,д1а воьдш 1аш,моллас хаьттина,шега схьа ала,ша шега далуш дерг дийр ду хьун.

Иштта ша уьстаг1 лачкъина и казаки стаг шена къинт1ера ваккха вала ве , и шеен къинт1ера вер ву хьун.

Наь1рера схьа чу а хьаьжна ас и г1улкх Деле д1аделла дуккха хан ю и ваккха хьайн къинт1ера аьлла д1а вахана казаки стаг.

9. Шорт урам т1ехь ловзаш берш хилла,чехка схьа иккхина йог1аш говрворда хилла,бераш д1а даха ,шега и говрш саца ца яло аьлла мохь хьаькхна.Массо бер д1адевда,х1етта кога вахан жима к1ант висан хилла.Ялх шо кхаьчна Малика едда и к1ант маара къевлан,шена т1е 1евдан охьа хиан,и говраш царна т1е кхоччуш сецна и говран ког цу йо1ан букъ т1е хьакхлуш.

10. Хьаша д1а ца воьдуш к1ира сов хан яьлла хила.Х1усам да арар чу вог1ш,хьешо хаьттина, «х1ундара арахь?»аьлла.Дер бара ирс долча нехан хьеши ц1а оьхуш.

Х1ара язйина Дандаева Хадишта.В . дийцина Дандаева Зараъа.1956 ш.Дешна ю .Бено-юртахь 10 класс яккхан.Надтеречный р-н.с.БЕно-юрт.