- •Xlора адми дахарехь дерг билгалдаккхар ду. Иза адамана чу са кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа, цуьнан дахаран хан дIаяллалц цунна хир дерг а, цо лелор дерг а, и массо хIума билгалдаккхар ду.
- •2) Джабариташ
- •1) Лайни, Аллахlан а юккъехь долу ихьсан;
- •2) Лайни, цун шен сина а, дегlана а юккъехь долу ихьсан;
- •3) Ша деш долу хlума лайно хаза/дика дар.
- •1) Куфру джахlлин ва такзиб ( كفر جهل و تكزيب ) - джахlлаллийн куьцех гучадолуш долу керстналла a, харц дарца гуча долуш долу керстналла а;
- •2) Куфру джухьуд ( كفر جحود ) - тlе ца эцарца а, инкарло ярца а гуча долуш долу керстналла;
1) Лайни, Аллахlан а юккъехь долу ихьсан;
■ ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:
«Цкъа тхо АллахIан элчанан (ﷺ) гуламехь хевшина Iаш долуш, дагахь а доцуш, цхьа стаг тIевеара тхуна, бIаьрг кхулучу кIайн духарехь, кIарула-Iаьржа месаш а йолуш, цуьнга хьаьжча, иза некъаца ву-кха ала йиш а йоцуш. Тхоьх цхьанна а вевзаш а вацара иза. Пайхамарна (ﷺ) дуьхьал охьахиира иза. Шен голаш цуьнан голех а хIуттуш, шен куьйгаш шен варешна тIе а дохкуш, цо элира:
«ХIай, Мухьаммад! Ислам-дин довзийтахь суна».
АллахIан элчано (ﷺ) элира: «Исламан бух - ахьа тоьшалла дар ду: АллахI бен кхин дела цахилар, Мухьаммад – АллахIан элча хилар. Иштта ламаз дар а ду, закат даккхар а ду, рамадан беттан марханаш кхабар а ду, хьаждан хьажцIа вахар а ду».
(Жабраила) элира: «Бакъ лоь хьо».
Тхо цуьнах цецдевлира - цуьнга хетта а хоьттуш, бакъ лоь хьо бахарах!
(Жабраила) элира: «Ткъа хIинца иман бохург хIун ду довзийтахь суна».
(Мухьаммада) элира: «Иманан бух – хьо тешар ду: АллахIах а, Цуьнан малекех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, тIаьххьарачу (къематан) дийнах а. Иштта хьо доьгIначух тешар а ду, дикачух а, цуьнах санна вончух а».
(Жабраила) элира: «Бакъ лоь хьо».
Цул тIаьхьа (Жабраила) элира: «Ихьсан хIун ду дийцахьа суна».
Пайхамара (ﷺ) элира:
«Ихьсанан бух – ахьа АллахIна лолла дар ду, хьайна И гуш волуш санна. Хьайна И гуш вацахь а, Цунна хьо гуш хилар а хууш».
(Жабраила) элира: «Ткъа хIинца къематдийнах дерг довзийтахь суна».
(Мухьаммада) элира: «Шега хоьттуш верг-м вац цуьнах лаьцна ша хоьттуш волучул а сов хууш хIума долуш».
(Жабраила) элира: «Делахь хIета, цуьнан билгалонаш йовзийтахь суна».
(Мухьаммада) элира: «(Къематде гергадаран билгалонех хир ду) - гIарбаш-зудчо шена эла яр, иштта хьуна гар а - когаш берзинарш, догIмаш дерзинарш, таро йоцу жаIуй, шайн хIусамаш лакхаярехь вовшашлахь сов бовла гIерташ».
Цул тIаьхьа и стаг дIавахара. Ткъа со цхьана ханна бухависира.
ТIаккха Пайхамара (ﷺ) хаьттира: «ХIай, Iумар! Хьуна хаьий, и хеттарш хьан дира?».
Аса (Iумара) элира: «АллахIна а, Цуьнан Элчанна а дикаха хаьа цуьнах дерг».
(Мухьаммада) элира: «Боккъалаъ, иза - Жабраил дара, шуна шайн дин Iамон деана».
2) Лайни, цун шен сина а, дегlана а юккъехь долу ихьсан;
Цу юккъе догlу лайно шен дегlана, а нахана а дик дар. Нагахь стаг нахана дика даьш валахь - иза шена дика деш ву.
■ Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Шух цхьа а (кхоччуш) иманехь хир вац - шена дезарг шен (дин) вешина а деззалц».
■ Iумаран кIанта (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла, АллахIан элчано (ﷺ) элира аьлла: "Бусалба бусалбачуьнан ваша ву, цо цунна зулам а дийр дац, и дIа а тосур вац. Шен вешин хьаште хьожуш волчуьнан, АллахI а ву цуьнан хьаште хьожуш. Бусалба стагах цхьа гIайгIа дIаайинарг, АллахIа а дIаойъур ю цунах, и бахьана долуш, къемат-дийнан гIайгIанех цхьа гIайгIа. Бусалба стаг хьулвинарг, АллахIа иза а хьулвийр ву къемат-дийнахь".
Кху хьадисаш гойту стага кхечунна дик дезаш, и дик кхечунна деш валахь - цун шена диканца бекхам хилар, пайдехь хилар.
3) Ша деш долу хlума лайно хаза/дика дар.
Нагахь деш долу хlума lибадат далахь, и lибадат цо дан ма деззара дахь, ихьсанан доьххьарлера декъанна юккъе доьду иза.
Нагахь лайно кхочуш деш дерг цхьа дуьненан хlума далахь, и дуьненан хlума цо хаза, томехь, дан ма деззара деш далахь - иза кхозлагlчу декъана юккъе догlу.
Бусалб стаг 《аль-мухьсин》хила везаш ву.
Ихьсанах дерг дуьйцуш долу далилаш Къуръанчохь, суннат чохь дуккха а ду. Оцу далилашха ду:
Аллахlа ﷻ боху Шен Сийлахь Къуръанчохь:
●《...وَأَحْسِنُوَاْ إِنَّ اللّهَ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ 》
《Диканиг де. Баккъалла а, Аллахlaн дукхабеза диканиг деш берш》.
[Cypaт аль-Бакъара(2):195]
●《إِنَّ اللّهَ مَعَ الَّذِينَ اتَّقَواْ وَّالَّذِينَ هُم مُّحْسِنُونَ 》
《Баккъалла а, Аллахl ву /Шех/ кхийринчаьрца‚ Иза ву дикачаьрца /уьш lалаш а беш, терго а еш/》.
[Сурат ан-Нахьл(16):128]
●《وَمَن يُسْلِمْ وَجْهَهُ إِلَى اللَّهِ وَهُوَ مُحْسِنٌ فَقَدِ اسْتَمْسَكَ بِالْعُرْوَةِ الْوُثْقَى... 》
《 Шен юьхь Далла муьтlахь еш верг, дика а хилла - цо схьалецна чlогlа уьйр/тешаме мукъ...》
[Сурат Лукъман(31):22]
●《لِّلَّذِينَ أَحْسَنُواْ الْحُسْنَى وَزِيَادَةٌ... 》
《 Дика хиллачарна дика ду – /ялсамани/‚ кхин совдерг хир ду /къематдийнахь/(Аллахlан Юьхь гар)...》
[Сурат Йунус(10):26]
●《هَلْ جَزَاء الْإِحْسَانِ إِلَّا الْإِحْسَان ُ 》
《Ткъа диканан бекхам диканиг бен буй?》
[Сурат ар-Рохьман(55):60]
●《 وَتَوَكَّلْ عَلَى الْعَزِيزِ الرَّحِيمِ
الَّذِي يَرَاكَ حِينَ تَقُومُ
وَتَقَلُّبَكَ فِي السَّاجِدِينَ
إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ 》
《Ахьа болх тIе билла Нуьцкъалачунна, Къинхетамечунна, хьо гуш волучунна - буса ламазашкахь лаьттачу хенахь а, сужудаш дечарна юкъахь хьо хьала-охьа теIаш а. Боккъалаъ, И – Хезаш, Хууш ву》.
[Сурат аш-ШуIараъ(26):217-220]
Иштта, Йунус суратера, 61 айатехь а боху Дала:
《Муьлххачу а гIуллакхехь хьо велахь а, КъурIанера ахьа цхьаъ дешахь а, муьлхха а хIума аша дахь а – билггал, шу гуш шун тешаш ду Тхо, шу и дандоьлча юьххьера дуьйна》.
■ Пайхамара (ﷺ) элира аьлла дийцина:《Баккъалла а, Аллахla массо хlумангахь деш долу хlума дика дар тlедиллина》.
[Муслим, ат-Тирмизий]
■ Пайхамара (ﷺ) аьлла:《Ниlматаш/диканаш ду лайне хьоьжуш lаш, кхелхина/велла волу, да ма-деззара, хаза Аллахlана lибадат деш волуш, ша долахь волчу шен элан дик хилла а волуш. Ниlматаш ду цуьнга хьоьжуш!》
[Муслим]
Иштта, дуккха а ду схьадало йиш йолуш далилаш.
Дала ийманехь, исламехь, ихьсанехь даха дойла вай!
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна
Валлахlу Аlлам
Аллахlа диканца бекхам бойла шун!
60- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- Iамалехь дик дар бохуш дерг хIун ду?
Бисмилляxlи, AльхьамдулиЛлаxlи вассоляту вассаляму Iаля расулиЛлаxlи ва алихlи, ва сахьбихlи ажмаlийн!
#ЖОП:
Ихьсан (дика хилар) - Бусалба динан кхоалгΙа бух бу.
Ихьсанан бух - АллахIана лолла дар ду, хьайна И гуш волуш санна; хьайна И гуш вацахь а, Цунна хьо гуш хилар а хууш.
Вайн ма хаъара, ихьсан - бусулба динехь уггара лакхара/доккха дарж ду.
Ихьсанах дерг кхочуш/нис дина волчо - дерриге дин кхочуш/нис дина.
Нагахь бусалба стага шен Далла муьтlахь хуьлуш велахь, Дала доссийна долу Шарl лардеш а велахь, Аллахlан омранашна иза муьтlахь а велахь, Аллахlа цамагийначух иза ларлуш а велахь, ша лелочу гlуллакхашкахь/lамалашкахь мухлис (مخلص) велахь, Делера мела хила а лууш, хьарам дерг леладахь шена хир долучу lазапах а кхоьруш, Аллахlа шен ялл яларе са а туьйсаш, Цун lазапах кхера а кхоьруш иза велахь - оцу стага lибадат/лай бохуш долу хlума шен леларехь кхочушдина лоруш ду.
Ихьсан:
- лайни, Аллахlан юкъахь дерг ду;
- лайни, нахани юкъахь дерг ду.
lибадатехь ихьсан бохург хlу ду Пайхмара (ﷺ) тафсир дина хьадисехь Жабраил малайка дина хаттаршах лаьцна долу:
《....... (Жабраила) элира: «Ихьсан хIун ду дийцахьа суна».
Пайхамара (ﷺ) элира:
«Ихьсан бохург – ахьа АллахIна лолла дар ду, хьайна И гуш волуш санна. (Нагахь) Хьайна И гуш вацахь а, Цунна хьо гуш хилар а хууш».....》
[Аль-Бухари, Муслим]
Пайхамара (ﷺ) оцу хьадисехь билгалдина оцу ихьсанан 2 дакъа хилар:
1) АллахIана лолла/lибадат дар ду, хьайна И гуш волуш санна. Уггар лакхарниг ду иза.
Хьай бlаьргана Аллахl гуш волуш санна lибадат дар дарже кхачар ду. Ткъа и бохург - Лайно lамал яр ду шен дагца шена Сийлахь-Веза Аллахl гуш волуш санна.
Ишттa lибадат дар - дог ийманца серладаьллачу хенахь хуьлуш ду, хьекъалаш/кхетамаш хааршкахь кlорггенашка даханчу хенахь хуьлуш ду, къайлах дерг цхьана гуш долуш санна дlа а хlутташ.
Иза ду ихьсанан ма-дарра долу маьlна/тlум.
2) Хьо Аллахlан гуш вуй а хууш lибадат дар дарже кхачар.
Иза лайно lамал яр ду Аллахlана ша гуш хилар/шега хьоьжуш хилар/шех дерг хууш хилар/шен уллехь хилар дагахь а латтош.
Нагахь лайно и дийцнарг дагахь латтош далахь шен lамалашкахь/ша lамалш ечу хенахь - Сийлахь-Везачу Аллахlаца дог-цlена/мухлис ву-кх иза ша деш долчу гlуллакхехь. (Ша деш долу хlума цlеначу даггара, цхьан Аллахlан деш, хlунда аьлчи, ша lамал ечу хенахь цо ша Аллахlан гуш хилар дагахь латтадар, цун дикачу ойлано и lамал еш волу лай ларвийр ву Сийлахь-Веза Аллахl воцчун тlе верзарха.)
Шиа лакхар ду и шиъ, делахь а, Аллахl хьайна гуш волуш санна деш долу lибадат уггаре лакхара дарж ду.
Оцу шин дарже кхаьчна болчу неха башхалла - церан (шаьш lамал ечу хенахь) тидамаллийн бараме хьаьжжина ду.
Уьш тайп-тайпана хилар билгалдолу кхузахь церан тидаме хьаьжжина.
Аллахlа бахкитина пайхамарашкахь (عليهم السلام) хилла ду и дарж Аллахl шайн гуш волуш санна lибадат дар.
Царна юккъехь оцу даржехь уггаре лакхара хиллаг 5 ву:
* Нухь (عليه السلام)
* lийса (عليه السلام)
* Муса (عليه السلام)
* Иброхlим (عليه السلام)
* Мухьаммад (ﷺ)
Оцу 5 даржех лакхаваьлларг Мухьаммад (ﷺ) ву.
И ду иза - оцу шина дарже кхечна болу неха шайн юккъехь башхалла хилар. Амма оцу шина даржех муьлхачу дарже кхечна волу стаг бусалба динехь уггаре сийлахьчу/дукха лакхарчу дарже кхаьчна ву.
Аллахlа ﷻ боху Шен Сийлахь Къуръанчохь:
●《 وَتَوَكَّلْ عَلَى الْعَزِيزِ الرَّحِيمِ
الَّذِي يَرَاكَ حِينَ تَقُومُ
وَتَقَلُّبَكَ فِي السَّاجِدِينَ
إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ 》
《Ахьа болх тIе билла Нуьцкъалачунна, Къинхетамечунна, хьо гуш волучунна - буса ламазашкахь лаьттачу хенахь а, сужудаш дечарна юкъахь хьо хьала-охьа теIаш а. Боккъалаъ, И – Хезаш, Хууш ву》.
[Сурат аш-ШуIараъ(26):217-220]
Хlокху айаташкахь ма-гойту вайн Дала Шен вайн гуш хилар.
●《لِّلَّذِينَ أَحْسَنُواْ الْحُسْنَى وَزِيَادَةٌ... 》
《 Дика хиллачарна дика ду – /ялсамани/‚ кхин совдерг хир ду /къематдийнахь/(Аллахlан Юьхь гар ду аьлла тафсир дина lелам наха)...》
[Сурат Йунус(10):26]
●《...وَأَحْسِنُوَاْ إِنَّ اللّهَ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ 》
《Диканиг де. Баккъалла а, Аллахlaн дукхабеза диканиг деш берш》.
[Cypaт аль-Бакъара(2):195]
●《إِنَّ اللّهَ مَعَ الَّذِينَ اتَّقَواْ وَّالَّذِينَ هُم مُّحْسِنُون َ 》
《Баккъалла а, Аллахl ву /Шех/ кхийринчаьрца‚ Иза ву дикачаьрца /уьш lалаш а беш, терго а еш/》.
[Сурат ан-Нахьл(16):128]
●《هَلْ جَزَاء الْإِحْسَانِ إِلَّا الْإِحْسَان ُ 》
《Ткъа диканан бекхам диканиг бен буй?》
[Сурат ар-Рохьман(55):60]
Вай дечу диканна доьхьал дикнаг бен бекхам хир боций а, Аллахl Шен диканаг деш берш дукхабезий а вайна хоуьйтуш верг Сийлахь-Веза а волу, вай деза а дезаш Кхоьллина волу Аллахl хилча Шен Сийлахь Къуръанчохь, ткъа хьа сецадо теша вай диканаш дарехь?
Вай санна долчу адман вай дукхадезийта дуккха а некъаш кар бо вайн леха а лоьхуш, ткъа хlунда дац те вай Аллахlан вай дезийта некъаш лоьхуш?
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна
Валлахlу Аlлам
Аллахlа диканца бекхам бойла шун!
61- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- Дин чуьра ара воккхуш долу керстаналла мас дакъа ду?
Бисмилляxlи, AльхьамдулиЛлаxlи вассоляту вассаляму Iаля расулиЛлаxlи ва алихlи, ва сахьбихlи ажмаlийн!
#ЖОП:
Ийманан нийса дуьхьала дохуш дерг - аль-куфр/керстналла ду.
Дагца бакъ даро тlедожош ду бусалба динехь долу декхарш кхочуш дарца Далла муьтlахь хилар.
Ийманан бух, генаш хиларе терра, керстналлийн а бу ше бух/орам, генаш а.
Керстналлийн коьрта бух/уггаре доккханиг - куфр аль-джухьуд валь-lинад/Дала а, Делан Элчано а деанчуьнца керстналла дар/тlе ца эцар ду. Иза схьадолуш ду кураллийна тlера а, lеса хиларан тlера а.
Аллахlа ﷻ боху Шен Сийлахь Къуръанчохь:
●《وَجَحَدُوا بِهَا وَاسْتَيْقَنَتْهَا أَنفُسُهُمْ ظُلْمًا وَعُلُوًّا فَانظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ 》
《 Зулам дарца а‚ куралла ярца а керстадира цара уьш‚ шаьш /дагца/ тешнехь а /уьш Делера хиларх/. Хьажал‚ муха хилла пасад хlуманаш (вон мел дерг) лелош болчеран тlаьхье? 》
[Сурат ан-Намл(27):14]
●《 الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْرِفُونَهُ كَمَا يَعْرِفُونَ أَبْنَاءهُمْ وَإِنَّ فَرِيقاً مِّنْهُمْ لَيَكْتُمُونَ الْحَقَّ وَهُمْ يَعْلَمُونَ 》
《Оха шайга жайна деллачарна(жайнан охlла) и /Мухьаммад пайхамар/ вевза‚ шайн кlентий шайна ма бовзарра. Баккъалла а, царах цхьа тоба хьулдеш ма ю бакъдерг‚ шайна хууш доллушехь》.
[Сурат ал-Бакъоро(2):146]
Массо кепара lибадаташ, муьтlахь хиларш, бусалб динан декхарш - ийманан юккъе догlуш ду, ткъа дерриге къинош - керстналлийн дакъошна юккъе дохуш ду.
И бохург дац къинош летийча керста хуьлу, керстналлийн дакъошна юккъе доьду бохург ду.
Керстналла 2 кепара ду:
* куфр аль-акбар (الكفر الأكبر)/доккха керстналла - кхоччуш бусулба дин чуьра ар воккхуш долу куфр.
Иза деган тешамца хlоттаделла долу керстналла ду, цхьана ца догlуш долу йа деган дашца а, йа деган lамалца а, йа муьлха а царех цхьаьнца а.
Аллахlа ﷻ боху Шен Сийлахь Къуръанчохь:
●《مَّثَلُ الَّذِينَ كَفَرُواْ بِرَبِّهِمْ أَعْمَالُهُمْ كَرَمَادٍ اشْتَدَّتْ بِهِ الرِّيحُ فِي يَوْمٍ عَاصِفٍ لاَّ يَقْدِرُونَ مِمَّا كَسَبُواْ عَلَى شَيْءٍ ذَلِكَ هُوَ الضَّلاَلُ الْبَعِيدُ 》
《 Шайн Кхиош-кхобучух цатешначеран масал ду: церан lамалш чlогlа мох баьллачу дийнахь цу махо баржинчу чимах тера ю. Шаьш карадинчу хlуманна тlехь ницкъ болуш бац уьш. Иза ду-кх генара тилар!》
[Сурат Иброхlим(14):18]
●《إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ وَالْمُشْرِكِينَ فِي نَارِ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أُوْلَئِكَ هُمْ شَرُّ الْبَرِيَّةِ 》
Баккъалла а, жайнан охlлах а‚ мушрикунех а болу и керстанаш жоьжахатин цlергахь хир бу‚ гуттар цу чохь лаьтташ. Уьш вон халкъ ду-кх.
[Сурат ал-Баййина(98):6]
* куфр аль-асгlор (الكفر الأصغر)/жима керстналла - ийман дуьззина хилар/кхачаме хилар дохадеш долу куфр ду, амма и дерриге дохадеш дуьхьала а доцуш. (Жимачу куфро ийман дуьззина долчера дlадоккху/лагlдо, ийманан эшам бо, амма и ийман дерриге дlа а даьккхина, бусулба дин чуьра ара ца воккху цо.)
Иштта долу куфр lамалехь хуьлуш ду. (Керстналла лоруш долу гlуллакх ду, дуьхьала доцуш долу йа деган дашна а, йа деган lамална а, йа и тlедожадеш а дац цо.)
Доккха керстналла 4 декъе декъало:
