Добавил:
Upload Опубликованный материал нарушает ваши авторские права? Сообщите нам.
Вуз: Предмет: Файл:
No Name.docx
Скачиваний:
0
Добавлен:
01.07.2025
Размер:
169.75 Кб
Скачать

1) Куфру джахlлин ва такзиб ( كفر جهل و تكزيب ) - джахlлаллийн куьцех гучадолуш долу керстналла a, харц дарца гуча долуш долу керстналла а;

Адманна тlехула а, чухула а гучадолуш долу керстналла ду иза.

Тlехула гучдалар - гаъ гуш Аллахlаца керстналла/ширк дар, Аллахlа хьарам дина, Аллахl цхьаъ варца ца дохуш долу хlуманаш леладар. (Тlулгашна lибадат дар, жаlаршна кортa беттар, Аллахl воцучуьнга кхайкхар)

Чухлахь гучдалар - цун дагчохь кешнаш чохь белла болу нах базбар ду, Далла гергахь дика лерина нах базбар. Оцу шен дагчохь базбина болчу нахана цо Аллахlан бен хила йиш йоцуш долу дарж/сыфат делла.

Иза тlехула а, чухула а гучадолуш долу керстналла ду.

Аллахlа ﷻ боху Шен Сийлахь Къуръанчохь:

●《الَّذِينَ كَذَّبُوا بِالْكِتَابِ وَبِمَا أَرْسَلْنَا بِهِ رُسُلَنَا فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ ۝ 》

《/Уьш бу/ шаьш харцдинарш жайна а‚ Оха шеца Тхан элчанаш бахийтинарг а. Тlаьхьа хуур ду-кх царна! 》

[Сурат Гlофир(40):70]

Хlокху айатехь гойтуш долу Аллахlа доссийна долу Къуръан харц дар а, Элчанаш яийтина йолу нийсо харц яр а - иза куфр аль-такзиб ду.

●《... وَأَعْرِضْ عَنِ الْجَاهِلِينَ ۝ 》

《 ... дукха тергал ма бе жехlал нах. 》

[Сурат аль-Аlраф(7):199]

(Цун маьlна - Ахь царна хьужжат/далиль охь диллина, нагахь цара иза кхочуш ца дахь, тlе ца лаьцнехь - бита уьш, сонта нах бу уьш)

Куфру джахlлин ду кхузахь гойтуш дерг.

2) Куфру джухьуд ( كفر جحود ) - тlе ца эцарца а, инкарло ярца а гуча долуш долу керстналла;

Шай дегнашна и хууш долуш, бакъо йоьвзаш а йолуш, амма иза хьул яр ду, цу нийсонна муьтlахь ца хилар.

Аллахlа ﷻ боху Шен Сийлахь Къуръанчохь:

●《وَلَمَّا جَاءهُمْ كِتَابٌ مِّنْ عِندِ اللّهِ مُصَدِّقٌ لِّمَا مَعَهُمْ وَكَانُواْ مِن قَبْلُ يَسْتَفْتِحُونَ عَلَى الَّذِينَ كَفَرُواْ فَلَمَّا جَاءهُم مَّا عَرَفُواْ كَفَرُواْ بِهِ فَلَعْنَةُ اللَّه عَلَى الْكَافِرِين َ ۝ 》

《Цаьргахь дерг (Таврат) бакъдеш долу жайна (Къуръан) Делера шайга деъначул тlаьхьа…– хьалха уьш ма хиллера цатешачарна тlехь шайна гlо а доьхуш(Мухьаммад Пайхамар вогlург хиларца)…– шайга и шайна хууш дерг деъча (Мухьаммад пайхамар)‚ цунах ца тийшира уьш. Делан неlалт хуьлда цатешачарна》.

[Сурат ал-Бакъоро(2):89]

3) Куфру lинадин ва истикбарин ( كفر عناد و استكبار )- къар ца валарца а, дуьхьал валарца а, кураллаш ярца а гуча долуш долу керстналла;

Аллахlа ﷻ боху Шен Сийлахь Къуръанчохь:

●《 وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلاَئِكَةِ اسْجُدُواْ لآدَمَ فَسَجَدُواْ إِلاَّ إِبْلِيسَ أَبَى وَاسْتَكْبَرَ وَكَانَ مِنَ الْكَافِرِينَ ۝ 》

《 Оха аьллера маликашка: "Сужуд (лераме, маршаллийна сужуд) де Адамна". Тlаккха цара сужуд дира‚ Иблис доцчо. Иза дуьхьал а делира‚ цо куралла а йира‚ – и хилира цатешачарах. 》

[Сурат ал-Бакъоро(2):34]

Кхун масаллийна дало йиш ю: иблис.

4) Куфру нифакъин (كفر نفاق) - шалгlонехь, мунепикъаллехь гуча долуш долу керстналла.

Аллахlа ﷻ боху Шен Сийлахь Къуръанчохь:

●《إِنَّ الْمُنَافِقِينَ فِي الدَّرْكِ الأَسْفَلِ مِنَ النَّارِ وَلَن تَجِدَ لَهُمْ نَصِيرًا ۝ 》

《 Баккъалла а, мунепикъаш хир ма бу /жоьжахатин/ цlеран уггар бухарчу гlопа чохь‚ хьуна каронне а карор ма вац царна гlоьнча. 》

[Сурат ан-Нисаъ(4):145]

●《يُخَادِعُونَ اللّهَ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَمَا يَخْدَعُونَ إِلاَّ أَنفُسَهُم وَمَا يَشْعُرُونَ ۝ 》

●《فِي قُلُوبِهِم مَّرَضٌ فَزَادَهُمُ اللّهُ مَرَضاً وَلَهُم عَذَابٌ أَلِيمٌ بِمَا كَانُوا يَكْذِبُونَ ۝ 》

《lехо гlерта уьш Дела а‚ ийман диллинарш а‚ амма цара ца lехабо шаьш бен‚ – /и/ ца хаало-кх царна. Церан дегнашкахь цамгар ю‚ Дала алсамъяьккхи и кхин тlе а цамгарца‚ царна ма ду лазош долу lазап‚ шаьш хиларна харцлуьйш》.

[Сурат ал-Бакъоро(2):9-10]

■ lабдуллахl ибн lумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: «Бакъ волу мунепакъ, шегахь тlаьхьара йиъ билгало йолуш хир ву, ткъа шегахь царех цхьаъ йолуш верг, мунепакъан цхьа билгало йолуш хир ву, цунах дlацlанваллалц: ша цхьаьнца барт бича – тешнабехк бо цо; ша цхьаъ дуьйцучу хенахь – аьшпаш буьтту цо; ша цхьа ваIда йича – шен ваlд кхочуш ца йо цо; ша къовса воьлча – гlиллакхах вуху и».

[ал-Бухари]

Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна

Валлахlу Аlлам

Аллахlа диканца бекхам бойла шун!

62- УРОК

ЦIахь бен болх (домашний заданий)

1- Оцу шин хаттарер кхаъ кепар долу керистаналла схьа дийца?

#ЖОП:

Ийманан нийса дуьхьала дохуш дерг - аль-куфр/керстналла ду.

Шина хаттарера кхаъ кепара долу керистаналла:

1) Куфру джахlлин ва такзиб ( كفر جهل و تكزيب ) - джахlлаллийн куьцехь гучадолуш долу керстналла a, харц дарца гуча долуш долу керстналла. Цхьаболчу lеламнаха и куфрах - куфруль инкар олу. Иза хуьлуш ду захlиран ва батlынан (тlоьгlлахь а, дагчохь а).

Масала: Къурайшин тайпанах хилла болу керистнах, Пайхамарна (ﷺ) дуьхьала боьвла а болу; цул хьалха баьхкина хилла болу Пайхамаршна (عليهم السلام) уьш харцабарца царна дуьхьал дийлина хил долу къаьмнаш а.

Аллахlан хьакъ хаа ца гlоьртина, Цун хьакъ тlехь джахlилаш хилла уьш, шайн нийсо йовзуьйтуш бахкитина болу Элчанаш бакъ а ца бина цар.

И шайгахь йолу джахlлалла дlа яккха бахьана ца лелийна цара, ткъа цул совнаха, Аллахlан динан инкарло а йина цара.

Иштта оцу харцонна тlехь чекх а бевлла уьш.

● 《 الَّذِينَ كَذَّبُوا بِالْكِتَابِ وَبِمَا أَرْسَلْنَا بِهِ رُسُلَنَا فَسَوْفَ يَعْلَمُون َ ۝ 》

《/Уьш бу/ шаьш харцдинарш жайна а‚ Оха шеца Тхан элчанаш бахийтинарг а. Тlаьхьа хуур ду-кх царна!》

[Сурат Гlофир(40):70]

● 《... وَأَعْرِضْ عَنِ الْجَاهِلِين َ ۝ 》

《 ...дукха тергал ма бе жехlал нах. 》

[Сурат аль-Аlроф(7):199]

● 《 وَيَوْمَ نَحْشُرُ مِن كُلِّ أُمَّةٍ فَوْجًا مِّمَّن يُكَذِّبُ بِآيَاتِنَا فَهُمْ يُوزَعُونَ ۝

حَتَّى إِذَا جَاؤُوا قَالَ أَكَذَّبْتُم بِآيَاتِي وَلَمْ تُحِيطُوا بِهَا عِلْمًا أَمَّاذَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ۝ 》

《/Ахь хьахаде/: оцу дийнахь Оха гулйийр ю хlор умматах Тхан аяташ харцдеш хиллачух тоба - уьш дlаса- нисбийр бу.

Тlаккха уьш /хьесап дечу меттиге/ беъча‚ /Дала/ эр ду: "Аш харцдира Сан аяташ? Шу ма дацара шайгахь /уьш харцдан/ lилма долуш а‚ хlун lамал еш хиллера шу?》

[Сурат ан-Намль(27):83-84]

●《 بَلْ كَذَّبُواْ بِمَا لَمْ يُحِيطُواْ بِعِلْمِهِ وَلَمَّا يَأْتِهِمْ تَأْوِيلُهُ كَذَلِكَ كَذَّبَ الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ فَانظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الظَّالِمِينَ ۝ 》

《Делахь а, харцдира цара (Маккан керстанаша) и (Къуръан) шаьш и дика довза а кхиале‚ шен таъвил а(дастар) хlинцале шайга ца кхаьчнарг. Иштта харцдира царал хьалха хиллачара а. Хьажал‚ муха хилла зуламхойн тlаьхье!》

[Сурат Йунус(10):39]

2) Куфру джухьуд ( كفر جحود ) - тlе ца эцарца а, инкарло ярца а гуча долуш долу керстналла ду; шай дегнашна и хууш a долуш, бакъо йоьвзаш а йолуш, амма иза хьул яр ду, цу нийсонна муьтlахь ца хилар. Оцу бакъонна муьтIахь ца хилар ду тlехула/леларехь меженашца, и шайн хуушехь, шайн иза кийрахь/дегнашкахь и девзаш доллушехь.

Бакъо хьул а еш, шайн дагчохь иза нийса дуйла хуушехь муьтlахь ца хиларц гучудолу иза.

Масала: Фирlавно дин долу керстаналла а, цуьнан къомо Муса пайхамарца (عليه السلام) дина долу керстаналла а; иштта, жуьгташа Мухьаммад Пайхамарца (ﷺ) дина долу керстаналла а ду.

Фирlавнас а, цуьнан къoмо а керстаналла дарна хьокъехь аьлла Сийлахь-Везачу Аллахlа:

●《 وَجَحَدُوا بِهَا وَاسْتَيْقَنَتْهَا أَنفُسُهُمْ ظُلْمًا وَعُلُوًّا فَانظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ 》

《Зулам дарца а‚ куралла ярца а керстадира цара уьш‚ шаьш /дагца/ тешнехь а /уьш Делера хиларх/. Хьажал‚ муха хилла пасад хlуманаш (вон мел дерг) лелош болчеран тlаьхье?》

[Сурат ан-Намль(27):14]

* Уьш нийса хилар хууш хилла царна, шай дагчохь тешна а хилла уьш, хlетте а тlе ца эцна цара.

И ду иза - ( كفر جحود )

Ткъа жуьгтий хьокъехь аьлла Сийлахь-Везачу Аллахlа:

●《وَلَمَّا جَاءهُمْ كِتَابٌ مِّنْ عِندِ اللّهِ مُصَدِّقٌ لِّمَا مَعَهُمْ وَكَانُواْ مِن قَبْلُ يَسْتَفْتِحُونَ عَلَى الَّذِينَ كَفَرُواْ فَلَمَّا جَاءهُم مَّا عَرَفُواْ كَفَرُواْ بِهِ فَلَعْنَةُ اللَّه عَلَى الْكَافِرِين َ ۝ 》

《Цаьргахь дерг (Таврат) бакъдеш долу жайна (Къуръан) Делера шайга деъначул тlаьхьа…– хьалха уьш ма хиллера цатешачарна тlехь шайна гlо а доьхуш(Мухьаммад Пайхамар вогlург хиларца)…– шайга и шайна хууш дерг деъча (Мухьаммад пайхамар)‚ цунах ца тийшира уьш. Делан неlалт хуьлда цатешачарна》.

[Cурат аль-Бакъоро(2):89]

●《 الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْرِفُونَهُ كَمَا يَعْرِفُونَ أَبْنَاءهُمْ وَإِنَّ فَرِيقاً مِّنْهُمْ لَيَكْتُمُونَ الْحَقَّ وَهُمْ يَعْلَمُونَ ۝ 》

《Оха шайга жайна деллачарна(жайнан охlла) и /Мухьаммад пайхамар/ вевза‚ шайн кlентий шайна ма бовзарра. Баккъалла а, царах цхьа тоба хьулдеш ма ю бакъдерг‚ шайна хууш доллушехь》.

[Cурат аль-Бакъоро(2):146]

Кхо хlума адмехь вовшах кхетахь - куфру джухьуд хуьлу:

1) Бакъо хьул яр (маттехула бакъо схьа ца алар);

2) Оцу бакъдолчу хlуманна муьтIахь ца хуьлу уьш;

3) Шай дегнашца и бакъдерг хиларха тешна/хууш а бу уьш, делахь а, тlехула цунна муьтlахь бац уьш.

3) Куфру lинадин ва истикбарин ( كفر عناد و استكبار ) - къар ца валарца а, дуьхьал валарца а, кураллаш ярца а гуча долуш долу керстаналла ду. Тlехула мукlарло до цара иза нийсо хиларца(маттаца), делахь а, бакъонна муьтlахь ца хуьлу уьш.

Масала : Иблисо дина хилла долу керстналла.

Сийлахь-Везачу Аллахlа боху цун хьокъехь:

●《 وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلاَئِكَةِ اسْجُدُواْ لآدَمَ فَسَجَدُواْ إِلاَّ إِبْلِيسَ أَبَى وَاسْتَكْبَرَ وَكَانَ مِنَ الْكَافِرِينَ ۝ 》

《 Оха аьллера маликашка: "Сужуд (лераме, маршаллийна сужуд) де Адамна". Тlаккха цара сужуд дира‚ Иблис доцчо. Иза дуьхьал а делира‚ цо куралла а йира‚ – и хилира цатешачарах. 》

[Сурат ал-Бакъоро(2):34]

●《 وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلآئِكَةِ اسْجُدُواْ لآدَمَ فَسَجَدُواْ إَلاَّ إِبْلِيسَ قَالَ أَأَسْجُدُ لِمَنْ خَلَقْتَ طِينًا ۝ 》

《Хьахаде: Оха ма элира маликашка: "Сужд де Адамна". Цара сужд дира, иблис доцчо. Цо элира: "Ас сужд до ткъа Ахь поппарх кхоьллинчунна?》

[Сурат аль-Исроъ(17):61]

●《 قَالَ لَمْ أَكُن لِّأَسْجُدَ لِبَشَرٍ خَلَقْتَهُ مِن صَلْصَالٍ مِّنْ حَمَإٍ مَّسْنُونٍ ۝ 》

《 Цо (иблисо) элира: "Со хир дац сужд деш адамна‚ Ахь ша кхоьллина долчу бекъачу, ша кеп тоьхначу поппарх". 》

[Сурат аль-Хьиджр(15):33]

●《 قَالَ مَا مَنَعَكَ أَلاَّ تَسْجُدَ إِذْ أَمَرْتُكَ قَالَ أَنَاْ خَيْرٌ مِّنْهُ خَلَقْتَنِي مِن نَّارٍ وَخَلَقْتَهُ مِن طِينٍ ۝ 》

《 Элира /Дала/: "Стено дуьхьало йина хьуна сужд дан, Ас хьайга омра дича?" Элира /иблисо/: "Со дика ду цул (Адамал). Со кхоьллина Ахь цlарах‚ и кхоьллина Ахь поппарх" 》.

[Сурат аль-Аlроф(7):12]

Шена нийсо йойзушшехьа, Дала шена динчу омранна мукlарло ца дина цо, куралла/lоттара а йина дуьхьала даьлла иза.

Иблисо керстналла дина.

И керстналла 3 хlума шегахь цхьанакхетча хуьлуш ду:

1) Бакъдолчунна муьтIахь ца хилар;

2) Шай дегнаш чохь билггала тешар и бакъ хиларах;

3) Маттаца мукlарло дар.

Хlокху хаттарехь вайн оьшуш дерг хlара 3 тайпана керистаналла дара.

Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна

Валлахlу Аlлам

Аллахlа диканца бекхам бойла шун!

50 баллов

Аллахlа диканца бекхам бойла хьуна

Соседние файлы в предмете [НЕСОРТИРОВАННОЕ]