- •Xlора адми дахарехь дерг билгалдаккхар ду. Иза адамана чу са кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа, цуьнан дахаран хан дIаяллалц цунна хир дерг а, цо лелор дерг а, и массо хIума билгалдаккхар ду.
- •2) Джабариташ
- •1) Лайни, Аллахlан а юккъехь долу ихьсан;
- •2) Лайни, цун шен сина а, дегlана а юккъехь долу ихьсан;
- •3) Ша деш долу хlума лайно хаза/дика дар.
- •1) Куфру джахlлин ва такзиб ( كفر جهل و تكزيب ) - джахlлаллийн куьцех гучадолуш долу керстналла a, харц дарца гуча долуш долу керстналла а;
- •2) Куфру джухьуд ( كفر جحود ) - тlе ца эцарца а, инкарло ярца а гуча долуш долу керстналла;
33- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- ГIовторг хиларг бакъ деш воцучунна хьукма хIун ду?
#ЖОП:
Цкъа хьалха:
Вай гIовттор хилар шеко йоцуш бакъ ду. Иза бакъ хилар ШарIо а, кхетамо гойту. Иза бакъ хилар хоуьйтуш дуккха а айаташ ду Къуръан чохь, Пайхамаран (ﷺ) дешнаш ду суннатехь.
Кешнашчуьра даьнбина гlовтторг хиларан далиль Сийлахь Аллахlан къамел ду:《 Хlай нах! Шу хиллехь юха дендина /гlовторах/ шекона чохь – Оха шу кхоьллина поппарах‚ тlаккха тlадамах‚ тlаккха цlийнан улхах‚ тlаккха жижиган кийсаках‚ кеп йолуш долчух а‚ кеп йоцуш долчух а шуна билгалдаккхархьама /Тхо ницкъ болуш дуйла/. Оха дlанисдо /шу/ беран цlийна чохь Тхайна ма луъу цlе тоьхна хан тlеккхаччалц‚ тlаккха Оха арадоху шу бер хуьлий‚ тlаккха шу тlекхиархьама шайн ницкъина. Шух леш верг а ву‚ шух /къанваларца/ уггар сийсазчу дахарна тlеверзош верг а ву‚ шена /дуккха а хlуманаш / хууш хиллачул тlаьхьа хlумма а ца хаийтархьама. Хьуна го латта дакъаделла. Оха шена тlе хи доссийча, и деттало‚ деста‚ /цуьнца/ кхуьу массо а хаза шишша тайпа /яраш/. Иза ду – Дела хиларна бакъдерг‚ Цо денбийриг хиларна белларш‚ Иза хиларна массо а хlуманна тlехь ницкъберг. /Иза ду/ – сахьт догlург хиларна‚ цу чохь шеко яц‚ Дела хиларна денбина гlовтор болуш кешний чохь берш》. [Сурат АЛЬ-ХЬАДЖ:5-7]
Иштта кхечу айатехь боху Дала:《 Царна ца го-техьа Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллина волу Дела‚ уьш кхуллуш кlад ца велла волу‚ ницкъ кхочуш вуйла белларш денбан? Хlаъ‚ баккъалла а, Иза массо а хlуманна тlехь ницкъ кхочуш верг ву-кх. [Сурат АЛЬ-АХЬКЪАФ:33]
Иштта, дуккха а ду далилаш цу хьокъехь, амма кхарна тlехь тоам хуьлит вай.
Цул тlаьхьа:
ГIовторг хиларг бакъ деш воцучуннa хьукм - иза керстналла дин лоруш ву Аллахlаца а, Цун жайнишца а, Цун Элчанашца а.
Аллахl аьлла Ша гlовттор бу, ткъа цо бакъ ца до и. Тlаккха, Аллахlца керстналла дин хуьлу цо. Аллахlа диссийна долу массу жайни чохь билгалдина кешниш чур гlовттор, даьндийр долуш хилар.И жайниш харц до цо. Тlаккха, Аллахlи жайнишца а керстналла дин хуьлу цо. Аллахlа маьл ваитан волу Элчано вай даьндийрг хилар, вайг барт хоттург хилар, хьесап дийрг хилар билгал а дина, довза а довзийтина, дакхайкхина шай къаьмнашка. Амма из харц до цо. Тlаккха, Цун Элчанашца керстналла дин хуьл цо.
Цун далилаш:
Сийлахь Аллахlа боху:《Элира цатешначара: "Тхох а‚ тхан дайх а латта хилча‚ тхо арадохур долуш ду /кешнашкара/?》 [Сурат АН-НАМЛ:67]
Гlовтор харц динчар керстналл дин хилар билгалдекхна Аллахlа хlокху айатехь.
Кхечу айатехь ду:《 Хьо цецвалахь‚ цецвоккхуш ду церан дешнаш: "Тхох латта хилча, керлачу кхолларна чохь хир ду тхо (юха а денлур ду тхо)?" Уьш бу шайн Кхиош-кхобучунна керстаналла динарш‚ церан логех /тесна къематдийнахь/ зlенаш хир ю‚ уьш /жоьжагlатин/ цlеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу.》 [Сурат АР-РАlД:5]
Хlокху айато гойту вайн гlовттор хилар инкарло еш берш керст хилар.
Кхечу айатехь боху Аллахlа:《 /Делах/ цатешначарна моьттина шаьш дендийр дац. Ахь aла /цаьрга, хlай Мухьаммад/: "Хlаъ‚ со Кхиош-кхобучу сан Делах дуй боу ас: дендийр ма ду шу‚ тlаккха шуьга дуьйцур ма ду аш деш хилларг. Иза Далла атта ду". [Сурат АТ-ТАГlАБУН:7]
Шинна а "Сахьихь" жайни чохь(аль-Бухари;Муслим) хьадис ду Абу Хурайрас (رضي الله عنه) дийцина Пайхмар (ﷺ) элир аьлла: 《 Сийлахь-Везачу Аллахlа боху: " Адаман тlаьхьено (цхьаболчара) харц ви Ша, Цара дан дезаш хlум дацар из. Адаман тlаьхьено(цхьаболчара) аьшнаш Ви Ша, и дан дезаш дацар цо. Ткъа цо Сун тlаьхь кхоьллин йолчу харцонах дерг аьлча, иза оцу адмо аьлла дешнаш ду: "Юхнехьа даьнвийр вац со дуьххьар даьн ма варр". Дуьххьар кхолларалла а хал дац Сун юхнехьа уьш даьнбар. {Сурат АР-РУМ чохь 27 айатехь аьлла Аллахlа:《 Иза ву /хlума/ кхоллар дlадолош верг - тlаккха Цо иза карладоккху. Иза Цунна аттo ду. Цуьнан вунo лекха масал ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а. Иза - веза верг а‚ хьукаме верг а ву.》} Ткъа цо Со аьшнаш варах дерг аьлчи, иза цо аьлла долу хlара дешнаш ду:"Доьзалхо лаьцна Шен Аллахlа".
Со Цхьаъ Воллушехь, Даим Верг Воллушехь боху цо иза. Соьх ваьлларг воццушехь а, йа Со цханнах схьаваьл воццушехь, Соьц нисвала цхьа-цхьаъ хилла воццушехь боху цо иза.》
Оцу хьадисо билгалдоккху адам делчулла тlехь юхнехьа дендийрг хилар. Даьн дарн инкарло яр-Аллахl харц варах хилар гойту цо. Ткъа иза керстналле вуьгчух ду.
Ма чlогl гал ваьлла хил везакх оц хlуман инкарло еш верг, Аллахl юхнехь даьндийрг хиларх цатешаш верг. Вай хьекъалц, кхетамц вай ойла йича, Стигланаш, латта, цушинна юккъехь дерг а кхоьллин волу Сийлахь Аллахlе, Вай цкъаъа хилла аьл меттиг боцуш вай кхоьллин волу Аллахlе мух кхоллур дацар вай юх? СубхьанаЛлаxl! Доьххьара кхоьллинарг деллачул тIаьхьа юха ца кхоллалуш хуьлийла а дац.
Уггар ледар вай нахах схьалецчи а, адмо цкъа ша дин долу хlум, юх шолгlа дечу хенахь шен кара доьрзи и гlуллакх гlолехь докх доьххьар динчулла а.
Ткъа Сийлахь-Вези волчу Аллахlе (عز وجل) мух далур дацар и азаллехь дуьйна Массу хlуман ницкъ кхочуш Волу, цкъаъа хало хуьлуш Воцуш Волу, цхьаъа эйп доцуш Волу.
Аллахl рез хир волчарех дойл вай!
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
34- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- Исрафийл Малайко зурман чу хIуп масуз эра долуш ду?
#ЖОП:
* Цкъа хьалха:
Къемат дийнах тешар Ийманан арканех цхьа рукн ю.
Къемат дийнах тешар - иза вай тешар ду, хIара дуьненан дахар чакх дер долуш хиларх а, кхечу шолгIачу дахаре вай деврг хиларх а. ШолгIа дахар вай даларца дIадолалуш ду, барзахан дахарехь хан яккхарца, къемат де хIоттарца, вай хьалагIитторца, тIакхха цхьана метте гул дина, бекхам бина, йа ялсамане, йа жоьжагlати чу адамаш дIайсдахарца.
Сийлахь Аллахlа аьлла: 《 Ахь ала: “Баккъалла а, хьалхалераш а‚ тlаьхьарнаш а, Гулбийр ма бу билгалчу /къемат/ дийнан тоьхначу ханна. 》[Сурат аль-Вакъиlа:49-50]
Вайн тlаьхь ду ерриг агIо хьахош долу, духхенгара тешар - иза вай деллачул тIаьхьа хир долчу массо хIумнах тешар ду. Цунна юкъа догIу сур чу хlуп алар а.
《Сур》 - иза Исрафил-малайко чу мох тухур болу маl ю.
* Кхи дlа:
Маl лакхар хьокъехь САХЬИХЬ дерг - маl шозз лакхар ду.
● Доьххьара мох тухур бу цо - тIаккха массо дийна хIумнаш лийр ю, Аллахlан лиънарг йоцург.
● ШолгIа мох тухур бу цо - тIаккха, Аллахlа хIара дуьне кхоьллинчхьан дуьйна схьа, къемат де кхаччалц хилла долу дерриг халкъаш хьалагIовттур ду.
Маl локхург хиларан бух Сийлахь Аллахlан къамел ду:《Сур лекхира - тентакваьлира (велла висира,ткъес тоьхна винарг санна) стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а‚ Далла лиънарг воцург. Юха лекхира /сур/ кхин - уьш /кешнашкара/ гlевтина бисира, хьоьжуш(къематдийнахь хир ду иза).》[Сурат аз-Зумар:68]
Хlокху айатехь и маl шозза локхур ю аьлла хьагlийна ду.
Сийлахь Аллахlа кхечу айатехь аьлла: 《Оцу дийнахь сур локхур ю - кхоьрур ву стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а, Далла лиънарг воцург(масала шахидаш). Массо а Цунна тlе вогlур ву муьтlахь а хилла.》
[Сурат Ан-Намл:87]
И тlечlагlдеш (Муслим) чохь далийна хьадис ду. Пайхамара(ﷺ) аьлла:《Цул тlаьхьа маlан аз дер ду. Цхьанна и аз хезар ма дац и цуьнга ладогlа хlуттуш бен, шен гlорта а ях йина иза дlайсахьуьйсуш бен. И аз дуьххьара шен эмкалийн хи дуттуш йолу ной тоеш а волу стаган хезар долш ду. Тlаккха, и стаг лийр ву, берриг нах лийр бу. Цул тlаьхьа Аллахlа догl доуьйтур ду дайй(кlеда) а долуш. И догlа тlекхаьтчи, цунах неха догlмаш тlедовла доллур ду. Цул тlаьхьа, юха а цкъа маl локхур ю, тlаккха и нах хьалагlуьттур бу дlай - схьа а хьоьжуш.》
Иштта (Муслим) чохь вай хьахийна долу хьадисах терра кхиъ хьадис ду Пайхамара(ﷺ) элир аьлла дуьйцуш: 《ТIаккха хIуп эр ду 《сур》 чу, иза хаза мел хезнарг цецваьлла ладоьгIуш хир ву, цецваьлла хьалахьожур ву, тIаккха ша верг лийр ву. ТIаккха АллахIа догIа доуьйтур ду, йис санна долу, цунах адамийн догIмаш хьалакхуьур ду. ТIаккха юха а хIуп эр ду цу чу, тIаккха уьш хIиттина Iаш хир бу, собар деш》.
#Хаттар иштта дар:
Исрафийл Малайко зурман чу хIуп масуз эра долуш ду?
Ткъа цун #Жоп:
~ Исрафийл Малайко зурман чу хIуп шозза эр долуш ду.
Исрафийл Малайки декхар - маl лакхар ду. Цу шин маlан юккъехь ер йолу хан - шовзткъ шо хан ю.
● Цкъа маl лекхча - оцу са чохь йолчу хlуман догlмашчуьра синош ара доьвр ду. (болуьйтуш локхш йолу маl)
● Шоллагl маl лекхча - и синош юхнехьа оцу догlмашна чудоьрзур ду.(адмаш гlовттош йолу маl)
lаламат доккха ши хlума ду и шиъ.
Сийлахь-Везачу Аллахlа гуч даьккхин и ши хlума, Далла lибадат даран тlаьхьа вайн гlо хилийта а, вай Аллахlан lеса хиларх юх даха а.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
35- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 114-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца?
#ЖОП:
Гул дар бохург - иза адамаш вовшахтохаран метте (махьшар майдане) дигар ду, царна хьесап дан.
Хьесап, бекхам бар - иза Аллахlа Шен лайш Шена хьалха дIа а хIиттийна, царна церан Iамалш йовзийтар ду.
*Нах дlагулбар (махьшар майдане) дуьйцуш дуккха а айаташ ду Къурlанчохь.(113 хаттар)
Царех дерш Сийлахь-Везачу Аллахlан къамел ду:
●《Шу даьхкина тхуна тlе цхьацца-цхьацца, Оха шу ма кхоьлли дуьххьара...》[Сурат АЛЬ-АНlАМ(6):94]
● 《Оха гулбийр бу уьш /Тхайна тlе/ ‚ бухавуьтур вац царах цхьа а.
[Сурат АЛЬ-КАХlФ(18):47]
● 《Оцу /къемат/дийнахь Оха гулбийр бу /Делах/ кхоьрурш Къинхетам болчунна тlе тlехевшина(гlаш боцуш, сий а деш).Оха дlалохкур бу къинош динарш жоьжахате гlаш(бежанаш хи мала дуьгуш санна, дlалаьхкина, сийсаза хилла).
[Сурат МАРЬЯМ(19):85-86]
● 《Шу а хилча кхаа декъе декъаделла: Аьтту куьйган(дика lамалш йинарш-цаьрга жайна аьтто куьйга лур ду)дай - муьлш бу и аьтту куьйган дай? Аьрру куьйган дай - муьлш бу и аьрру куьйган(вон lамалш йинарш-цаьрга жайна аьрру куьйга лур ду) дай? /Ийманца дуьненахь/ хьалхабевлла хилларш - хир бу /ял шайна яларца къематдийнахь/ хьалхабевлла берш.》[Сурат АЛЬ-ВАКЪИlА(56):7-10]
● 《 Дала нисвеш верг – иза ву нийсачу новкъахь верг‚ Дала тилавала вуьтуш верг – хьуна карор ма бац царна Иза воцург гlоьнчий. Оха гулбийр бу уьш къематдийнахь шайн яххьаш тlехь бlаьрса доцуш‚ мотт ца хууш‚ къора. Церан чугlойла – жоьжахати/-н цlе/ ю. И ма яйнехь‚ Оха цlе тlетуху.》
[Сурат АЛЬ-ИСРАЪ(17):97]
Уьш доцуш а, кхин дуккха ду схьадало йиш йолу айаташ.
*Нах дlагулбар (махьшар майдане) СУННАТЕХЬ(114 хаттар):
■ Пайхмар (ﷺ) аьлла: 《Нах Махьшар майдане дlагулбийр бу кхаа кепара:
● Дуьххьара дlагулбеш берш лууш берш хир бу(цlе ялле хьалх дlабаха а лиъна дlабахан берш Шамехь паргlато хиларн lаъ, баха а);Шоллагlниш кхоьрш берш хир бу (цlе яьлча цунах кхерабелла дlабоьлхуш берш)
● Шолгlачу кепара дlагулбийр бу шишша а ховшуш эмкалшна тlехоьвшин берш а; кхоккха а ховшуш эмкалшна тlехоьвшин берш а; виъ-виъ хууш; итт-итта а хууш эмкалшна тlехоьвшин берш а.
● Ткъа биснаш цlаро лаьхкина дlагулбийр бу. Делкъан садаl уьш соьвц-соьвцначохь саца а соцар ю и цlе, уьш lуьйренга боьвллачехь цаьрца lуьйренга а ер ю и цlе, уьш суьйренга боьвллачехь цаьрца суьйренга а ер ю и цlе.》
[Аль-Бухари, Муслим]
Хlокху хьадисехь юьйцаг нисса къемат денна хьалха хир йолу, и хIоттар дIадоладалар хоуьйтуш кхерам луш йолу яккхий билгалонех тlаьххьара билгало ю - Йеменехь Iадан юккъера араяьллачу цIаро нах махьшаре лахкар.
*(Хьадисашкахь билгалдина ду, оцу цlаро тlаьххьара махьшар майдане дlалоллур верг жа дажош ши стаг ву аьлла. Оцу шина стагаца дажош жа хир ду боху. Дlавоьдучу хенахь и шиъ тlехьа хьаьжча, акха даьлла карор ду цу шинна шаьшшин жа.(оцу цlарах кхера делла).Таккха и ши стаг юьхь тlе охьавужур ву. Циггахь валар хир ду цу шин.)
■ Анас ибн Малика(Аллахl рез хуьлийл цун) дийцина цхьан стага Пайхмаре (ﷺ) хаьттира аьлла: 《Хlай Аллахlан Пайхмар! Мух хир ду и керстнаш шай яьххьаш тlаьхь Махьшаре дlагулбар?》
Цун жоп луш Пайхмар (ﷺ) аьлла: 《Дуьненчохь шина кога тlехь уьш лелийтнарг Ницкъ Кхочуш Вац тlакх Къемат дийнахь уьш ше юьхь тlехь лелийта а?》 [Аль-Бухари, Муслим]
■ Махьшар Майдане дlагулбар дуьйцучу хьадисехь Пайхмар (ﷺ) аьлла: 《 Баккъала а, дlагулдийр долш ду шу когаш берзин, дерзина, суннат данза.》 Тlаккха айат дийшира Пайхмара (ﷺ) :》Оха дуьххьара ма кхоллара юха а Кхуллур ду Оха.》
Тlаккха элира цо: 《Баккъалла а, дуьххьара шен тlе хlума духан дерг Къемат дийнахь Иброхlийм ву》.
[аль-Бухари, Муслим]
Хlокху хьадисо а гойту Вовшах тоха дезачу метте хьовдур хилар нах бlарз белла, тlехь хlум йоцуш, когаш Iуьйра. Цигахь латтар чlогl дах лур ду.
Малх герга балор бу царна шен чlогl йовхонца.Наха йинчу Iамалшка хьаьжжина хир ю цигахь хир йолу халонаш,оц йовхонехь хьацаро лацар а тайп-тайпана хир ду.
■ lайшата(Аллахl рез хуьлийл цун) хаьттира аьлла дийцина цунах лаьцна :《 Хlай Аллахlан Элч! Стегарий а, зударий а вовше хьоьжуш хир бу ткъа цу дийнахь? 》 Пайхмар (ﷺ) жоп делира:《Халчу хьолехь хир бу уьш и коьрте дан агlо боцуш(И дагадогlучехь хир бац уьш цу дийнахь)》. [аль-Бухари, Муслим]
Хlокху хьадисо гойту нах чlогlа бlарз бел хиг хилар, и де чlогl кхераме, хала де хилар а.
Оцу хьадисашкахь Пайхмара (ﷺ) нах махьшар майдане дlа муха гулбийр болуш бу билгалдина.
Вай теша дезаш ду адамаш гул дийр хиларх а, цаьрга хаттам бийр хиларх а, царна юккъахь нийсо йийр хиларх а, адамаша йинчу Iамалшна бекхам бийр хиларх а.
Сийлахь Аллахlа аьлла: 《Оха уьш гулбийр бу, царах цхьа а вуьтур а вац》 [Сурат аль-КахIф:47].
Ткъа АллахIах тешаш, Цунах кхоьруш хиллачеран хьесап дар - церан Iамалш царна гайтар хир ду, цу Iамалшна юккъара вуо ерш Аллахlа дуьненахь къайла яхийтина хир ю, эхартахь царна гечдина хир ду. И царна гайтаран бахьан -Аллахlа царах бина болу къинхетам царна бовзийтар ду. Церан Иймане хьаьжжина гулбийра бу уьш. Малийкаш доьхьал догIур ду царна ялсаманийца кхаънаш дохуш, цу халчу дийнан халонех кхерабаларха уьш ларбеш. Цу дийнахь церан яххьаш серло луш къегина хир ю, хазахеташ.
Сийлахь Везчу АллахIа боху: 《Амма шен жайна шега аьтту куьйга делларг‚ цо эр ма ду /чlогlа хазахетта/: "Хlей‚ схьадуьйла! Деша сан жайна! Баккъалла а, со тешаш ма вар /цхьана дийнахь/ сан хьесап суна дуьхьалкхетар дуйла". Иза хир ву ша реза волчу дахарехь.》[Сурат aль-Хьаккъа:19-21]
Амма АллахIа бохург харц деш хилларш- царна хьесап дар хала хир ду. Доккхачу, жимачу хIуманна а чIогIа лерина хьесап дийр ду царна. Къемат дийнахь шай яххьаш тIехь такхийна балор бу уьш, сийсаз бина, цара дуьненахь динчунна бекхам беш, цара харц деш хиллачунна бекхам беш.
Сийлахь Аллахlа боху: 《 Ва амма шен жайна шега аьрру куьйга делларг‚ цо эр ма ду: "Эхl! И сан жайна соьга ма деллехьара! И сан /чlогlа суна дуьхьал долу/ хьесап хууш ца хиллехьара со. Эхl! И сан /дуьненахь/ валар хиллехьара тlаьххьара‚ /со юха ден ца веш/.》
[Сурат aль-Хьаккъа:25-27]
Сийлахь Аллахlа Шен къинхетам бойла вайх!
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
36- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 116-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца?
#ЖОП:
Вай теша дезаш ду адамаш гул дийр хиларх а, цаьрга хаттам бийр хиларх а, царна юккъахь нийсо йийр хиларх а, адамаша йинчу Iамалшна бекхам бийр хиларх а.
Вайн тlаьхь ду тешар вайн кхиэл йийрг хиларан. Ткъа цунах ца тешаш верг керсталла деш ву.
Веза-Сийлахьчу Аллахlа аьлла: 《Баккъалла а, шуна хир ду аьлла чIагIо йинарг догIур долуш ду шуна‚ шун ницкъ кхочур ма бац и духатоха》.
[Сурат аль-АнIам:134]
***************_Хаттар_115_***************
Кхиэл йар лар еш лаьттар болчер хьал муха дуьйцуш ду Къуръlанчохь?
#Жоп:
Сийлахь Везачу Аллахlа боху:
● 《وَلاَ تَحْسَبَنَّ اللّهَ غَافِلاً عَمَّا يَعْمَلُ الظَّالِمُونَ إِنَّمَا يُؤَخِّرُهُمْ لِيَوْمٍ تَشْخَصُ فِيهِ الأَبْصَارُ
مُهْطِعِينَ مُقْنِعِي رُءُوسِهِمْ لاَ يَرْتَدُّ إِلَيْهِمْ طَرْفُهُمْ وَأَفْئِدَتُهُمْ هَوَاءٌ》
《 Хьуна ма мотталахь Дела гlовпал ву зуламхоша дечух. Цо тlаьхьатоттуш бу уьш шена чохь бlаьргаш ирхкхетта хир болчу /къемат/ дийне.
Сиха гlур бу уьш (Махьшаре) шайн кортош айбина‚ шайн бlаьрахьажар юхадоьрзур дац цаьрга‚ церан дегнаш хlаваъ хир ду (деса хир ду) /Делан lазапах чlогlа кхерабелла/. 》[Сурат Ибрахlим(14):42-43]
● 《يَوْمَ يَقُومُ الرُّوحُ وَالْمَلَائِكَةُ صَفًّا لَّا يَتَكَلَّمُونَ إِلَّا مَنْ أَذِنَ لَهُ الرحْمَنُ وَقَالَ صَوَابًا》
《 Оцу дийнахь дlахlуттур ду Са(Джабраил малик) а‚ маликаш а могlица. Вист хир вац шена Сов Къинхетаме волчо пурба делларг бен - цо а эр ду бакъдерг. 》
[Сурат ан-Набаъ(78):38]
● 《 وَأَنذِرْهُمْ يَوْمَ الْآزِفَةِ إِذِ الْقُلُوبُ لَدَى الْحَنَاجِرِ كَاظِمِينَ مَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ حَمِيمٍ وَلَا شَفِيعٍ يُطَاعُ 》
《Кхерам таса царна гергадогlур долчу /къемат/денца‚ /нехан/ дегнаш къамкъаргашна тlе кхаьчча /кхераделла детталуш/‚ шаьш дохкобевла /хир болу/. Ма вац зуламхошна цхьа а доттагl а, цхьа а гlодоккхург а, шена /уьш/ муьтlахь а болуш.》[Сурат Гlафир(40):18]
●《 ...فِي يَوْمٍ كَانَ مِقْدَارُهُ خَمْسِينَ أَلْفَ سَنَةٍ》
《...шовзткъе итт эзар шо долчу дийнахь.》[ Сурат Аль-Маlаридж(70):4]
● 《 سَنَفْرُغُ لَكُمْ أَيُّهَا الثَّقَلَانِ》
《Тlаьхьа мукъадер(Тlаьхьа хьовсур ду Тхо аш динчуьнга, шун lамалашка хьаьжжина бекхам бийр бу шуна) ду Тхо шуна, хlай жинаш а‚ адамаш а.》
[ Сурат ар-Рахьман(55):31]
Кхиъ дуккха а ду айаташ кхел йар лар еш нах мух лаьттар бу дуьйцуш.
***************_Хаттар_116_***************
Кхиэл йар лар еш лаьттар болчер хьал муха дуьйцуш ду Суннатехь?
#Жоп:
И дуьйцуш дуккха а хьадисаш ду.
Царех:
■ Ибн lумар (رضي الله عنهم) дийцин,
аль-Мутlаффифин суратера
《{ يَوْمَ يَقُومُ النَّاسُ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ}
Оцу дийнахь нах дlахlуьттур бу lаламийн Далла хьалха.》бохучу 6-чу айати хьокъехь Пайхмара (ﷺ) элира аьлла: 《Оцу Махьшарахь адмиш лаьтташ хир ду шай хьацарш чуъ дахан.И церан хьацарш аххалц церан лергаш цхьан чуъ доьлхуш хьаладаьлла хир ду》
[Аль-Бухари, Муслим.]
■ Абу Хlурайрас (رضي الله عنه) дийцина
Аллахlан Элчано (ﷺ) элира аьлла:《Къемат дийнахь саьл чlогlа хьацарш доьвр ду нахан, царна тlера охьадаьлла долу и хьацар латтано дlаъ худуш кхузткъе итт дол кlорга. Цхьаболчарна бете хьаладаьлла хир ду цу дийнахь хьацар, цхьаболчарна лергашка хьалакхаьчна хир ду.》
Цунах лаьцна дуккха а ду дуьйцуш хьадисаш 《сахьихь》 жайни чохь а, иштта, кхидолу жайнашкахь а.
Цу дийнахь карзахбаьлла хIорд санна хьийзар бу нах. Ца лалуш болу, са ца тохалуш болу бала а, гIайгIа а богIур бу цаьрга.Цу дийнахь малх герга балор бу.
Шайн Iамалашка хьаьжжина нах хир бу хьацаршлахь: коган шина хьоркане кхаччалц хинберш бу, шина голе кхаччалц хинберш, гIодаюккъе кхаччалц хинберш, бага кхаьчнарш хир бу. Амма АллахIа, Шениг бен IиндагI хир доцучу оцу дийнахь, Шен IиндагIах IиндагI дийр ду.
Цу дийнахь: АллахI охьавуссур ву Шен лешна юккъехь кхиэл йан а, церан хьесап дан а. Ткъа Шех кхийрин волу, Шех тешн хир вол лайца Ша вера ву И. Юкъахь гочдархо а воцуш, цуьнга къамел дийр ду Цо, Цунна къайла воккхуш дуьхьал кирхьа а хIоттийна. Аллахl дIадовзуьйтaр ду цу лайно мел дина къинош. Къера а хир ву оцу шен къиношна, кхетар ву из ше бехках. ТIаккха Къинхетаме Волу Сийлахь АллахIа гучбоккхар бу ше лайна Ша цунах бина болу Ша цунах беш болу къинхетам: 《Дуьненахь а дехира Ас хьа уьш къайла, тахана а гечдо Ас хьун уьш》.
Сийлахь Везчу АллахIа боху: 《Амма шен жайна шега аьтту куьйга делларг‚ цо эр ма ду /чlогlа хазахетта/: "Хlей‚ схьадуьйла! Деша сан жайна! Баккъалла а, со тешаш ма вар /цхьана дийнахь/ сан хьесап суна дуьхьалкхетар дуйла". Иза хир ву ша реза волчу дахарехь. 》《 Ва амма шен жайна шега аьрру куьйга делларг‚ цо эр ма ду: "Эхl! И сан жайна соьга ма деллехьара! И сан /чlогlа суна дуьхьал долу/ хьесап хууш ца хиллехьара со. Эхl! И сан /дуьненахь/ валар хиллехьара тlаьххьара‚ /со юха ден ца веш/.》
[Сурат aль-Хьаккъа:19-21; 25-27]
Сийлахь Аллахlа оцу дийнан халонаш яй йойл вайн! Оцу дийнахь ирсе хиллачарех дойл вай!
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
37- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 122-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца?
#ЖОП:
Терза - иза Къемат дийнахь Аллахlа Шен халкъан Iамалш оза дугIур долу терза ду, уьш оьзначул тIаьхьа царна церан Iамалшка хьаьжжина бекхам бархьам. Вайн тlаьхь ду и дугlур хиларх тешар.
Терза даздалар а, дайдалар а Iамалца а, гIуллакхца а хир ду.
***************_Хаттар_121_***************
*Къемат дийнахь мийзан терз дlахоттор долш хилари далиль хlу ду Къуръlанчуьра? lамалш озар муха дуьйцуш ду Къуръlанчохь?
Жоп:
Сийлахь Везачу Аллахlа боху:
● 《 وَنَضَعُ الْمَوَازِينَ الْقِسْطَ لِيَوْمِ الْقِيَامَةِ فَلَا تُظْلَمُ نَفْسٌ شَيْئًا وَإِن كَانَ مِثْقَالَ حَبَّةٍ مِّنْ خَرْدَلٍ أَتَيْنَا بِهَا وَكَفَى بِنَا حَاسِبِينَ》
《 Къематдийнахь дIахIиттор ду Оха нийсонан терзанаш, цхьаьнца а харц юкъаметтиг а лелор яц. Нагахь цхьа кIоллин буьртиггал хIума караяхь, иза а схьайохьур ю Оха. Хьесап дийраш хила кхачо ю Тхан. 》
[Сурат аль-Анбийаъ (21):47]
●《 وَالْوَزْنُ يَوْمَئِذٍ الْحَقُّ فَمَن ثَقُلَتْ مَوَازِينُهُ فَأُوْلَئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
وَمَنْ خَفَّتْ مَوَازِينُهُ فَأُوْلَئِكَ الَّذِينَ خَسِرُواْ أَنفُسَهُم بِمَا كَانُواْ بِآيَاتِنَا يِظْلِمُونَ》
《Мизан-терза оцу дийнахь хирг хилар хьакъ-бакъ ду. Шен терза дазделларш(дика lамалш дукха хилла) – уьш бу баккхийбийраш.
Шен терза дайделларш(шайна эшам бинарш, шайн дика lамалш кlеззиг а хилла) – уьш бу шайн синош эшийнарш Тхан аяташца шаьш зулам деш хилла хиларца.》[Сурат аль-Аlраф(7):8-9]
Сийлахь Везчу Аллахlа керстнеха хьокъехь боху:
● 《 ...فَلَا نُقِيمُ لَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَزْنًا》
《...хlоттор дац Оха царна къематдийнахь терза(оха лорур дац дуьненахь цара хьегна къа{уьш керста хьолехь белла балахь}).》[Сурат аль-Кахlф(18):105]
Кхин дуккха а ду Къуръlанчохь айаташ мийзан терз дlахоттор долуш хилар дуьйцуш а, цу тlаьхь lамалш муха узар ю дуьйцуш а.
***************_Хаттар_122_***************
*Къемат дийнахь мийзан терз дlахоттор долш хилари далиль хlу ду Суннатехь? lамалш озар муха дуьйцуш ду Суннатехь?
Жоп: Цу хьокъехь дуккха а ду хьадисаш. Царех:
■ Цунах лаьцна дуьйцуш ду кехатах лаьцна долу хьадис, шен тlаьхь яздина ши Шахlадат долу. Шен тlаьхь яздина и ши Шахlадат долу и кехат деза хир долуш ду кхидолу вуониш тlаьхьдолу 90 тептаралла. Оцу 90 тептарах хlора тептар доллушехьа бlаьрго ма лоццу.(йоккха меттиг дlалоцуш доккха)
[Ахьмад; аль-Хьаким; ат-Тирмизи]
Оцу хьадисо гойту Къемат дийнахь хlумш(дика,вон) оза терз дlахоттор долуш хилар. Дикнаш узар долш хилар гойту цо(стага дуьненчохь волш хенахь аьл хил долу ши шахlадат); вуониш тlаьхь долу тептарш узар долуш хилар гойту цо.
■ Цунах лаьцна дуьйцуш ду Элчано (ﷺ) ибн Масlуд (رضي الله عنه) хьокъехь аьлла долу дешнаш.
(Ши ност юьтlкъа йолуш хилла боху ибн Масlуд.) Пайхмара (ﷺ) кхиболу шен асхьабашка аьлла: 《Цун ши ност юьтlкъа хиларах тамаш бо аш?
Ше са карахь долуш Волчу Делах дуй ма буъ ша, Къемат дийнахь дlахоттор долуш долчу мийзан терзан тlехь цун и ши ност еза хир йолуш ма ю Ухьуд ломалла а.》[Ахьмад; аль-Хьаким; аль-Хайсами]
Оцу хьадисо вайн гойту и терза дlахоттор долш хилар, массу хlума узар долш хилар.
■ Цунах лаьцна дуьйцу Пайхмар (ﷺ)
Къемат дийнахь цхьа стаг схьавалор ву доккхачу дегlехь волуш, верстана волуш, Аллахlан хьалха чуьркан тlомал вай а волуш.》Цул тlаьхьа элира Элчано (ﷺ) : 《Дlадешал шайн хlар айат:
"《 ...فَلَا نُقِيمُ لَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَزْنًا》
《...хlоттор дац Оха царна къематдийнахь терза(оха лорур дац дуьненахь цара хьегна къа{уьш керста хьолехь белла балахь}).》[Сурат аль-Кахlф(18):105]" 》
[Аль-Бухари, Муслим]
■ Пайхамара (ﷺ) аьлла: 《ЦIано яр Ийманан ах дакъа ду, “алхьамдулиллахI” бохучу дашо терза хьала а дузу》. [Муслим]
■ Пайхамара (ﷺ) аьлла: 《Терза дIахIоттор ду къемат дийнахь. Ткъа цу чохь стигланаш а, латта а оьзчи а, цу чу хоьар дара уьш》 [Хьаким]
Кхин дуккха а ду хьадало йиш йолуш хьадисаш мийзан терз дlахоттор долуш хилар дуьйцуш а, цу тlаьхь lамалш муха узар ю дуьйцуш а.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
38- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 125-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца?
Сийлахь Везачу Аллахlа боху Шен Сийлахь Къуръlанчохь:
● 《 إِنَّ اللّهَ لاَ يَظْلِمُ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ وَإِن تَكُ حَسَنَةً يُضَاعِفْهَا وَيُؤْتِ مِن لَّدُنْهُ أَجْرًا عَظِيمًا》
《Баккъалла а, и Дела мискъала зарратал(цхьа кlеззиг хlума), зулам деш ма вац. И (мискъала заррат) дика хилахь – и тlеттlа алсамдоккху Цо‚ Шегара йоккха ял ло》. [Сурат ан-Нисаъ(4):40]
● 《 الْيَوْمَ تُجْزَى كُلُّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ لَا ظُلْمَ الْيَوْمَ إِنَّ اللَّهَ سَرِيعُ الْحِسَابِ
وَأَنذِرْهُمْ يَوْمَ الْآزِفَةِ إِذِ الْقُلُوبُ لَدَى الْحَنَاجِرِ كَاظِمِينَ مَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ حَمِيمٍ وَلَا شَفِيعٍ يُطَاعُ
يَعْلَمُ خَائِنَةَ الْأَعْيُنِ وَمَا تُخْفِي الصُّدُورُ
وَاللَّهُ يَقْضِي بِالْحَقِّ وَالَّذِينَ يَدْعُونَ مِن دُونِهِ لَا يَقْضُونَ بِشَيْءٍ إِنَّ اللَّهَ هُوَ السَّمِيعُ الْبَصِيرُ》
《Тахана бекхам бийр бу хlор синна ша /дуьненахь/ карадинчуьнца. Зулам хир дац тахана. Баккъалла а, Дела сиханиг ву хьесап дарехь.
Кхерам таса царна гергадогlур долчу /къемат/денца‚ /нехан/ дегнаш къамкъаргашна тlе кхаьчча /кхераделла детталуш/‚ шаьш дохкобевла /хир болу/. Ма вац зуламхошна цхьа а доттагl а, цхьа а гlодоккхург а, шена /уьш/ муьтlахь а болуш.
Хаьа Цунна бlаьргийн тешнабехк а /хьарам хlумане хьоьжуш/‚ дегнаша хьулдийриг а.
Дала кхиэл йо бакъдолчуьнца. Иза а витина, цара шайга кхойкхушболчара кхиэл ца йо цхьанна хlуманца. Баккъалла а, Дела - Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а.》
[Сурат Гlафир(40):17-20]
● 《 ...وَقُضِيَ بَيْنَهُم بِالْحَقِّ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ》
《...кхиэл йира царна юккъехь бакъдолчуьнца‚ царна зулам дийр дац(Къемат де деъча хиндерг ду Дала дуьйцуш). 》[Сурат аз-Зумар(39):69]
***************_Хаттар_126_***************
Къемат дийнахь бекхам оьцург хиларан далиль муьлхаг ду Суннатехь?
Жоп:
Цу хьокъехь дуккха а хьадисаш ду.
Царех:
■ Элчан (ﷺ) дешнаш ду:《Нахан юккъехь уггаре хьалх кхиэл ен ерг цlийшах дерг ду》.[Аль-Бухари, Муслим]
■ Элчан (ﷺ) къамел ду:《Нагахь муьлхха а стагехь харцон шен дола дерзийна вешан хlума делахь, тахана меттахlотта дойла цо иза. Хlунда аьлчи, Эхартахь йа дирхам хир долш дац, йа динар хир долш дац. Дlалойла цо ша харцонца схьадаьккхина долу хlума, Шен дика lамалш схьа а аьцна, ше вешина и дика lамалш дlалун йолу хан тlекхачале. Нагахь санна, цун дlадала дикнаш дацахь, цуьн веши вуонаш схьа а аьцна, уьш цунна тlеккхуьссар ду》.
[Аль-Бухари, Ахьмад]
_____________________________________
Ийман диллинарш цIарах кIелхьара а боьвлла, тIайл дехьа боьвллачул тIаьхьа, совцор бу уьш ялсаманина а, жоьжагlатна а юккъехь йолу меттигахь, ялсамани чу бахале цаьрга шайна вовшашна юккъахь долчу хIумнаш тIехь бекхам байта. ТIаккха уьш цIанбеллачул тIаьхьа, пурба лур ду царна ялсамани чу баха.
Цу хьокъехь далийна хьадисаш ду:
■ Абу Хlурайра ( رضي الله عنه ) дийцин Пайхмар (ﷺ) элир аьлла :《Муъмин нах жоьжагlатан цlарах кlелхьарбоьвр бу. Тlаккха, тlай тlехь совцор бу уьш Ялсманинан, жоьжагlатина юккъехь долу. Тlаккха вовшашкара чlир оьцуьйтур ю цаьрга, дуьненчохь цара вовшашна дин долу зулманаш меттахlитта дойтуш. Уьш цигахьа цlанбича, Ялсмани баха бакъо лур ю царна》. [Аль-Бухари]
■ Пайхмар (ﷺ) аьлла: 《 АллахIах тешаш хилларш кIелхьара боьвр бу цIарах, тIаккха уьш совцор бу 《къантIарахI》тIехь, ялсаманина а, жоьжагlатина а юккъехь, тIаккха дуьненахь царна вовшашна юккъахь хиллачу халахетаршна а, латкъамашна а, ваьснашна а цаьрга вовшийн бекхам бойтур бу, тIаккха къастош дерг къастийначул тIаьхьа, мукъавоккхуш верг мукъаваьккхинчул тIаьхьа, пурба лур ду царна ялсамани чу баха. Мухьаммадан са Шен керахь долчу Делор, шух хIоранна а шен ялсамани чохь долу цIа гIоли доьвзар ма-ду, шен дуьненахь хиллачу цIийнал》 [Аль-Бухари]
Дерриг хьадалийна долу хьадисаш 《сахьихь》жайни чохь ду.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
39- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 128-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца?
#ЖОП:
《Хьавд》 – иза доккха хи ду, сийлахь хи молу меттиг а ю. Вай теша дезаш ду Пайхамаран (ﷺ) Хьавдах а, цун иза гина хиларх а. Ялсмани чохь Делан Элчан лур болу хьаст бу из. Мухьаммад Пайхамаран (ﷺ) умматера Ийман диллинарш богIур бу цу тIе, цуьнан хи мала.
_____________________________________
***************_Хаттар_127_***************
《Хьавд》 олуш долу хи хилар гойтуш болу бух муьлхаг бу Къуръlанчуьра?
Къуръан тIехь уггар жима сура оцу хин цIарца ду, сурат 《аль-Кавсар》. Цуьнан хьалхара айатехь боху Сийлахь-Везчу Аллахlа Ше Пайхмаре Мухьаммаде (ﷺ) :
《 إِنَّا أَعْطَيْنَاكَ الْكَوْثَرَ》
Баккъалла а, Оха делира хьуна /хlай Мухьаммад/ аль-Кавсар》.
[Сурат аль-Кавсар(108):1]
Оцу айато гойту вайна Пайхмарна (ﷺ) Сийлахь Аллахlа 《хьавд》 олуш долу татол дел хилар. Иштта, Хьавд хиларан далиль ду иза.
***************_Хаттар_128_***************
Хьавд олуш долу хи хилар гойтуш болу бух муьлхаг бу Суннатехь? Оцу хих дерга муха дуьйцуш ду суннатехь?
Цу хьокъехь дуккха а хьадисаш ду.
Царех ду:
■ Элчан (ﷺ) къамел:《Шу массарел хьалхьа со кхочур ву 《Хьавд》 олуш долу хи тlе》[Аль-Бухари, Муслим]
■ Пайхмар (ﷺ) элир аьлла дийцина :《 Баккъалла а, Шу массарел хьалхьа кхочур ву со《Хьавд》 хи тlе. Баккъалла а, шу хьокъехь тоьшалла а дийр ду ас. Баккъалла а, Аллахlах дуй ма буъ ас, гуш ма ду сун и сай《Хьавд》олуш долу хи》.
[Аль-Бухари, Муслим]
_____________________________________
Хьавдан сыфаташ: шуьрел кIай бу иза, лайл шийла бу иза, мозал мерза бу иза, миск-IатIарал хаза хьожа йолуш бу иза, чIогIа боккха а бу иза. Цуьнан шоралла а, бахалла а цхьатерра ю. Цуьнан хIора агIо баттахь некъ балла ю. Цуьнца йолу хи молу пхьегIаш стигларчу седарчел дукха ю. Цу чура цкъа хи мелларг цул тIаьхьа цкъа а хьаг лур вац.
■ Пайхмар (ﷺ) элир аьлла дийцина: 《Сан Хьавд баттахь некъ баллал ду, цуьнан хи шуьрел кIай ду, цуьнан хьожа миск-IатIарал хаза а, цIена а ю, цуьнан кIудалш стиглара седарчий санна дуккха ю, цу чура хи мелларг цул тlаьхьа цкъа а хьаг лур вац». [Аль-Бухари, Муслим]
■ Пайхмар (ﷺ) элир аьлла дийцина: 《Татол тlе веара со. Оцу Татоли ши йист десачу, чакх са гучу, къегинчу жовхlари четарех юьзна яра. Хlетахь ша хаьттира:《Хlай, Джабраил, и хlу хи ду?》Джабраил-малик жоп делира:《Иза Сийлахь Везчу Аллахlа совгlатан хьуна делла долу аль-Кавсар олуш долу хи дукх》. [Аль-Бухари, Ахьмад]
■ Пайхмар (ﷺ) элир аьлла дийцина:《Кавсар – ялсамани чуьра хи (татол) ду. Цуьнан ши йист деших ю, иза дIадоьду меттиг (цуьнан бух) жовхIарех бу, цуьнан латта миск-IатIарал хаза хьожа йогIуш ду, цуьнан хи мозал мерза ду, лайл шийла ду》. [Тирмизи]
Иштта, кхин дуккха а ду хьадисаш цу хьокъехь.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
40- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- Ялсманех а, жоьжахатех а тешар бохучунна маьIна хIун ду?
#ЖОП:
Цкъа хьалха:
_________________
Ялсамани - иза АллахIа Шех кхоьруш хиллачарна къемат дийнахь яла кечйина йолу хIусам ю. Ялсамани чохь синошна мел деза хIума ду, бIаьргаша марзо мел оьцу хIума а ду. Цхьа а бIаьргана гина доцу, цхьа а лергана хезна а доцу, адамийн дагчу цкъа а деъна а доцу хIумнаш ду цу чохь. Цуьнан ниIмат чекх долуш дац, йа дайна дIадер долуш а дац. Цу чу баханарш даим цу чохь хир бу, лийр а боцуш, йа цу чура дIахедар а боцуш. Цу чохь йолу шад йиллал йолу меттиг дуьненал а, дуьнена чохь долчу массо хIуманал а гIоли ю.
Цу чохь долу уггар доккха ниIмат - иза АллахIах тешаш болчарна шайн бIаьргашца ша ма-варра АллахI гар ду. Керста нахана дихкина ду АллахI гар, ялсамани чохь бусалба нахана бен гур волуш а вац Иза.
Ялсамани чохь уггар лекханиг - Фирдавс ю.
Ялсаманин охIлу даим дийна хирг хиларх лаьцна а, уьш даим ялсамани чохь хирг хиларх лаьцна а, ялсамане даим лаьттар йолуш хиларх лаьцна Сийлахь Аллахlан къамел ду:
● 《 جَزَاؤُهُمْ عِندَ رَبِّهِمْ جَنَّاتُ عَدْنٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا رَّضِيَ اللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا عَنْهُ ذَلِكَ لِمَنْ خَشِيَ رَبَّهُ 》
《Церан бекхам шаьш Кхиош-кхобучун гергахь lадн цlе йолчу ялсаманин бошмаш ю-кх‚ шайн бухахула оьхуш хиш а долуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ. Дела реза хили царна‚ уьш а хили Цунна реза. Иза ду ша Кхиош-кхобучух кхоьруш хиллачунна дерг.》
[Сурат аль-Баййина(98):8]
________________
Жоьжахате - иза Аллахlа керста нахана а, Iеса хиллачарна а кечйина йолу Iазапан хIусам ю. Цу чохь уггар чIогIа Iазап ду, тайп-тайпана таIзарш а ду. И ларайеш долу малийкаш чIогIа ницкъ болуш ду. АллахIах ца тешна болу керста нах гуттаренна а цу чу бухкур болуш бу. Церан даар 《заккъум》 ду, церан малар довха хиш а, хьацар а ду. ХIокху дуьненахь йолу цIе жоьжахатехь йолчу цIеран йовхонан кхузткъе итталгIа дакъа бен дац. Жоьжахатин цIе дуьненан цIарал кхузткъе иссазза йовха ю.
Жоьжахатин охIлу цу чохь даим хирг хиларх лаьцна а, иза даим лаьттар йолуш хиларх лаьцна а аьлла Аллахlан къамел ду:
● 《إِنَّ اللَّهَ لَعَنَ الْكَافِرِينَ وَأَعَدَّ لَهُمْ سَعِيرًا
خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا لَّا يَجِدُونَ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا》
《Баккъалла а, АллахIа наьIалт аьлла (Шен къинхетамах гена бахарца, Шех) ца тешачарна, царна чIогIа цIе а кечйина Цо. Гуттаренна а цу чохь хир бу уьш》
[Сурат аль-Ахьзаб(33):64-65]
_____________________________________
Ялсманех а, жоьжахатех а тешар бохучунна маьIна хIун ду?
___________
Ялсманех а, жоьжахатех а тешар бохучунна маьIна - иза кlорггера тешар, бакъдар ду и шиъ хилар, и шиъ кхолла а кхоьллина хlинца а цхьана йолуш хилар, и шиъ лаьттарг хилар Аллахlа и шиъ латтаярца, цкъаъа дlаъ ца йолуш даиманна.
Цу шиннах тешарна юкъадохуш ду Ялсмани чохь маьл долчу ниlматашха тешар а, Жоьжхатехь маьл долчу lазапашха тешар а.
_________________
Ялсмане а, жоьжагlате а хиларх Ийман дил дезаш хиларан хьокъехь Сийлахь Аллахlа боху:
● 《(24) فَاتَّقُواْ النَّارَ الَّتِي وَقُودُهَا النَّاسُ وَالْحِجَارَةُ أُعِدَّتْ لِلْكَافِرِينَ
(25)وَبَشِّرِ الَّذِين آمَنُواْ وَعَمِلُواْ الصَّالِحَاتِ أَنَّ لَهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الأَنْهَارُ كُلَّمَا رُزِقُواْ مِنْهَا مِن ثَمَرَةٍ رِّزْقاً قَالُواْ هَذَا الَّذِي رُزِقْنَا مِن قَبْلُ وَأُتُواْ بِهِ مُتَشَابِهاً وَلَهُمْ فِيهَا أَزْوَاجٌ مُّطَهَّرَةٌ وَهُمْ فِيهَا خَالِدُونَ 》
《(24)...кхерийша тIаккха цIарах‚ шен ягориг адамаш а, тIулгаш а хин долчу. Гаурашна кечйина ю и. (25)Хаза кхаъ баккха ахьа Делах тешна, дика Iамалаш йиначаьрга, царна кечйина ялсаманийн бошмаш ю але‚ шайна чохь лелаш хиш долу. Шайна цигахь даа стоьмаш мосузза дели а‚ эр ду цара: «ХIара-м вайна хьалха делларг ма ду», - Амма цхьана догIуш хир ду царна луш дерг. Царна хир бу цигахь цlанбина зударий а‚ цу чохь Iийр бу уьш абаделлац.》
[Сурат aль-Бакъара(2):24-25]
Хlара айат тоьшалла ду Жоьжагlате хилар гойтуш а, цунах таьшна хила дезар гойтуш а. Иштта, тоьшалла ду Ялсмане хилар гойтуш а, цунах таьшна хила дезар гойтуш а.
《Сахьихь》 Жайни чохь Пайхмара(ﷺ) буса тlе деш долчу суннат ламазехь доl деш хил хилар ду дийцина. Оцу ламазехь доl дечу хенахь, цо олуш хилла:
《Ва лакал-хьамду, Антал-Хьаккъу, ва ваlдукал-хьаккъу, ва къавлукал-хьаккъу, ва ликъаука хьаккъун, вал-жаннату хьаккъун, ван-нару хьаккъун, ван-набиййуна хьаккъун, ва Мухьаммадун хьаккъун, вас-саlату хъаккъун. (Хастам бу Хьуна, бакъ верг ву Хьо, хьан ваlдаъ ю - бакъ, Хьан дош ду - бакъ, Хьуна дуьхьаладогlург хилар ду - бакъ, Ялсамане ю - бакъ, Жоьжагlате ю - бакъ, Пайхамараш бу - бакъ, Мухьаммад(ﷺ) ву - бакъ, Къематде ду - бакъ. )》
[Аль-Бухари, Муслим]
Ялсмане а, Жоьжхате а хиларах теш дезаш хилар а, уьш хилар бакъ да дезш хилар гойт вайн хlокху хьадисо.
Иштта дало йиш ю вай Ялсамани, жоьжхати хиларах теш дезар гойтуш
Пайхмаран(ﷺ) къамел:
《Тоьшал динверг Ла илахIа иллалЛохIу вахьдахIу ла шарика лахI, ва анна Мухьаммадан IабдухIу ва расулухIy ва анна lийса lабдуЛлахlи ва расулухlу ва калиматухlу алкъахlа ила Марьяма ва рухьун минxlу валь жаннату хьаккъун ва ннару хьаккъун, Аллахlа иза Ялсамане вохуьйтур ву цуьнан lамалшка а ца хьоьжуш, йа цуьнан lамалшка хьаьжжина. [Аль-Бухари, Муслим]
Кхечу риваятехь оцу хьадисехь аьлла долчу дешнашна тlетоьхна: Ялсмане вохуьйтур ву из Ялсмани 8 неlарах шен луъш йолчу неlарехула.
_________________
Сийлахь Аллахlа вайна довзийтина и шиа хlинца а цхьана йолуш хилар. Оцу хьокъехь Ялсманех лаьцна аьлла Цо:
● 《 وَسَارِعُواْ إِلَى مَغْفِرَةٍ مِّن رَّبِّكُمْ وَجَنَّةٍ عَرْضُهَا السَّمَاوَاتُ وَالأَرْضُ أُعِدَّتْ لِلْمُتَّقِينَ》
《 Шу сихло шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдаре а‚ ялсамане а‚ шен шоралла стигланаш а‚ латта а /санна/ йолчу‚ ша кечйина йолчу /Делах/ кхоьруш болчарна.》[Сурат аль-lимран(3):133]
Жоьжхати хьокъехь аьлла Цо:
● 《وَاتَّقُواْ النَّارَ الَّتِي أُعِدَّتْ لِلْكَافِرِينَ》
《Шу кхера цlерах‚ кечйина йолчу цатешачарна.》
[Сурат аль-lимран(3):131]
Хlокх шин айато гойту вайн и шиъ йолш хилар.
• Сийлахь Аллахlа вайн дийцина, Ша Адам вахийтин хилар, цун хlусамнана яхийтин хилар Ялсмане чу, цаьршим шаьшинга ма даа аьл долу оцу дитти стом баале хьалха. (И биинчул тlаьхьа арадеккхан и шиъ.)
Цоъ гойту и Ялсмане йолш хилар.
• Сийлахь Аллахlа вайн дийцина, кешниш чохь болчу керстнахана жоьжхате гойтуш хилар lуьйранна а, суьйранна а.
Цоъ гойту жоьжхате йолш хилар.
• Пайхмар(ﷺ) аьлла:《Ялсмане гайтир суна - цу чохь дукхах берш къе-нах хилар гира суна. Жоьжхате гайтира суна - цу чохь дукхахберш зударий хилар гир суна.》[Аль-Бухари, Муслим]
Хlокху хьадисо а гойту и шиъ хlинцли дуьйна йолш хилар.
Сийлахь Аллахlа Ялсаманийн охIланах дойл вай. Ийманехь а, товхьидехь а долуш далар лойла вайн!
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
41- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- Ялсмани жоьжахати цкъа а дIа ер йолуш юй?
2- Бусалб нахан шай АллахI гур волуш вуй, валахь мац гур волуш ву?
#ЖОП:
Аллахlа (سبحانه و تعالى ) Ялсмани хьокъехь аьлла:
● 《...خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ذَلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ》
《...Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу. И сийлахь - боккха толам бу-кх!》
[Сурат ат-Тавба(9):100]
● 《 ...وَمَا هُم مِّنْهَا بِمُخْرَجِينَ》
《...уьш цу чуьра арабохур бац.》
[Сурат аль-Хьиджр(15):48]
● 《 ...عَطَاء غَيْرَ مَجْذُوذٍ》
《...ша хадалур доцу совгlат хилла.》
[Сурат Хlуд(11):108]
● 《 لَّا مَقْطُوعَةٍ وَلَا مَمْنُوعَةٍ 》
《 Шаьш царах хадор боцчу‚ духатухур боцчу... 》
[Сурат аль-Вакъиlа(56):33]
● 《إِنَّ هَذَا لَرِزْقُنَا مَا لَهُ مِن نَّفَادٍ》
《Баккъалла а, хlара Тхан рицкъ ду‚ цунна кхачадалар дац.》
[Сурат Сад (38):54]
● 《إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي مَقَامٍ أَمِينٍ (51)
فِي جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ (52)
يَلْبَسُونَ مِن سُندُسٍ وَإِسْتَبْرَقٍ مُّتَقَابِلِينَ (53)
كَذَلِكَ وَزَوَّجْنَاهُم بِحُورٍ عِينٍ (54)
يَدْعُونَ فِيهَا بِكُلِّ فَاكِهَةٍ آمِنِينَ (55)
لَا يَذُوقُونَ فِيهَا الْمَوْتَ إِلَّا الْمَوْتَةَ الْأُولَى....(56)》
《 Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш - тешамечу меттигехь хир бу.(51)
Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а.(52)
Тlедухур ду цара дуьткъачу дарих а‚ стоммачу дарих а, вовшийн дуьхь-дуьхьал хlуьттуш. (53) Иштта Оха бaлор бу царна хаза бlаьргаш(хьурул lийн) берш.(54) Кхойкхур ду цара хlора стоьме, /уьш кхачалур цахиларх, массо а халонех/ тешаме а болуш.(55) Цу чохь валар lовшур дац цара - дуьххьарлера /дуьненахь хилла/ валар доцург....(56)》
[Сурат ад-Духан(44):51-56]
И дагар динаш доцуш а, Ялсмане даиман лаьттар йолш хилар гойтуш а, Ялсмане дlаериг ца хилар гойтуш а, абаделлалц и хир йолш хилар гойтуш а дуккха айаташ ду.
Ткъа Аллахlа (سبحانه و تعالى ) дийцина Ялсмане абаделлалц хилар а, иштта, цу чохь бехаш болчера дахар абаделлалц хилар а, Оцу чохь долу цера дахар соцург ца хилар, и дахар хедар долш ца хилар. Цу чуьра уьша арабоьвриг ца хилар дийцина Цо.
_________________________
Жоьжахати хьокъехь Сийлахь Аллахlа аьлла:
● 《 إِلاَّ طَرِيقَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا وَكَانَ ذَلِكَ عَلَى اللّهِ يَسِيرًا 》
《Жоьжахатин новкъа бен‚ цу чохь даима лаьтташ. И хилла Далла атта.》
[Сурат ан-Нисаъ(4):169]
● 《إِنَّ اللَّهَ لَعَنَ الْكَافِرِينَ وَأَعَدَّ لَهُمْ سَعِيرًا (64)
خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا لَّا يَجِدُونَ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا (65)》
《Баккъалла а, Дала неlалт аьлла цатешачарна‚ Цо кечйина царна жоьжахати. (64)
Уьш лаьттар бу цу чохь гуттар. Царна карор вац цхьа а вали а‚ гlоьнча а. (65) 》
[Сурат аль-Ахьзаб(33):64-65]
● 《 ...وَمَن يَعْصِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَإِنَّ لَهُ نَارَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا》
《Далла а‚ Цуьнан элчанна а lесалла еш верг - баккъалла а, цунна жоьжахатин цlе хир ю‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ.》
[Сурат аль-Джинн(72): 23]
● 《 ...وَمَا هُم بِخَارِجِينَ مِنَ النَّارِ 》
《...Уьш арабевра ма бац цlергара.》
[Сурат аль-Бакъарат(2):167]
● 《لَا يُفَتَّرُ عَنْهُمْ وَهُمْ فِيهِ مُبْلِسُونَ》
《 И царах айдийр дац‚ уьш цу чохь /диканах/ догдиллина /хьере/ хир бу.》
[Сурат аз-Зухруф(43):75]
● 《 وَالَّذِينَ كَفَرُوا لَهُمْ نَارُ جَهَنَّمَ لَا يُقْضَى عَلَيْهِمْ فَيَمُوتُوا وَلَا يُخَفَّفُ عَنْهُم مِّنْ عَذَابِهَا كَذَلِكَ نَجْزِي كُلَّ كَفُورٍ 》
《Цатешнарш - царна жоьжахатин цlе ю‚ кхиэл йийр яц царна уьш леш(лийр бац уьш жоьжахати чохь и шайна паргlато хуьлуш, ткъа гуттар лаьттар бу)‚ айдийр дац царна тlера цуьнан lазапах /хlумма а/. Иштта бекхам бо Оха хlор цатешачунна.》
[Сурат Фатlир(35):36]
● 《 إِنَّهُ مَن يَأْتِ رَبَّهُ مُجْرِمًا فَإِنَّ لَهُ جَهَنَّمَ لَا يَمُوتُ فِيهَا وَلَا يَحْيى 》
《Баккъалла а, шен Кхиош-кхобучунна тlе къинош дина вогlург – цунна хир ю жоьжахати‚ лийр вац и цу чохь‚ вехар а вац.》
[Сурат Тlа-хlа(20):74]
Уьш доцуш а кхин дуккха айаташ ду Жоьжахате даимна лаьттар йолш хилар гойтуш а, и дlаер йоцуш хилар гойтуш а.
Хlокху дийцинчу айаташкахь а, иштта, кхин а царех тера долу айаташкахь а Сийлахь-Везачу Аллахlа Шен Къамелехь дийцина Жоьжахатин охlла, шайн и цlе йогlуш болу, шаьш цунна хьакъ хилла а болучера хьокъехь Уьш даимна цу чохь буьсар бу аьлла; Уьш цу чур арабовлар хир долуш дац аьлла; Царна лучар дlахедар долуш дац lазап аьлла; Уьш цу чохь лийр бац, дахар хир дац царна оцу чохь.
Оцу хьокъехь хьадисаш а ду:
■ Пайхмара (ﷺ) аьлла: 《Жоьжахатин охlлунах дерг дийцича, и шайн хьакъ хилла болу,ткъа уьш цу чохь бала а лийр бац, йа баха а бехар бац》
[Муслим, Ахьмад, Ибн Маджахl]
■ Пайхмара (ﷺ) аьлла:《 Ялсманан охlлу Ялсмане баханчу хенахь, Жоьжахате охlлу жоьжхате боьдучу хенахь, lожалла схьайалор ю. И lожалла дlахlоттор йолш ю Ялсманан а, Жоьжахатан а юккъехь.Цул тlаьхьа урс хьокхур ду цун. Цул тlаьхьа кхайкхархочо дlакхайкхор ду:"Хlай, Ялсманан охlлу!Кхин яц шун lожалла! Хlай, Жоьжахатан охlлу! Кхин яц шун lожалла!" Ялсманан охlлун хазахетаран тlе кхиъ хазахетар сов дера ду. Ткъа Жоьжахатан охlлун гlайгlа шай йолчун тlе кхиъ сов ера ю》.
Муслим далийначу оцу хьадисан хlара тlаьхьадоху дешнаш ду юккъетоьхна:《Хlору а гуттаренна вуьсар волуш ву ша воллучер чохь》
Кхечу хьадисехь, Цул тlахьа Аллахlан Элчано (ﷺ) дийшира аьлла ду хlара айат:《 " وَأَنذِرْهُمْ يَوْمَ الْحَسْرَةِ إِذْ قُضِيَ الْأَمْرُ وَهُمْ فِي غَفْلَةٍ وَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ "
" Кхерам таса царна баланан /къемат/ дийнаца‚ гlуллакх кхочушхилла уьш тидама чохь боцуш‚ уьш ца тешаш болуш." [Сурат Марьям(19):39]》
[Аль-Бухари, Муслим]
Оцу хьокъехь вай дийцан доцуш а, кхин дуккха а ду хьадисаш.
_____________________________________
#_Хаттар_2_#
________________________
2- Бусалб нахан шай АллахI гур волуш вуй, валахь мац гур волуш ву?
#ЖОП:
Аллахlа (سبحانه و تعالى ) боху:
● 《 وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ نَّاضِرَةٌ (22)
إِلَى رَبِّهَا نَاظِرَةٌ (23) 》
《 Цхьа яххьаш хир ю оцу дийнахь екхаелла‚(22) Шаьш Кхиош-кхобучуьнга хьоьжуш.(23) 》
[Сурат аль-Къиямахl(75):23]
● 《لِّلَّذِينَ أَحْسَنُواْ الْحُسْنَى وَزِيَادَةٌ ...》
《Дика хиллачарна дика ду – /ялсамани/‚ кхин совдерг хир ду /къематдийнахь/...》
[Сурат Йунус(10):26]
И тlелуш дерг Къуръlанчохь билгалдаьккхина дац. Амма Делан Элчан (ﷺ) хьадисехь билгалдеккхан ду. Сухайбас дийцина Пайхмара (ﷺ) элира аьлла:《 Аллахlа (سبحانه و تعالى ) хьиджаб(пардо) доьхьлара дlайоккхар ю. Деле хьажар санна царна дукха а дезаш, хаза а хеташ долу цхьаъа хlума царна делла а хир дац.》[Муслим]
Оцу хьадисо вайна гойту оцу айато дуьйцуш долу тlелуш дерг Сийлахь-Везачу Аллахlе хьажар хилар.
___________
Керистнеха хьокъехь аьлла Сийлахь-Везачу Аллахlа:
● 《 كَلَّا إِنَّهُمْ عَن رَّبِّهِمْ يَوْمَئِذٍ لَّمَحْجُوبُونَ 》
《 Хlан-хlа! Баккъалла а, уьш оцу дийнахь шаьш Кхиош-кхобучух дlахьулбина хир бу (царна и Дела гур вац). 》
[Сурат аль-Мутlаффифин (83):15]
Ткъа Сийлахь-Везачу Аллахlа Ше мостагlий Ша гар декъах баьхна хилча, Шен гергарнаш бохур бац цо Ша гарах.
Шинна а сахьихь жайни чохь(Аль-Бухари, Муслим) ду Джарир ибн lабдуЛлахl дийцина хьадис:
《Аллахlан Элчанца (ﷺ) цхьана охьахоьвшина lаш дар тхо. 14-гlачу буьйсанна батте а хьаьжна Цо (ﷺ) элира: 《Баккъалла а, Шай бlаьргашцани шай Дела гур ву шун, и бутт шун гаре терра*, И гарехь хало ца хуьлуш. Хуъа дина шайга дан лахь ламаз малх схьакхетале хьалха(фаджр) а, малх дlабузале хьалха ламаз(lаср)а, дойла аша и ши ламаз》.
[Аль-Бухари, Муслим]
* Гаре терра: гара-гарах тар дар ду. Гур долуш долу хlума гуш долчу хlуманах тар дар дац иза.Аллахl баттах тар вар дац иза. Цхьаъа хало ца хуьлш схьагуш бу-кх бутт массарна.Оцу кеппара, массарна цхьатерра цхьаъа хуьлуш хало йоцуш Шай Дела хьагур ву шун бохаг ду иза.
___________
Изз кхетам болуш ду Аллахl стиглара хаам боссош Вистхиларах лаьцна дуьйцуш долу Пайхмаран (ﷺ) хьадис:
《Малийкаша шай тlемаш туху Аллахlа хаам боссочу хенахь Цо аьллачун муьтlахь хуьли(хьасталой Цун Къамелана), тlулган тlехула йоккхуш йолчу зlенах тера хуьлу и аз(Шай Делан аз хеза царна тlулган тlехула йоккхуш йолчу зlенах долуш долу аз санна*》
[Аль-Бухари, Ибн Маджахl]
* И бохург: Аллахlи аз зlе санна ду бохург дац и. Оцу малийкашна и аз иштта хеза бохург ду иза. Ткъа иза, хазар хазарх тар дар ду, царна хезаш долу хlума вукха хезаш долчух тар дар дац.
Аллахl Цlена, Лекха ву Ша кхоьллин долчу хумнашха муьлхха а цхьа хlума Ше затех а, Ше сыфаташкахь а Шех тера хиларха.
Пайхмар (ﷺ) ларвелла муьллха а цхьам шен къамел дахьарха тар дарн тlе. Халкъах, адамашха, кхоьллина долчу хlуманашха Дела уггаре дика воьвзуш верг ву иза.
___________
(Муслим)жайни чохь долу Сухайба (Дел рез хуьлийл цун) дийцина долчу хьадисехь аьлла:《Аллахlа хьиджаб(пардо) доьхьлара дlайоккхар ю. Деле хьажар санна царна дукха а дезаш, хаза а хеташ долу цхьаъа хlума царна делла а хир дац.》И хьадис дийцина Пайхамара (ﷺ) хlара айат дийшира:《لِّلَّذِينَ أَحْسَنُواْ الْحُسْنَى وَزِيَادَةٌ ...》
《Дика хиллачарна дика ду – /ялсамани/‚ кхин совдерг хир ду /къематдийнахь/(Сийлахь-Веза Аллахl гар)...》[Сурат Йунус(10):26]》
[Муслим, ат-Тирмизи]
Оцу дийцинчу хьокъехь билггала а долуш, бух-цlени а долуш дуккха а хьадисаш ду.
Муъманахана Аллахl гур волш хилар къобал ца динверг - Къуръlан харцдина лоруш ву, Аллахlа Шен Элчанашка даийтинарг харцдин лоруш ву, Сийлахь Аллахlа шай хьокъехь аьллачарех хир ву-кх из:
《 كَلَّا إِنَّهُمْ عَن رَّبِّهِمْ يَوْمَئِذٍ لَّمَحْجُوبُونَ 》
《 Хlан-хlа! Баккъалла а, уьш оцу дийнахь шаьш Кхиош-кхобучух дlахьулбина хир бу (царна и Дела гур вац). 》
[Сурат аль-Мутlаффифин (83):15]
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттаршна
Валлахlу Аlлам
42- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 134-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца доцца?
#ЖОП:
Шафаlат - Къематдийнахь Дала муъманахах Шена гергахь уггар беза болчарна кхечарна гlодаккха лур йолу бакъо ю.
Къемадийнахь кхечунна гIо дан ницкъ кхача кхо бехкам хила беза:
1 - ГIо дайта АллахIа пурба дала а деза.
2 - ГIо дечунна АллахI реза хилла а хила веза.
3 - ГIо оьшуш волучунна АллахI реза хилла а хила веза.
И кхо бехкам кхочуш хилча бен кхечунна гIо дан йиш хир яц цхьаннена а къемата дийнахь. Цхьана а Пайхамаран, йа шахIидан, йа эвлияан цхьаннена а дан гIо хир дац, нагахь АллахIа пурба ца лахь.
Ткъа АллахIа пурба лур дац Ша гIо дан гIерташ волучунна а, шена гIо дан гIерташ волчунна а ша реза хилча бен, ткъа АллахIа Ша цкъа а реза а хир вац, я геч а дийра дац боху керста а волуш веллачунна.
_________________________
Аллахlа (سبحانه و تعالى ) Шен Китаб чохь, дуккхачу айаташкахь, дозанаш а хlиттош, бехкамаш а хlиттош дийцина Шафаlат.
Сийлахь Аллахlа Шен Китаб чохь вайн довзийтина и Шафаlат дерриг Ша Цхьаммо лелош хилар а, оцу Шафаlатах хlумма а цхьаннена а карахь ца хилар (Аллахlа пурб ца лахь).
Оцу хьокъехь Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) боху:
● 《 قُلْ لِلَّهِ الشَّفَاعَةُ جَمِيعًا ۖ ...》
《Ахь ала (хlай, Мухьаммад!): "Аллахlан ду гlодаккхар(Шафаlат) дерриге а.》
[Сурат аз-Зумар(39):44]
Оцу айато гойту вайна Шафаlатах дерг дерриг лелош верг цхьа Аллахl хилар.
______________
Ткъа и Шафаlат мац хир долуш ду аьлла, цунах дерг дийцича, Аллахlа (عز وجل) вайн билгалдина и Шафаlат хир дац аьлла, дан йиш йолуш цхьаъа хир вац аьлла Ша пурб деллачул тlаьхьа а бен.
Оцу хьокъехь Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) боху:
● 《... مَن ذَا الَّذِي يَشْفَعُ عِنْدَهُ إِلاَّ بِإِذْنِهِ ۚ ... 》
《...Цхьа а ма вац Цунна гергахь шафаlат дийр долуш‚ Цуьнан лаамца бен...》
[Сурат аль-Бакъарат(2):255]
● 《 ...مَا مِن شَفِيعٍ إِلاَّ مِن بَعْدِ إِذْنِهِ ...》
《...Цо пурба деллачул тlаьхьа а бен цхьа а гlодаккхархо(Шафаlат дийриг) ма вац...》
[Сурат Йунус(10):3]
● 《 وَكَم مِّن مَّلَكٍ فِي السَّمَاوَاتِ لَا تُغْنِي شَفَاعَتُهُمْ شَيْئًا إِلَّا مِن بَعْدِ أَن يَأْذَنَ اللَّهُ لِمَن يَشَاء وَيَرْضَى 》
《Маса малик ду стигланашкахь, шайн шафаlаташа хlумма а кlелхьардохур доцуш, Аллахlа Шена луучунна пурба делча а бен‚ И реза хилча а бен!》
[Сурат ан-Наджм(53):26]
● 《وَلَا تَنفَعُ الشَّفَاعَةُ عِندَهُ إِلَّا لِمَنْ أَذِنَ لَهُ ۚ ...》
《Пайда бийр бац гlодаккхаро(Шафаlато) Цунна гергахь Цо шена пурба деллачунна бен...》[Сурат Сабаъ(34):23]
______________
Шафаlатан дуьххьарлера бехкам - Шафаlат даьн волчун Аллахlа и да пурб далар бу.
Ткъа Шафаlат дан пурба хьан лур ду бохучух дерг дийцича, Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) Ша пурба деллачул тlаьхьа а бен и Шафаlат хир долуш ца хилар вайн довзийтаре терра, иштта, Цо вайн довзийтина И Шафаlат дан Ша пурба лур долуш ца хилар Ша хаьржина, Ша реза волчу Шен гергарчу нахана бен. (Шафаlатан шоллагl бехкам бу из)
Оцу хьокъехь Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) боху:
● 《 ... لَّا يَتَكَلَّمُونَ إِلَّا مَنْ أَذِنَ لَهُ الرحْمَنُ وَقَالَ صَوَابًا 》
《Цу дийнахь вист хир вац шена Сов Къинхетаме волчо пурба делларг бен - цо а эр ду бакъдерг.》
[Сурат ан-Набаъ(78):38]
● 《 لَا يَمْلِكُونَ الشَّفَاعَةَ إِلَّا مَنِ اتَّخَذَ عِندَ الرَّحْمَنِ عَهْدًا 》
《Шафаlатан да хир вац ша Къинхетамболчуьнгара ваlда эцнарг а бен.》[Сурат Марйам(19):87]
______________
Шафаlатан 3-гlа бехкам - ГIо оьшуш волучунна АллахI реза хилла а хила веза.
Шафаlат хьан хир долуш ду бохучух дерг дийцича, Сийлахь Аллахlа вайн дийцина Шафаlат дан Ша пурба лург ца хилар Ша реза хир волу стагна бен.
Оцу хьокъехь Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) боху:
● 《 وَلَا يَشْفَعُونَ إِلَّا لِمَنِ ارْتَضَى ... 》
《...Цара шафаlат дийр дац Иза шена реза хиллачунна бен...》[Сурат аль-Анбийаъ(21):28]
● 《 يَوْمَئِذٍ لَّا تَنفَعُ الشَّفَاعَةُ إِلَّا مَنْ أَذِنَ لَهُ الرَّحْمَنُ وَرَضِيَ لَهُ قَوْلًا 》
《Цу дийнахь пайда бийр бац шафаlато Ша сов къинхетаме волчо шена пурба деллачунна бен‚ шен дашна Иза реза хиллачунна бен.》
[Сурат Тlа-хlа(20):109]
______________
Сийлахь Аллахl Шафаlат дайта реза хир волуш вац Ша цхьаъ вин хилла болчу нахана а бен(цlенчу даггара Ша Бакъвина хилларш). Шахlадат олучу хенахь Бакъ тоьшал дин хил дезаш бу уьш Цунах тешаш болш, цунах кхеташ болш,цун чулацам боьвзаш болш. Иштта и тоьшал динарш, царна шафаlат дийр ду шафаlат деш болчара а, нагахь Сийлахь Аллахla шафаlат дан пурб лахь. И кхочуш бан безаш болу иштта бехкамаш кхочуш бинчарна дийр долуш ду дечара шафаlат Аллахlан пурбанцa.
Ткъа и бийцнарш боцуш, кхиболу Аллахl реза воцучарех дерг вай дийцича, церан хьокъехь Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) аьлла:
● 《 مَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ حَمِيمٍ وَلَا شَفِيعٍ يُطَاعُ 》
《Ма вац зуламхошна цхьа а доттагl а, цхьа а гlодоккхург а, шена /уьш/ муьтlахь а болуш.》
[Сурат Гlафир (40):18]
● 《 فَمَا لَنَا مِن شَافِعِينَ (100)
وَلَا صَدِيقٍ حَمِيمٍ (101)》
《(Цара эра ду): Ма вац тхуна шафаlат дечарах цхьа а,(100) Дог цlена доттагl а .(101)》
[Сурат аш-Шуlараъ(26)100-101]
● 《فَمَا تَنفَعُهُمْ شَفَاعَةُ الشَّافِعِينَ》
《Пайда бийр бац царна шафаlат дечеран шафаlато.》
[Сурат аль-Муддассир(74):48]
_____________________________________
■ Пайхмарах (ﷺ) дерг дийцича, цо вайна дийцина Шена Шафаlат дан бакъо елла ю аьлла. Иштта, цо дийцина, Ша ваъ веана lарш уллехь суждане гlура ву аьлла. Цигахь чlогlа хазачу дешнашца Аллахlан Хастам бийр бу Ша. Иштта Хаза Хастаме долу и дешнаш алар Сийлахь Аллахlа дагатосур ду цун. Шафаlат дарн тlера дlаволалур вац иза доьххьара. Хастам бийр бу цо Аллахlан, шега аллалц:《Корта хьалаайбе хьай! Ала хьайн луург - Схьахезар волш ву-кх хьуна хьо!Деха хьайн луург - Лур долуш ду-кх хьуна! Шафаlат де - Бакъо лур ю хьун Шафаlат дан!》Эццехь пурба лур ду Шафаlат дан. 》[Аль-Бухари, Муслим]
■ Цул совнаха,Пайхмара (ﷺ) дийцина Шена Шафаlат дан бакъо лур яц аьлла, Дела Цхьаъ вина болучарех массо lеса хилчарна цхьанне а.
Пайхмар (ﷺ) аьлла:《Цхьа барам хlоттор бу Шен, ткъа уьша Ялсманечу бохуьйтур бу.》 Цул тlаьхьа, Пайхмара (ﷺ) хьалх санна юха а сужуд дийр ду. Тlаккха а цхьа барам хlоттор бу цун оцу нахана Шафаlат дан. (Иштта кх.дl. Шафаlатах лаьцна долу дехха хьадис ду иза чакх даллалц. Хlорузза Аллахlана ( سبحانه و تعالى ) сужуде оьхур ву иза.И сужуде массоз воьда цхьа барам хlоттош Шафаlаташ дан бакъо лур ю цун.) [Аль-Бухари, Муслим]
■ Абу Хlурейрас (رضي الله عنه) хаьттина Пайхмаре (ﷺ) :《Хьа Шафаlат бахьнехь ирсе хинверг мила ву нахана юккъера?》Оцу хаттаран жоп луш Пацхмар (ﷺ) элира:《 "لا إله إلا الله" аьлларг вукх цlеначу шен даггара》
[Аль-Бухари, Ахьмад.]
Сийлахь Аллахl реза хир волчарех дойл вай!
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
43- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- Къемат дийнахь хир долу уггар доккха шафаIат муьлхаг ду, и хьенгахь хир долуш ду?
#ЖОП:
Шафаlат - Къематдийнахь Дала муъманахах Шена гергахь уггар беза болчарна кхечарна гlодаккха лур йолу бакъо ю.
Къемадийнахь кхечунна гIо дан ницкъ кхача кхо бехкам хила беза:
1 - ГIо дайта АллахIа пурба дала а деза.
2 - ГIо дечунна АллахI реза хилла а хила веза.
3 - ГIо оьшуш волучунна АллахI реза хилла а хила веза.
Аллахlа (سبحانه و تعالى ) аьлла:
● 《Цара шафаIат ца до АллахI реза хиллачунна бен》
[Сурат аль-Анбийаъ(21):28]
● 《Мила ву иза - Цунна гергахь шафаIат деш верг, Цуьнан пурбанца бен (Цуьнан пурба доцуш)?》
[Сурат аль-Бакъарат(2):255]
_____________________________________
Шафаlатан тайпанаш:
1)Тlаьхдоккха хиндолу шафаlат - 《 Шафаlатуль lузма》олуш дерг ду. И Шафаlат Къемат дийнахь нах махьшар-майданахь, Сийлахь-Веза Аллахl Шен лайшна юккъехь кхиэл йан варе хьоьжуш lаш болучу хенахь хир долуш ду.
Шафаlатуль lузма вай цхьан Пайхмара (ﷺ) бен дан бакъо йолуш хир дац.
ХIара доккха шафаIат дар Аллахlа вайн Элчанна (ﷺ) цхьанна делла ду.
Из ю и Хастаме меттиг олуш ерг - аль-макъамуль махьмуд.(Дерриг халкъша хастор волуш ву из цу тlехула, цундела аль-макъамуль махьмуд олу цунах).
Макъам махьмуд - Къематдийнахь Далла гергахь Сийлахь меттиг, Пайхмарна (ﷺ) шафаlат дан пурба лур долу меттиг.
Къемат дийнан латтаран бала нахана чIагIбелла базлур бу, цигахь латтар дах лур ду. Шайн Далла хьалха шафаIат дахьара, оцу халонех а, баланех а шаьш хьалха дитахьара аьлла, пайхамаршна тIе гIур бу уьш. Амма, уггар безчу элчанаша тIеоьцур дац шафаIат дар, тIаьххьара, элчанашна мохIур дина ваийтина волчу, хьалха а, тIаьхьа а цуьнгара йоьвллачу гIалатлонашна Аллахlа гечдина волчу вайн Пайхамарна Мухьаммадна (ﷺ) тIекхаччалц. ТIаккха иза (ﷺ) хIуттур ву, хьалхарчара а, тIаьхьарчара ша хестор волчу метте, шен еза меттиг гуча ера йолчу метте. Цо (ﷺ) сужуд дийр ду Делан Iарш кIеллахь. АллахIа тIаккха цунна дагчу тосур ду Ша хаставаран дешнаш, тIаккха цо (ﷺ) Иза вазвийр ву, хастор ву, тIаккха шен Аллахlе пурба доьхур ду цо (ﷺ) шафаIат дан, тIаккха АллахIа цунна пурба лур ду халкъашна шафаIат дан, лайшна тIехIиттина йолу халонаш а, баланаш а чекхбовлийтархьама. Чlогlа халонехь, гаттонехь болш болу, юккъе а ваьлла цо Шафаlат дича, массара хастор волш ву из.
И ю и Хастаме лоруш йолу меттиг, Аллахlа (عز وجل) цунна ваlда йина хилла йолу, Сийлахь Аллахlа ма аллара:
《... عَسَى أَن يَبْعَثَكَ رَبُّكَ مَقَامًا مَّحْمُودًا》
《...Хьан Кхиош-кхобучо хьо кхачор ву хастаме меттиге.》
[Сурат аль-Исраъ(17):79]
Вайн Пайхамара (ﷺ) дийцина:
《Къемат дийнахь адамийн эла хир ву со. Иза хIунда хир ду хаьий шуна иштта? АллахIа гулбийр бу хьалха хилларш а, тIаьхьа хилларш а, цхьана йоккхачу, шуьйрачу меттехь; бIаьрсино берриге лоцуш (гуш) хир бу уьш, кхайкхамхочо шен кхайкхам массарна цхьатерра дIахазош а хир бу царна. Малх герга балор бу цу дийнахь, ткъа адамашка гIайгIа а, бала а хIуттур бу, цаьрга кхи дIа лалур боцуш. Адамаша эра ду тIаккха: 《Шайга хIоьттинарг ца го шуна?! Шайн Деле шафаIат дийр верг хIунда ца лоху аш?》. ТIаккха адамаша вовшашка эра ду: 《Адам волчу даха деза шу》. Адам (عليه السلام) волчу богIур бу уьш тIаккха, цуьнга эра ду цара: 《Хьо адамийн да ву. АллахIа Шен Куьйга кхоьллина ву хьо, Шен долара Шен са а диллина Цо хьуна чу, малийкашка хьуна сужуд а дайтина цо, хьайн Далла хьалха шафаIат дехьа тхуна (тхо хIокху баланах кIелхьарадаха алий). Ца го хьуна тхоьгахь долу хьал? Цо го хьуна тхоьга хIоьттинарг?》. ТIаккха Адама эра ду цаьрга: «Бакъдолуш, сан Дела тахана оьгIаз вахана, хьалха Ша цкъаъа ца ваханчу кепара, йа тIаьхьа Ша цкъаъа гIур воцучу кепара. Цо суна ца магийнера диттана тIегIорта, ткъа со Цунна Iеса хилира. Сан са, сан са, сан са! Кхиверг волчу гlо. Нухь волчу гlо》.
Нухь (عليه السلام) волчу богIур бу уьш тIаккха, цара эра ду цуьнга: 《ХIай Нухь, дуьнена тIе доьххьара ваийтина элча ву хьо, АллахIа 《баркалла олуш волу лай》 аьлла цIе яьккхина а ву хьо, шафаIат дехьа тхуна хьайн Далла хьалха. Тхоьгара хIара хала хьал ца го хьуна?!》. Цо эра ду тIаккха: 《Бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волу сан Дела тахана оьгIаз вахана, хьалха Ша цкъаъа ца ваханчу кепара, йа тIаьхьа Ша цкъаъа гIур воцучу кепара. Ас сайн къомана доьхьал дина цхьа доIа дара сан… Сан са, сан са, сан са! Кхиверг волчу гlо, ИбрахIим волчу гlо》.
Ибрахlим (عليه السلام) волчу богIур бу уьш тIаккха, цара эра ду цуьнга: 《ХIай Ибрахlим , хьо АллахIан пайхамар ву, дуьненан охIлунна юкъахь Цуьнан доттагIа а ву, шафаIат дехьа тхуна хьайн Далла хьалха. Тхоьгахь долу хIара хала хьал ца го хьуна?!》. Цо эра ду цаьрга тIаккха: 《Бакъдолуш, сан Дела тахана оьгIаз вахана, хьалха Ша цкъаъа ца ваханчу кепара, йа тIаьхьа Ша цкъаъа гIур воцучу кепара. Доцург алар даьллера соьгара кхозза… Сан са, сан са, сан са! Кхиверг волчу гlо шу, Муса волчу гIо шу》.
Муса (عليه السلام) волчу богIур бу уьш тIаккха, цара эра ду: 《ХIай Муса, хьо АллахIан элча ву, Шен элчаналлийца а, Шен къамелаца а вазвина а ву хьо Цо кхечу нахана тIехь. ШафаIат дехьа тхуна хьайн Далла хьалха. Тхоьгахь долу хIара хала хьал ца го хьуна?!》. Цо эра ду тIаккха: 《Бакъдолуш, сан Дела тахана оьгIаз вахана, хьалха Ша цкъаъа ца ваханчу кепара, йа тIаьхьа Ша цкъаъа гIур воцучу кепара. Сайга де аьлла доцу цхьа адам дийнера ас… Сан са, сан са, сан са! Кхиверг волчу гIо шу, Марйаман кIант Iийса волчу гIо шу》.
Iийса (عليه السلام) волчу богIур бу уьш тIаккха, цара эра ду цуьнга: 《ХIай Iийса, хьо АллахIан элча ву, хьо Цо Марйаме делла долу Цуьнан Дош а ду, Цуьнан долара са а ду. Бераллехь хьой жима волуш нахе вистхилла а ву хьо. ШафаIат дехьа тхуна хьайн Далла хьалха. Тхоьгара хIара хала хьал ца го хьуна?!》. Iийсас эра ду тIаккха: 《Бакъдолуш, сан Дела тахана оьгIаз вахана, хьалха Ша цкъаъа ца ваханчу кепара, йа тIаьхьа Ша цкъаъа гIур воцучу кепара. Сан са, сан са, сан са! Кхиверг волчу гIо шу, Мухьаммад волчу гIо шу》.
Мухьаммад (ﷺ) волчу богIур бу уьш тIаккха, цара эра ду: 《ХIай Мухьаммад, хьо АллахIан элча ву, пайхамарийн мохIур а ду (хьол тIаьхьа кхин пайхамар хир воцуш). АллахIан хьуна гечдина ду хьалха хилларг а, тIаьхьа хилларг а. ШафаIат дехьа тхуна хьайн Далла гергахь. Тхоьгахь долу хIара хала хьал ца го хьуна?!》.
Ткъа, адамаша оцу меттехь вайн Пайхамаре (ﷺ) шафаIат дехча, цо эра ду: 《Со ву цунна!》.
ТIаккха со дIаволалур ву, тIаккха Iарша кIел вогIур ву со. ТIаккха, нуьцкъала а, сийлахь а волчу сайн Далла суждане вужур ву со. Цул тIаьхьа АллахIа суна довзуьйтур ду Ша хесторан а, Ша вазваран а дешнаш, сол хьалха Ша цхьанна а довзийтина доцу. ТIаккха эра ду: 《ХIай Мухьаммад! Хьалаабе хьайн корта! Деха - дехнарг лур ду хьуна! ШафаIат де - шафаIат тIелоцур ду хьан!》. ТIаккха ас сайн корта хьалаайбийр бу, тIаккха ас эра ду: 《Сан уммат, хIай сан Дела! Сан уммат, хIай сан Дела! Сан уммат, хIай сан Дела!》.
ТIаккха эра ду: 《ХIай Мухьаммад! Хьайн уммат юкъара шайна тIехь хьесап дийр доцурш ялсаманин неIарех аьтту агIор йолчу неIарех чубахийта, кхечу неIаршкахула кхечу нахаца чубаха йиш йолуш а бу уьш》.
И дийцинчул тIаьхьа, Пайхамара (ﷺ) аьлла: 《Сайн са Шен керахь долчуьнца дуй ма буу ас, ялсаманин неIаран шина эха юкъахь йолу меттиг (ялсаманин неIаран шоралла) Маккийна а, Хьимйарна а юкъахь йолу меттиг санна, йа Маккийна а, Бусрона а юкъахь йолу меттиг санна шуьйра ма ю》.
[аль-Бухари, Муслим]
_______________
2) Ялсаманин охIлунна неl дlаеллар доьхуш Пайхамара (ﷺ) дийр долу шафаIат, уьш Ялсамани чубахийта аьлла. Ялсманан неlарш шен доьххьур дlайоьллур верг вай Пайхамар Мухьаммад ву. Цуьнан тешалла :
Пайхамар (ﷺ) аьлла: 《 Къемат дийнахь Ялсаманин неIаре вогIур ву со, тIаккха: 《НеI дIаелла》 - эр ду ас, Хазина эр ду тIаккха: 《Хьо мила ву?》 Ас эр ду: 《Мухьаммад ву》. Цо эр ду тIаккха: 《Хьол хьалха цхьанна а дIамаелла аьлла омру дина дара суна》》 [Муслим]
Умматашха Ялсмане дуьххьар
чугlондерг-Мухьаммад уммат ду. Пайхмар (ﷺ)аьлла: 《Дуьнен тlер адмех тIаьххьар ду вай, Къемат дийнахь хьалхарнаш а ду вай, кхечу кхолларалла хьалха кхел чекх а ера ю вайн, Ялсмани чу доьххьар гIур дерш ду вай》.[Муслим]
_______________
3) Жоьжахати чу баха хьакъ хиллачу цхьаболчу нахана, уьш цу чу ма бахийтахьара аьлла дийр долу шафаlат .
Пайхмар (ﷺ) дийцина шен умматера даккхий къинош летийначарна а шен шафаlат дан бакъо хилар.
_______________
4)Дела цхьаъ вар дин лелина а болуш, жоьжахати чубахначарна даьн долу шафаlат ду, уьш цу чура арабахар доьхуш. И Шафаlат дича, уьш оцу жоьжахати чуьра арабоьвр бу дукха багoрна кlор санна дlа а хlиттина болуш. 《Дахаран татол》 олуш долчу татолан чукхуьссар бу уьш тlаккха. Тlаккха, керлачу дилханца тlебоьвр бу уьш, lовраши хиш кхетта долу хlу тlедаларе терра.
Аллахlа аьлла: 《Баккъалла а, Дала геч ца до Шеца накъост лацар‚ Цо геч ма до и доцург Шена луучунна》.
[Сурат ан-Нисаъ(4):48]
(Аль-Бухари) чохь хьадис ду:《Жоьжахати чура цхьа нах арабоьвр бу Мухьаммадан шафаIатца, тIаккха ялсамани чу гIур бу уьш, 《жоьжахати чохь хилларш》 – аьлла шайн цIе йоккхуш а болуш》. [аль-Бухари]
_______________
5) Ялсамани чохь болчеран даржаш сов даха аьлла даьн долу Шафаlат ду.
Пайхмаран (ﷺ) дешнаш ду :《Йа АллахI! Абу-Саламатана гечде Ахь, Айхьа нисбинчарна юккъахь цуьнан дарж сов даккха Ахь》 [Муслим].
И тlаьххьара 3 шафаlат къаьсттина вай Пайхмарна (ﷺ) хилла lаш дац. Делахь а, цу тlехь цхьана и хьалхарниг хир волуш ву. Цул тlаьхьа, кхиболу пайхмараш хир болуш бу шафаlат дан йиш йолуш, Дала шайн пурба делла болу, малийкаш хир ду, Делан гергар нах хир бу, бераш хир ду (да-нана дийна а долуш, кегийра долуш делла хилла долу)
Цул тlаьхьа, Сийлахь-Везачу Аллахlа арабохур бу Шен къинхетамца Жоьжахатичуьра нах цхьаммо дина шафаlат доцуш, Церан барам Аллахl воцчун бен хаа ца хууш. Ткъа уьш цхьана Аллахlа Ялсмане бохуьйтур бу.
_______________
6) Жоьжахати чохь болу цхьаболу керстачарна луш долу lазап дай дар доьхуш даьн долу Шафаlат. Иза,къаьсттина вай Пайхмарна лур йолу бакъо ю веккъа цхьан шен ден-вешина Aбу-Тlолибан хьокъехь, (Муслим) жайни чохь долчу хьадисехь а, кхидолу жайнишкахь а и билгалдаьккхина ма хиллара.
Пайхмар (ﷺ)аьлла: 《Къемат дийнахь сан шафаIато пайда бан мега цунна, тIаккха (ас шафаIат дича), цуьнан хьорканашка кхочуш йолчу, цуьнан хье кхехкор болчу жимчу цIерга вилла мега иза》.[аль-Бухари, Муслим]
_________________________
Пайхмар (ﷺ)аьлла: 《Жоьжахати чу нах кхуьссучера совцор бац, олучура иза а соцур яц : 《Кхи юй чукхосса хlумма а?》, Сийлахьчу Дала цун тlе Шен Ког биллалца. Цо тlе Ког биллича, гатталур ю иза. Тlаккха эра ду цо : 《 Хьа Сийлахьаллех дуй ма буу ша, кхачам бу хьун!Кхачам бу хьун!》
Нах Ялсмани чу бахчи цхьана, Ялсмане чохь еса меттиг хир ю лаьтташ. Тlаккха Сийлахь-Везачу Аллахlа адaмаш кхуллур ду, уьш оцу Ялсмане чу а бохуьйтур бу Цо.》 [aль-Бухари, Муслим]
Цу хьокъехь lаламат дукха айаташ а, хьадисаш а ду.
■ Пайхмар (ﷺ) аьлла: 《Шайна моллакхойкхуш хезча, цо ма-аллара цунна тIаьхьара ала аш, тIаккха суна салават дилла аш, бакъдолуш суна цкъа салават диллинчунна Дала иттозза салават дуьллур ду (къинхетам бийр бу цунах). ТIаккха, суна «василат» (ялсаманера еза меттиг) еха аш суна, бакъдолуш иза ялсаманехь цхьа меттиг ю… Шен 《василат》 дехначунна шен шафаIат хир ду》. [Муслим]
■Жабира (АллахI реза хуьлийл цун) дийцина, АллахIан
элчано (ﷺ) элира
аьлла: 《Нагахь моллалла кхойкхуш хезначо алахь: «Я, АллахI! ХIокху буьззиначу кхайкхаман а, хIокху дIахIотточу ламазан а Дела! Мухьаммадна ялсаманехь лаккхара дарж лохьа. Кхин болучу кхолламел а лакхаваккхахьа иза. Айхьа цунна ваIда йина йолу хастамечу меттиге а кхачавехьа иза. Боккъалаъ, Хьайн ваIда йохош вац-кха Хьо!》 /《АллахIумма рабба хIазихIид-даIватиттаммати вас-салатил къаимати ати мухьаммадан ал-василата
вал-фадилата, вабIасхIу макъаман махьмудан аллази ваIадтахIу, иннака ла тухлифул миIад》/ - сан шафаIат хир ду цунна къематдийнахь》
[Ахьмад, 657, Абу Дауд, 205, ат-Тирмизи, 1164, ан-Насаи, 137-140, ибн Хьиббан, 816.]
Цундела, хlора бусалба стагана, зудчунна тlаьхь декхар ду шафаlат Дала дан бакъо луш йолу бахьанаш, и шафаlат дан бакъо лур йолу lамалш муьлхаш ю те аьлла, уьш йовза а йоьвзина и lамалш яр.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
44- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- АллахIи кхелах тешаран цхьа далил дала де?
#ЖОП:
Къадр - АллахIа хIора хIумнах хиндерг билгалдаккхар ду.
Къадрах тешар - Ийманан бIогIамех цхьа бIогIам бу. Цунах тешча а бен Ийман кхачаме хуьлуш дац.
Дала доьгlначух(къадрах) теша везаш хилар гойту Аллахlан къамело:
● 《 إِنَّا كُلَّ شَيْءٍ خَلَقْنَاهُ بِقَدَرٍ 》
《Боккъалаъ,массо а хlума къадранца кхоьллина Оха》.
[Cурат аль-Къамар(54):49]
Аллахlа (سبحانه و تعالى )Шен Iилманна тIе а доьгIна, Шен хьекъалечу сацамна тIе а доьгIна билгалдаьккхина вайн массо хIумнах хиндерг. Иза доьрзуш ду Цун ницкъ хиларе, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш, Шена лууш дерг деш хиларе.
_____________________________________
АллахIи кхелах тешаран Къуръlанчуьра далиль:
Аллахlа (سبحانه و تعالى ) аьлла:
● 《 ... وَكَانَ أَمْرُ اللَّهِ قَدَرًا مَّقْدُورًا 》
《 ...Хили Аллахlан гlуллакх азаллехь кхочушхилла.》
[Сурат аль-Ахьзаб(33):38]
____________
● 《...لِّيَقْضِيَ اللّهُ أَمْراً كَانَ مَفْعُولاً ...》
《...делахь а, Аллахlа кхочушхилийтархьама дара и хилла даьлла гlуллакх...》
[Сурат аль-Анфал(8):42]
____________
● 《 ... وَكَانَ أَمْرُ اللَّهِ مَفْعُولًا 》
《 ...Хили Аллахlан гlуллакх дина даьлла. 》
[Сурат аль-Ахьзаб(33):37]
____________
Сийлахь Везачу Аллахlан амра шин декъе декъалуш ду:
1) Шарl амра ( Шарlехь цхьа хьукма тlедожош долу Делан омра)
2)Къадри амра(Къадрангахь Дала цхьа хlума билгалдоккхуш дина долу амр)
Вай далийна долу 3 айатехь дуьйцуш долу амр иза Къадр амр ду.
Къадри амр - Аллахlа хьалхе дуьйна дlа а яздина Ше Къадрангахь билгалдаьккхина долу хlум бохаг ду.
Аллахlан и дезаш хlума делахь а, Аллахlан цадезаш и резавоцуш долу хlума делахь а башхалла яц, дерриг билгалдаьккхина ду Къадрангахь.
Масала: Къадрангахь дlаяздина а, билгалдаьккхина а ду Иблис хир долш хилар, керист нах хир болуш хилар, Аллахl рез вацахь а, хlунда аьлча, Аллахl Иблисна оьгlазе Ву, керистнахан оьгlазе Ву. Амма Аллахlан Къадрангахь чулаьцна ду массо дика хlума а, массо вуо хlума а.
АмруЛлохlи Къадри хlу ду хаьттича, ала деза :《Аллахlа Ше Къадрангахь билгалдаьккхина, хила дезаш, ца хилчи ца долуш, хlокху дуьненчохь лела дезаш долу хlума ду иза (азаллехь дуьйна билгалдина хlума).》
Шарl амра - Сийлахь-Везачу Аллахlа вайна цхьа хlума тlедуьллуш дина долу амра ду, вайна цамагош бин болу бехкам бу.
Масала: Сийлахь Везачу Аллахlа Къуръlанчохь боху: 《Аллахl амра дина шуьга Ша воцучун lабадат ма де аьлла.》
Амру Шарlи ду иза, хlунда аьлчи, оцу айатехь вайна тlедуьллуш, доьхкуш цхьа хlума ду:Ша воцучун lибадат ма де боху Цо. ЦО вайна доьхкуш ду Ша воцучун цхьанни lибадат дар.
Сийлахь Везачу Аллахlа Ше Элчанаш бахкийтина. Элчанаш вайна Аллахlа дахкийтина долу амранаш,нахьййунаш схьакхачийна,царех аль-амру Шарlи олу.Цара Делегар хаамашцани цхьадолу хlума хьанал дина, цхьадолу хlуманаш хьарам дина. Оццу кепара башхалла ю амруЛлахlи Къадри а, аль-амру Шарlи а.
____________
Аллахlа (سبحانه و تعالى ) боху:
● 《مَا أَصَابَ مِن مُّصِيبَةٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ وَمَن يُؤْمِن بِاللَّهِ يَهْدِ قَلْبَهُ ...》
《Цхьа а бохам хилла бац АллахIан пурбанца бен, ткъа АллахIах тешнарг /и бохам Делера бу аьлла/ – Цо цуьнан дог нисдийр ду /цу бохам тIехь собаре хилийта/...》
[Сурат ат-ТагIабун(64):11]
Оцу айатехь вайна Аллахlа (سبحانه و تعالى ) билгалдоккхуш ду маьл хуьлуш долу хlума Къадарцани хуьлуш хилар. И хуьлуш долу хlума лайна дезаш долу хlума делахь а, ца дезаш долу хlума и делахь а, башхалла яц, и хlума дика хlум делахь а, вуо хlум делахь а, и хуьлуш долу хlума Аллахlи амранца хуьлуш ду, Аллахlи лаамца(кхиэлаца) хуьлуш ду иза.
____________
●《وَمَا أَصَابَكُمْ يَوْمَ الْتَقَى الْجَمْعَانِ فَبِإِذْنِ اللّهِ ...》
《Ши тоба дуьхь-дуьхьалкхеттачу дийнахь шуна хилла болу эшам(Ухьудехь бусалбанаш эшар) Делан лаамца бу...》
[Сурат аль-lимран(3):166]
Оцу айаташ вайна билгалдоккху муъманахе цу дийнахь беан хила болу и бохам, Делан Элчане (ﷺ) беан хил болу и бохам Аллахlа Шен Къадрангахь хилаза ца болуш билгалбаьккхина хиларна хилла бу Шен Элча (ﷺ) айъвархьам, ваз вархьам,сий-ларам сов баккхархьам. Иштта, и бохам баийтина Цо адмашна хаийта и Мухьаммад (ﷺ) цхьана адам дуйла, иза къайле хууш Дела воций хаийтархьам, адамаш санна иза а лазош хилар, адамашна санна цунна а вас хуьлш хилар, адмашна санна цунна а бохам хуьлуш хилар. И къайле хууш хиллехьари, шен цигахь эшам хир буй хиъча, цига гlура ма вацар. Цулла сов кхечу бахьанина а баийтина: и баланаш тlебаьхкинчу хенахь собарца чакхбовлуш берш билгалбаха а баийтина и бохам.
И гlазот бахьанех Аллахlа кхиъ вазвина, сийлахь вина Шен Пайхмар (ﷺ) , асхьабашна дикачу агlор а доьрзуш. Цул совнаха, эххара, оцу тlаман тlаьхьенгахь толам белла Аллахlа, тавхьид дош лакха а доккхуш, мушрик наха сийсаз а бохуш.
Вай дуьйцуш долчун юккъера Коьрта дерг - маьл хуьлуш долу хlума Аллахlан пурбанца а, Аллахlан Къадраца хуьлуш хилар ду.
____________
●《 الَّذِينَ إِذَا أَصَابَتْهُم مُّصِيبَةٌ قَالُواْ إِنَّا لِلّهِ وَإِنَّا إِلَيْهِ رَاجِعونَ (156)
أُولَئِكَ عَلَيْهِمْ صَلَوَاتٌ مِّن رَّبِّهِمْ وَرَحْمَةٌ وَأُولَئِكَ هُمُ الْمُهْتَدُونَ (157) 》
《 (Собаречаьрга кхаъбаккха,)
шайга бала боьссича, олуш болчу: «Баккъала а, вай АллахIан ду‚ Цуьнга юхадоьрзур долуш а ду». (156)Царна хир ду шайн Аллахlера хестор а, къинхетам а. Нийсачу новкъахь а бу уьш.
(157)》[Сурат аль-Бакъарат(2):156-157]
Кху айатехь дуьйцуш дерг дог - цlена ийман диллан болу муъманеха хьал ду. Шайга цхьа бохам беъча собарца чакхабовлу уьш. Шай гlуллакх, шай болх Аллахlи кар дlало цара. Аллахlан кхиэлана(къадрана) реза хуьлу уьш.Муъма стаг бусулб адми lакъидатца, бусулб стега lамалца а хила ца догlуш долу хlума шайгар ца долийт цара. Шай Дела реза воцу къамел шай маттехула ара ца долийт цара, дуккха наха долуьйтуш ма хиллара.
Цхьаболчу нахе бохамаш дехкича, цара шайгара хьарам долу хlуманаш дуьйлита:маттехула хьашт доцурш дуьйцу,меженашца хьашт доцурш леладо.
Масала:Цхьаболучара цхьа бохам беъча шайн тlера хlуманаш иэтlайо; шайн коьртах,бетах хlума яьтта, тийжамаш беш хуьлу, маьхьарий хьоькхуш хуьлу. Ишт болучу наха шайгара Аллахl реза воцуш долу къамелаш дуьйлит. Бусалб стаг ала ца дезаш дерг олу цара, лело ца дезаг леладо цара. Цхьайолу хенашкахь цхьаболучара тlе керстналла дохуш долу дешнаш а олу, оцу Къадарна, кхиэлана реза боцуш шай ийман гlийла хилар бахьан долуш.
Амма дог-цlена ийман диллинчара 《إِنَّا لِلّهِ وَإِنَّا إِلَيْهِ رَاجِعون》олу. Царна хаа шаьш динчуьнца хир буй Аллахlан бекхам. Цундела, собарца чакх бовлу уьш иза гlоле дуй хууш.
Царна хир йолу ялл - шай Делера Стигларчу малийкашна хьалха хастабар хир ду, геч дар хир ду, къинхетам хир бу.
Вай схьадалийнаш доцуш а, кхин дуккха а ду айаташ схьадало йиш йолуш.
_____________________________________
Иштта Суннатера тоьшалла:
■ Iумара (رضي الله عنه) аьлла: 《Цкъа тхо АллахIан элчанан (ﷺ) гуламехь хевшина Iаш долуш, дагахь а доцуш, цхьа стаг тIевеара тхуна,бIаьрг кхулучу кIайн духарехь, кIарула-Iаьржа месаш а йолуш, цуьнга хьаьжча, иза некъаца ву-кха ала йиш а йоцуш. Тхоьх цхьанна а вевзаш а
вацара иза. Пайхамарна (ﷺ) дуьхьал охьахиира иза. Шен голаш цуьнан голех а хIуттуш, шен куьйгаш шен варешна тIе а дохкуш, цо элира: 《ХIай, Мухьаммад! Ислам-дин довзийтахь суна》. АллахIан элчано (ﷺ) элира:《Исламан бух - ахьа тоьшалла дар ду: АллахI бен кхин дела цахилар, Мухьаммад – АллахIан элча хилар. Иштта ламаз дар а ду, закат даккхар а ду, рамадан беттан марханаш кхабар а ду, хьаждан хьажцIа вахар а ду》.Жабраила элира: 《Бакъ лоь хьо》. Тхо цуьнах цецдевлира - цуьнга хетта а хоьттуш, бакъ лоь хьо бахарах! Жабраила элира: 《Ткъа хIинца иман бохург хIун ду довзийтахь суна》.Мухьаммада (ﷺ) элира: 《Иманан бух – хьо тешар ду: АллахIах а, Цуьнан малекех а, Цуьнан
жайнех а, Цуьнан элчанех а, тIаьххьарачу (къематан) дийнах а. Ишттахьо доьгIначух тешар а ду, дикачух а, цуьнах санна вончух а (Делан къадр)》. Жабраила элира: 《Бакъ лоь хьо》. Цул тIаьхьа Жабраила элира: 《Ихьсан хIун ду дийцахьа суна》.Пайхамара (ﷺ) элира:《Ихьсанан бух – ахьа АллахIна лолла дар ду, хьайна И гуш волуш санна. Хьайна И гуш вацахь а, Цунна хьо гуш хилар а хууш》.Жабраила элира: 《Ткъа хIинца къематдийнах дерг довзийтахь суна》.
Мухьаммада (ﷺ) элира: 《Шега хоьттуш верг-м вац цуьнах лаьцна ша хоьттуш волучул а сов хууш хIума долуш》. Жабраила элира: 《Делахь хIета, цуьнан билгалонаш йовзийтахь суна》. Мухьаммада (ﷺ) элира: 《(Къематде гергадаран билгалонех хир ду) - гIарбаш-зудчо шена эла яр, иштта хьуна гар а - когаш берзинарш, догIмаш дерзинарш, таро йоцу жаIуй, шайн хIусамаш лакхаярехь вовшашлахь сов бовла
гIерташ》.Цул тIаьхьа и стаг дIавахара. Ткъа со цхьана ханна бухависира. ТIаккха Пайхамара (ﷺ) хаьттира:《ХIай, Iумар! Хьуна хаьий, и хеттарш хьан дира?》.
Аса (Iумара) элира:《АллахIна а, Цуьнан Элчанна а дикаха хаьа цуьнах дерг》.Мухьаммада (ﷺ) элира:《Боккъалаъ, иза - Жабраил дара, шуна шайн дин Iамон деана》.
[аль-Бухари, Муслим, Ибн Маджахl...]
____________
Сийлахь Аллахlа Ше Къадрангахь билгала маьл даьккхан долу хlума чlогlа доккхачу маьlнан(хьикматан) ду, дика хуьлийла и, йа вуо хуьлийла и. Иштта Ша билгалдаьккхан долчу хlуманца Аллахlа Шен лайш зуьш бу. Диканца а, вуочуьнца а зуьйр ду ма аьлла вай Аллахl Шен Сийлахь Къуръlанчохь. Нагахь санна, тlедеана диканиг далахь Аллахlан шукр да деза, нагахь тlедеънарг вуонаг далахь- оцу хlуманна собаре хила веза, Аллахlа и тlедаитарна 《Делан кхиэл ю-кх хlар》 аьлла реза хила веза, Аллахlе шена къинхетам беха беза, гечдар деха деза, цу тlе ала а деза цо 《إِنَّا لِلّهِ وَإِنَّا إِلَيْهِ رَاجِعون》.
■ Пайхмара (ﷺ) аьлла : 《Ма тамашийна ду-кх АллахIах тешаш волчуьнан гIуллакх! Баккъалла а, цуьнан массо гIуллакх (цуьнца мел хуьлуш долу хIума) дика хуьлу-кх цунна. Иштта и ша-долу гIуллакх дика хилар цхьана АллахIах тешаш волчунна бен дац. Шена хаза хеташ долу хIума шена хилча (Далла) 《шукр》 (баркалла, хастам) до цо, тIаккха цунна иза дика хуьлу. Шена хала хеташ долу хIума шена хилча собар до цо, тIаккха иза а цунна дика хуьлу》
[Муслим]
____________
■ Пайхмара (ﷺ) аьлла: 《Хьуна хаийла, хьуна хилларг хьуна ца хуьлуш дуьссур хилла ца хилар, хьуна ца хилларг хьуна цкъа а хир долуш хилла ца хилар》.
[Ахьмад, Абу Дауд, Ибн Маджахl]
Аллахl Шен Къадрангахь хьуна тlе бан язбин болу бала, йа ниlмат хьуна тlе ца догlуш дуьсур дац хьуна, хlунда аьлчи Аллахlан кхелехь а, къадрехь а гlалат дан а дац.
____________
■ Элчано (ﷺ) аьлла:《........Нагахь, Хьайга муьлхха а цхьа хlума дахахь, ахь ма аллахь 《Аса хlар хlума дина ца хиллехьара, хlара хир ма дацар суна》, амма иштта аллахь:《Аллахlа хlара хlума Шен Къадрангахь иштта хила доьгlна а, яздина а хилла, Цун ма лаъара кхочуш а хилла》. [Муслим]
Адмиг цхьа хlума деъча, оцу къадран доьхьло ян езаш вац иза. И доьхьло яр лоруш ду 《ас хlар ишт динехьари хlар вуьшт хир ма дар...》 бохш долу къамел.
Цо и дичи, ца дичи цун тlе дан дезарг дохар ма ду цун тlе. Аллахl динчунна реза хил деза вай. Къайле хууш Верг Аллахl бен ма вац. Вайн дика дерг Цун бен ма ца хаа. Аллахl маьл деш долу хlума ше доккха хьикмат(маьlан) чулоцуш ма ду.
Аллахl Шен луург деш Ву.
____________
《Лавхьул махьфуз》(Далла гергахь лардеш долу у) тIехь дIаяздина ду вайн тlедогlар дерг а.
АллахIа (سبحانه و تعالى) аьлла:
《Оха цхьа а хIума ца дитина жайни чохь (дIа ца яздеш)》.
[Сурат аль-АнIам(6):38]
■Пайхамара (ﷺ) аьлла:《АллахIа дIаяздина халкъах хир дерг, Ша стигланаш а, латта а кхоллале шовзткъе итт эзар шо хьалха》. [Муслим]
____________
Массо хlума Аллахlан кхиэлаца ду.
■ Пайхмар (ﷺ) аьлла:《Гlорасиз хилар а, кхетаме хилар цхьана ду оцу Къадранах》.
[Муслим, Ахьмад]
____________
■ Пайхмара (ﷺ) аьлла:《 Хьайна пайда болчу хIуманна тIегIерташ хила хьо, АллахIера гIо а деха ахь, хIара хIума соьга дан ца ло але Iад а ма Iе хьо. Ткъа нагахь санна хьайна цхьа вон хIума хилахь, ахь ма ала - 《дависа, иштта а, иштта а дина хилла делара ас иза》 – але. Бакъдолуш - 《дависа, делара》– бохучо шайтIанан Iамал дIайоьллу》. [Муслим]
Кхин дуккха а ду Къадре ийман дила дезаш гойтуш хьадисаш.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
45- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- Дела кхелах тешаран мас даржа ду?
#ЖОП:
Къадр - АллахIа хIора хIумнах хиндерг билгалдаккхар ду.
Ийманан арканашха ялхолгIа рукн ю аль-къадаl ва аль-къадарах тешар.
Цунах тешча а бен Ийман кхачаме хуьлуш дац.
_____________________________________
Къадре ийман диллар 4 дарже декъалуш ду. Къадрах тешар кхочуш ца хуьлу цуьнан диъ даржах тешча бен:
(*1*) Массо хIума чулоцуш долчу, цхьаммо а кхоллаза долчу АллахIан Iилмане (Цунна массо хIума хууш хиларх) ийман диллар.
Цун хаарах долуш дац, Цун цахууш дуьсуш дац, Цун хааран юккъер долуш дац ченалгал хlума а йа Стигланашкахь а, йа Латтанашкахь а.
Иштта, Сийлахь-Везачу Аллахlана хиин хиларах тешар ду Шен берриг кхолламашха дерг Ша уьш кхоллале хьалха дуьйна.
Иштта, тешар ду цера рицкъанаш мух хир долуш ду Цунна хууш хилла хиларха а, цара хlокху дуьненчохь мел оьмар/хан йоккхар ю Цунна хууш хилла хиларха а.
Цара бохун долу хlума, цара дуьйцан долу хlума, цара эра долу хlума, церан маттехула арадера долуш долу хlума, дерриг Цунна хууш хилла хиларха а, иштта, цара хlу лелор ду, цара хlу гlуллакхаш дир ду Цунна хууш хилла хиларха а тешар ду. Церан дерриг леларш муха хир долуш ду Цунна хиин хилла хиларах тешар ду, цера дерриг тераш, дlатераш муха хир ду Цунна хууш хилла хиларха а тешар ду.
Цара хьулмехь лелон а, хьулмаз лелон дерг а Цунна хууш хилла хиларах тешар ду. Цареха Ялсмане гlон верг мила ву, цареха жоьжахате гlон верг мила ву Цунна хьалхе дуьйна хууш хилла хиларах тешар ду.
АллахIа( سبحانه و تعالى ) аьлла:
● 《وَعِندَهُ مَفَاتِحُ الْغَيْبِ لاَ يَعْلَمُهَا إِلاَّ هُوَ وَيَعْلَمُ مَا فِي الْبَرِّ وَالْبَحْرِ وَمَا تَسْقُطُ مِن وَرَقَةٍ إِلاَّ يَعْلَمُهَا وَلاَ حَبَّةٍ فِي ظُلُمَاتِ الأَرْضِ وَلاَ رَطْبٍ وَلاَ يَابِسٍ إِلاَّ فِي كِتَابٍ مُّبِينٍ 》
《Цуьнгахь ду-кх къайленан /хазнийн/ догlанаш. Цунна Шена бен ца хаьа уьш. Аренгахь дерг а‚ хlорда чохь дерг а хууш ву-кх И‚ гlа охьа догlур ма дац Цунна хууш бен‚ буьртиг /кхуьур/ ма бац лаьттан боданашкахь‚ я тlуналла а‚ я йокъалла а /южур/ ма яц‚ ша билгалчу жайна(Лавхьул махьфуз) чохь йолуш бен.》
[Сурат аль-Анlам(6):59]
__________
●《 ...وَعَسَى أَن تَكْرَهُواْ شَيْئًا وَهُوَ خَيْرٌ لَّكُمْ وَعَسَى أَن تُحِبُّواْ شَيْئًا وَهُوَ شَرٌّ لَّكُمْ وَاللّهُ يَعْلَمُ وَأَنتُمْ لاَ تَعْلَمُونَ 》
《Шуна ца деза тарлуш ду, шайна диках дерг. Шуна деза а тарлуш ду, шайна вон (зене) дерг. АллахIана хаьа, ткъа шуна ца хаьа》.
[Сурат аль-Бакъарат(2):216]
__________________________
(*2*) И дерриге (лакхахь маьл хьахийнарг) дlаяздина хилла хиларе Ийман диллар ду. АллахIана хууш долу и билгалдаьхна долу хIумнаш 《Лавхьул махьфуз》 тIехь дIаяздина хиларх тешар ду. Иштта цу юккъе догlу массо хlума дlаязош болу Къоламах хиларх, и 《Лавхьул махьфуз》хиларх тешар а.
АллахIа( سبحانه و تعالى ) аьлла:
● 《 أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاء وَالْأَرْضِ إِنَّ ذَلِكَ فِي كِتَابٍ إِنَّ ذَلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ 》
《Хьуна ца хаьара АллахI хууш вуй стиглахь дерг а, лаьтта тIехь дерг а?Баккъалла а, иза /Лавхь махьфуз/ жайна чохь ду. Баккъалла а, иза (хаар) АллахIана атта а ду》
[Сурат аль-Хьадж(22):70]
■ Пайхамара (ﷺ) : 《АллахIа дIаяздина халкъах хир дерг, Ша стигланаш а, латта а кхоллале шовзткъе итт эзар шо хьалха》. [Муслим]
__________________________
(*3*) АллахIан лаамах тешар, Цунна лиъча хIуъа а хуьлуш хиларх тешар, массо хIума чулоцуш болчу Цуьнан ницкъах тешар. Вовшах къаста/дала йиш йолуш дац и шиъ. Муьлхха а хилла, лелла долчунна хьокъехь а, хир долуш, лела дезаш долу хlуман хьокъехь а вовшах дала йиш йолуш дац и шиъ.
Муьхха а хир долуш хlума Аллахlан хила диан ду, иза хилийта Цун ницкъ болуш а ду.
И шиъ вовшах дала йиш йолуш ду хилла доцуш долучун хьокъехь а, хир доцучун хьокъехь а.
Цундела, Сийлахь Аллахlана хила Лиъна дерг Цун ницкъаца хир долуш ду шеко а йоцуш.
Ткъа Сийлахь Аллахlан и хуьлийл ца лиан долу хlума хир долуш дац, хlунда аьлча Аллахlан ца лиан дер и хуьлийла. Аллахlи и хилийта ницкъ ца хиларна дуьсуш дац иза ца хуьлуш, Аллахlан и хуьлийла ца лаарн ца хилла ду иза. Аллахlан лиънарг кхочуш хуьлуш ду. Цу балхах цlен Вукх Аллахl( سبحانه و تعالى ).
АллахIа( سبحانه و تعالى ) аьлла:
● 《 ...وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيُعْجِزَهُ مِن شَيْءٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَلَا فِي الْأَرْضِ إِنَّهُ كَانَ عَلِيمًا قَدِيرًا 》
《 Аллахl хили Ша духатухур воцуш стигланашкахь а‚ лаьттахь а цхьанна хlумано. Баккъалла а, Иза хили хууш верг а‚ ницкъ берг а. 》
[Сурат Фатlир(35):44]
__________
● 《 وَمَا تَشَاؤُونَ إِلَّا أَن يَشَاء اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ 》
《Шуна луур дац (хIумма а) АллахIана лиъча бен, Iаламийн Эла волчу》.
[Сурат ат-Таквир(81):29]
■ Пайхамара (ﷺ) аьлла шега 《АллахIана а, хьуна а лиънарг ду хIара》 аьллачуьнга:《АллахIаца накъост ви ахь сох? Муххале а, цхьана АллахIана лиънарг ду》 [Ахьмад]
__________________________
(*4*) АллахI массо хIума кхоьллинарг а, массо хIума кхуллуш верг а хиларх тешар.
Иштта, тешар ду цхьаъа ченалг/цхьаъа чена буьртигал хlума ца хилар
йа Стигланашкахь а, йа Лаьтта тlехь а, йа царна юккъехь а и кхоьллинарг Аллахl волуш бен. Церан лелар а, хьер а, тер а, дlатер а кхоьллинарг Аллахl хиларах тешар ду.
Хастам букх Цун! Кхуллург вацкх И Воцург, йа Дела вац И Воцург!
АллахIа( سبحانه و تعالى ) аьлла:
● 《اللَّهُ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ وَكِيلٌ》
《АллахI ву массо хIуманан Кхоллархо, массо хIуманан Iуналла деш верг а ву Иза (Шена луург до Цо Шена луъучу хIуманца)》.
[Сурат аз-Зумар(39):62]
__________
● 《 وَاللَّهُ خَلَقَكُمْ وَمَا تَعْمَلُونَ 》
《АллахI ма ву шу кхоьллинарг а, аш деш дерг а /кхоьллинарг а/》.
[Сурат ас-Соффат(37):96]
■ Пайхамара (ﷺ) аьлла:《Баккъалла а, цхьа гIулкх, йа хIума деш верг а, цо деш долу хIума а, гIулкх а АллахIа кхуллуш ду》.
[аль-Бухари]
Дуккха айаташ а, хьадисаш а ду схьадало йиш йолуш оцу деани даржан хьокъехь.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
46- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 142-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца доцца?
#ЖОП:
Къадрах тешар - вай ийман диллар ду АллахΙан Ιаламе, цу чохь долчу
массо халкъах а хиндерг билгалдаьккхина хиларе. АллахΙа Шен Ιилманца, цхьана пайденна халкъ кхоьллина хиларх, хΙара Ιалам кхолла а кхоллале, АллахΙана хΙокху Ιаламах а, хΙокху чохь долчух а хиндерг хууш хиларх теша дезаш ду вай.
АллахΙа ( سبحانه و تعالى ) , Шена гергахь долчу Лавхьул-махьфуз тΙехь дΙаяздина хиларе а, АллахΙана ца лиъча, Цуьнан лаамца бен цхьа а хΙума хуьлуш ца хиларе а,
иштта, хΙара Ιалам а, халкъ а Цо Шен лаамца кхоьллина хиларе а ийман дила дезаш ду вай.
_____________________________________
Дlайаханчу урокехь вай къадран мас дарж ду дийцир. Ткъа тахана шолгlачу даржан юккъе дохуш долу къадарийн тайпанаш дуьйцар ду вай.
Оцу даржан юкъадоху 5 тайпа къадар ду. Уьш дерриге Аллахlан lилманга доьрзуш ду, Аллахlан хаарца уьйр йолуш ду.
(*1*) (التقدير الأزلي)
Азаллехь дуьйна билгалдаьккхина долу къадар, 《Лавхьул махьфуз》 чохь, стигланаш а, латта а кхоллале хьалха шовзткъе итт эзар шо хьалха дIаяздина дерг, Аллахlа Къолам* кхоьллинчу хенахь.
* (Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) Къолам кхоьллина, цуьнга дlаяз де аьлла.Оцу Къоламо ша маьл хиндолу хlума дlаяздина. И яздар стигланаш а, латта а кхоллале хьалха шовзткъе итт эзар шо хьалха хилла ду)
__________________________
(*2*) (التقدير العمري)
Xlора адми дахарехь дерг билгалдаккхар ду. Иза адамана чу са кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа, цуьнан дахаран хан дIаяллалц цунна хир дерг а, цо лелор дерг а, и массо хIума билгалдаккхар ду.
И билгалдакккхар хилла Аллаха ( سبحانه و تعالى ) чlагlо оьцуш аьллачу дийнахь:
●《أَلَسْتَ بِرَبِّكُمْ قَالُواْ بَلَى شَهِدْنَا》
《Шун Дела вац со?》
[Сурат аль-Аlраф(7):172]
Шоллагl къадар дуьххьарлера къадарчуьра схьаэцна ду.
__________________________
(*3*) ( التقدير العمري)
Изаъ ду Хlора адми дахарца уьйр йолуш билгалдаьккхина долу къадар. Шоллагlниг сан ду изаъ.
И билгалдаьккхина бер хуьлш долу хи нен кийрахь дlанисдечу хенахь.
МасIудан кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьйл цун) аьлла, бакъ луьйш волчу а, тешам хила хьакъ волчу а АллахIан Элчано (ﷺ) дийцира аьлла: 《Боккъалаъ, шух хIора а (цкъа хьалха)
шен ненан кийрахь кепе валаво: [...........]
Цул тIаьхьа АллахIа малик хьажадо, цо цунна чу са дуьллу. Цул тIаьхьа цо цуьнга диъ (хIума) дIаязде (олий) омра до: шен рицкъа, шен хан, шен гIуллакхаш, иштта ирсе хир ву я декъаза хир ву иза. Аса дуй
буу Ша воцург кхин дела воцучух: боккъалаъ, шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) ялсаманин охIланан Iамалш: ялсамане кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду - жоьжагIатин охIланан гIуллакхашна тIехьа а ваьзна, (жоьжагIате) гIур ву иза. Боккъалаъ,(иштта) шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) жоьжагIатин охIланан Iамалш: жоьжагIате кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду - ялсаманин охIланан
гIуллакхашна тIаьхьа а ваьзна, (ялсамане) гIур ву иза》
[Бухари: 3208, Муслим: 2643].
__________________________
(*4*) (التقدير الحولي)
ХIара къадр хIора шарахь 《Лайлатуль къадр》буьйсанна билгалдоккхуш ду. Цхьана шеран къадр. Иза хIора шарахь адамана хир дерг а, цо дийр дерг а билгалдаккхар ду.
《Лайлатул къадр》- къадран буьйса бохург ду. И буьйса мархин беттан тIаьххьара итт де дисча, оцу юккъахь хуьлуш ю.
АллахIа ( سبحانه و تعالى ) аьлла:
●《فِيهَا يُفْرَقُ كُلُّ أَمْرٍ حَكِيمٍ》
《Цу (буса) къастош ду массо а хьикмате (хийцалун доцу; я хилаза ца долу) гIуллакхаш, 》
[Сурат ад-Духан(44):4]
__________________________
(*5*) ( التقدير اليومي)
ХIора дийнахь хIоттош долу къадр. Иза хIора дийнахь хуьлуш долу хIума билгалдаккхар ду, ницкъ балар а, эшам хилар, рицкъ далар а, валийтар а, иштта кхин дерг а санна долу.
АллахIа ( سبحانه و تعالى ) Шен Сийлахьчу Къуръан чохь аьлла:
●《يَسْأَلُهُ مَن فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ كُلَّ يَوْمٍ هُوَ فِي شَأْنٍ》
《Цуьнга доьхуш бу стигланашкахь а, лаьттахь а берш. ХIора дийнахь Шен сийлахьчу гIуллакхехь ву Иза (Шен халкъан гlуллакхаш кхочушдеш ву)》.
[Сурат ар-Рохьман(55):29]
___________
Азаллехь дуьйна билгалдаьккхина долу къадарчуьра (Лавхьул махьфузчуьра) схьа а оьци дlаяздеш ду дисан дерриге къадар. Оцу къадарчохь маьл долу хlума дlаяздина ду.
Вуьшт аьлчи, Къадар шин декъе декъалуш ду.
● (Такъдирун lамун) - Маьл хиндолу хlума шена чуцолуш долу къадар ду.Иза 《Лавхьул махьфуз》 чохь яздинарг ду.
■ Пайхмар (ﷺ) аьлла: 《Баккъалла а, Аллахlа дуьххьара кхоьллинарг Къолам бу. Ша кхоьллийнчу оцу Къоламе аьлла Аллахlа хlетахь:《Дlаязде!》.
Къоламо хаьттира:《Сан Дела, хlу язде ас дlа?》Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) элира:《Массо хlумана а доьгlнарг дlаязде, Къематде даллалц маьл хин долу.》
[Абу Дауд]
● (Такъдирун муфассилун) - 《lам》долу такдир дакъошка декъа а доькъуш ше-ше хан чохь(меттигашкахь) билгалдаккхар ду. 《lам》 такдирчуьра схьааьцна ду иза, массийт декъе декъа а луш.
Бусалб стаг къадре ийман диллан хил везаш ву.
Нагахь санна, муьлхха а цхьам оц къадран инкарло яхь, иза къадран ийман диллан лорур вац.
Ткъа къадран ийман ца диллан верг-ийманан арканашха цха рукнан инкарло йин лоруш ву.
Ийманан арканашха цха рукнан инкарло йинаг - бусалб лоруш вац.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
47- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- АллахI дуьне латта кхолла кхолле мел хьалха дIа яз дин ду мел хин дерг, далил далош?
#ЖОП:
Вай дийцира Къадари ийман диллар, иза 4 дарже декъалуш хилар а:
1) lильм
2) Дерриг дlаяздин хилар
3) Массо хlума Аллахlан Лаамца хуьлуш хиларх тешар
4) Массо хlума кхоьллинарг Аллахl хиларх тешар
Иштта, вай дийцира дерриг хlума дlаяздаран юкъадохуш долу 5 къадар:
● (التقدير الأزلي)
● (التقدير العمري)
● (التقدير العمري)
● (التقدير الحولي)
● (التقدير اليومي)
_____________________________________
АллахI дуьне латта кхолла кхолле хьалхьа Дерриг дlаяздин хиларан тоьшалла ду Аллахlан ( سبحانه و تعالى ) къамел:
●《مَا أَصَابَ مِن مُّصِيبَةٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي أَنفُسِكُمْ إِلَّا فِي كِتَابٍ مِّن قَبْلِ أَن نَّبْرَأَهَا إِنَّ ذَلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ》
《Лаьтта тIе а, шуьг-шайга а богIуш болу цхьа а бала Тептарахь /Лавхьуль махьфуз жайни чохь/ дIаязбанза бац, оха и кхоллале хьалха дуьйна а. Боккъалла а, АллахIана атта ду и》.
[Сурат аль-Хьадийд(57):22]
Суннатера далиль:
■ Пайхамара (ﷺ) : 《АллахIа дIаяздина халкъах хир дерг, Ша стигланаш а, латта а кхоллале шовзткъе итт эзар шо хьалха》.
Пайхмара (ﷺ) оцу хьадисехь элира:《Цун lарш оцу хенахь хи тlехь хилла》.
[Муслим]
______________
■ Пайхмар (ﷺ) аьлла: 《Баккъалла а, Аллахlа дуьххьара кхоьллинарг Къолам бу. Ша кхоьллийнчу оцу Къоламе аьлла Аллахlа хlетахь:《Дlаязде!》.
Къоламо хаьттира:《Сан Дела, хlу язде ас дlа?》
Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) элира:《Массо хlумана а доьгlнарг дlаязде, Къематде даллалц маьл хин долу.》
[Абу Дауд, Ат-Тирмизи, Ахьмад]
______________
■ Пайхмар (ﷺ) элира аьлла дийцина:《 Хlай Абу Хlурейра! Къоламо маьл хин долу хlума дlаяздина долу шекъа дакъа делла хьун》.
[аль-Бухари, Ахьмад]
Кхин дуккха а ду хьадисаш цу хьокъехь схьадало йиш йолуш.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
48- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 146-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца доцца?
#ЖОП:
《Лайлатуль къадр》- къадран буьйса бохург ду. И цIе елла цуьнан ларамаллина а, шеран кхийолчу буьйсанашна а, деношна а хьалха АллахIана гергахь иза тIех дика хиларна а, еза хиларна а. И буьйса мархин беттан тIаьххьара итт де дисча, оцу юккъахь хуьлуш ю.
Къаьсттина оцу буса билгалдоккху - адамийн оьмар, нехан хьал-бахам, иштта Аллахlан къадарехь тIаьххьарчу шарахь хила мел доьгIнарг а.
Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) сурат
《 аль-Къадр (Лайлатул-къадр) 》 доссийна цун хьокъехь :
بسم الله الرحمن الرحيم
●《 إِنَّا أَنزَلْنَاهُ فِي لَيْلَةِ الْقَدْرِ (1)
وَمَا أَدْرَاكَ مَا لَيْلَةُ الْقَدْرِ (2)
لَيْلَةُ الْقَدْرِ خَيْرٌ مِّنْ أَلْفِ شَهْرٍ (3)
تَنَزَّلُ الْمَلَائِكَةُ وَالرُّوحُ فِيهَا بِإِذْنِ رَبِّهِم مِّن كُلِّ أَمْرٍ (4)
سَلَامٌ هِيَ حَتَّى مَطْلَعِ الْفَجْرِ (5)》
Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цlарца:
*1* 《Бакъдолуш, И /Къуръан Лавхьуль махьфуз чуьра дуьненан стигла/ доссийна Оха лайлатуль-къадаран буса.
*2* Мичара хиира хьуна /Мухьаммад/, лайлатул-къадар буьйса хIун ю?
*3* Лайлатуль-къадар буьйса цхьаъ тоьлу эзар беттанел.
*4* Оцу буса, шайн Делан пурбанца, охьадуьссу малийкаш а, Са (Жабраил малик) а, Цуьнан омранаш а дохьуш.
*5* И маршо лаьтта садаржжалц》.
[Сурат аль-Къадар(97)]
_____________________________________
《Лайлатуль къадр》буьйсанна шаран доьгlнарг билгалдоккхуш хиларан бух
Аллахlан ( سبحانه و تعالى ) къамел ду:
● 《فِيهَا يُفْرَقُ كُلُّ أَمْرٍ حَكِيمٍ (4)
أَمْرًا مِّنْ عِندِنَا إِنَّا كُنَّا مُرْسِلِينَ (5)》
《Цу (буса) къастош ду массо а хьикмате (хийцалун доцу; я хилаза ца долу) гIуллакхаш,(4) Тхан омранца. Баккъалла а, Тхо хилира бохкуьйтурш. (5) 》
[Сурат ад-Духан(44):4-5]
Хlокху айато гойту цу буьйсанна билгалдоккхуш хилар оцу шаран чохь хиндолу массо хьикмате гlуллакх.
Къадаи, Къадри болх оцу буьйсанна къастош бу. Оцу буьйсанна къастош ду оцу буьйсанал тlаьхьа догlур долу шар чохь маьл хин долу хlума.
■ Ибн lаббаса(Аллахl рез хуьлийл цу шинна а) элира аьлла дийцина:《Лардеш долу Тептар чуьра(Лавхьуль махьфуз) схьаяздеш ду 《Лайлатуль къадр》буьйсанна тlедогlучу шарахь хиндерг, леландерг, валар делахь валар дlаяздеш ду; йа вахар; йа дуьненчу валар делахь, цхьан хир долуш, иза а дlаяздина ду; хlоран рицкъ а билгалдина ду; догlа догlур делахь иза а дlаяздина ду; Хьаж дан гlон берш цхьан дlаязбина бу; Оли дlаяздокх:《Хьенаха а, менеха а хlокх шарахь Хьаж дийр ду》.
[Ибн Аби Хьатима шен тафсир чохь далийна ду ибн lаббас аьлларг.
ас-Суютис 《ад-Дурруль-мансур》шен цlе йолу жайни чохь Мухьаммад ибн Насра а, ибн Мунзира а дийцина ду иза аьлла цу шингара хилар билгалдина.
Изз маьlан долуш долу дешнаш аьлла Хьасана а, Саlид ибн Джубайра а, Мукъатиля а, Абу lабд ар-Рахьман ас-Суламис а...кх. дl.]
__________________________
Вай далийначу айато а, ибн lаббаса аьлла дешнаша а вайн билгал до 《Лайлатуль къадр》буьйсанна оцу шаран чохь маьл хиндолу хlума 《Лавхьуль махьфузчуьра》 схьа а яздой билгалдоккхуш хилар.
Цунах (التقدير الحولي) олу.
Шегахь баланех а, вонех а хIума доцуш цIена буьйса ю и《Лайлатуль къадр》 , хIунда аьлча цо шеца даккхийра диканаш дохьу. Иза дIайолало малх дIабуьзча, чекхйолу сахилча. Дуккха а хьадисаш ду оцу буьйсанан дикаллех дуьйцуш. Билггал хууш ду - иза Рамадан беттан тIаьххьарчу итт буьйсанах цхьаъ хилар, и леха еза къаьсттина шалза буьйсанашкахь. Лайлатуль-къадаран ладамалла а, цуьнан дика а довр долуш дац, и лаьттар долуш ду къематде тIекхаччалц. Цундела Мухьаммад пайхамар (ﷺ) Рамадан баттах тIаьххьарчу итт дийнахь иIтикаф а доьхкий, маьждиг чохь къовлалуш хилла. Дерриге дуьтий АллахIана лолла дарна тIевоьрзуш хилла иза, 《лайлатуль-къадаран》 буьйса тIех ца ялийтархьама.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
49- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 147-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца доцца?
#ЖОП:
ХIора дийнахь хIоттош долу
къадр -《 ( التقدير اليومي) 》.
Иза хIора дийнахь хуьлуш долу хIума билгалдаккхар ду, ницкъ балар а, эшам хилар, рицкъ далар а, валийтар а, иштта кхин дерг а санна долу.
_____________
АллахIа ( سبحانه و تعالى ) Шен Сийлахьчу Къуръан чохь аьлла:
●《... كُلَّ يَوْمٍ هُوَ فِي شَأْنٍ》
《 ХIора дийнахь Шен сийлахьчу гIуллакхехь ву Иза (Шен халкъан гlуллакхаш кхочушдеш ву)》.
[Сурат ар-Рохьман(55):29]
Оцу айатан тафсир дина дуккха асхьабаша а, табиlинаш а, царна тlаьхь баьхкин болчу дика хилла болчу салафаша а (Аллахlа къинхетам бойла царех). Иштта, цера массера цхьа барт хилла ду, и Делан белхаш - дуьненчу вала везаг даьн а вой дуьненчу валийтар ду, lожалла тlекхаьчначун lожалла яр ду, хlора дийнахь рицкъ далар ду, цхьаберш рицкъанах бахар ду, цхьаболчарна толам балар ду, цхьаберш сийлахь бар ду, цхьаберш сийсаз бар ду, халонехь бохкуш берш цунах паргlат бахар ду, цомгуш болчарна дарб дар ду, Шега дуlа деш болчарна дуlан жоп далар ду, Шега цхьаъ доьхуш болчарна и доьхуш дерг царна далар ду, Шега тоба деш болучера Цо тоба къобал деш хилар ду, бала тlебоьссинчарна и бала дlаайбеш хилар ду, къиношна геч деш хилар ду, цхьадолу къаьмнаш айдеш хилар ду, важ къаьмнаш эгош хилар ду, вуьшт аьлчи, массо хlума Сийлахь-Везачу Аллахlи Ницкъехь ду. Хlора дийнахь Из гlулкхехь Ву бохучун маьlна из ду.
_____________________________________
Хьакими 《сохьихь》аьлла жайни чохь ду ибн lаббас (Аллахl рез хуьлийл цу шинна а) элира аьлла:《Баккъалла а, Сийлахь-Везачу Аллахlа кхоьллинчу хlумнашна юккъехь ду 《Лавхьуль махьфуз 》(Лардеш долу У) кlайчу жовхlарех долуш.
Лавхьуль махьфузи ши мужалт цlечу алмазах ду. Цун къолам - нур ду/серло ю, цу чохь дlаяздина долу йоза - нур ду/серло ю. Хlора дийнахь Сийлахь-Веза Аллахlа оцу чу хьожуш Ву кхо бlе кхузткъаз (360 раз). Ша цу чу массоз хьожа Кхолла а Кхуллу Цо, Рицкъа а ло Цо, цхьаберш даьн бо Цо, кхечера lожалла а йо Цо, цхьаберш лакха а боху Цо, цхьаберш сийсаз бо, цхьаболчарна гlийло йо, Шен луъарг дан а до Цо. И ду хlокху айатан маьlан:
●《... كُلَّ يَوْمٍ هُوَ فِي شَأْنٍ》
《 ХIора дийнахь Шен сийлахьчу гIуллакхехь ву Иза (Шен халкъан гlуллакхаш кхочушдеш ву)》.
[Сурат ар-Рохьман(55):29]》
[И ривайат Хьакимс далийна ду ше 《аль-Мустадрак》 цlе йолу жайни чохь.
И Ривайат чlогlа доlиф ду.(харцонца юкъадаьккхина ду) Хьакима ше иснад сохьихь йолш ду аьлла, амма Бухарис, Муслима шаьшин жайни чохь иза далийна дац.
Сийлахь-Веза Аллахl дийнахьа 360-ткъаз оцу Лавхьуль махьфуз чохь хlу ду хьажа хьажаре хьашт Вац, хlунда аьлча, цкъаъа оцу чу ца хьаьжчи а Сийлахь-Везачу Аллахlан маьл хилларг, хуьлуш дерг, хиндерг хуъш ду. Цундела, вайн билгалдолу оцу Хьакима ше жайни чохь далийна долу и хьадис доlиф хилла ца lаш, харцонца юкъадаьккхина и хьадис хилар.]
_____________________________________
Лакхахь дийцина долу дерриге къадран тайпанаш схьаэцна ду дуьххьарлера азаллехь Аллахlа билгалдеккхан долу къадарчуьра, Сийлахь-Везачу Аллахlа къоламе омар дин долу, Ша и кхоьллинчу хенахь, 《Дlаязде!》 аьлла Лавхьуль махьфуз чохь.
Цу кеппара тафсир дина ибн lаббаса а, ибн lумара а(Аллахl рез хуьлийла царна) Сийлахь-Везачу Аллахlан хlокху къамелан:
●《... إِنَّا كُنَّا نَسْتَنسِخُ مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ 》
《Баккъалла а, Оха дlаязде аьлла Омра дина аш дийриг》.
[Сурат аль-Джасийа(45):29]
И маьл дийцина долу хуьлуш долу хlуманаш схьадовлуш ду Аллахlан дерриге Хууш хилар бух тlера,
Беркате а, Сийлахь-Вези Волчу Цун Сыфат ларош долу.(lильм)
Къадрех тешар вайн тlаьхь ду.
Къадрах тешаш волу стаг дуьненан бахамо талхор вац, йа бохамо вохор а вац. Даггара къобал деш хир ву иза, кхеташ хир ву шен хилла болу бала, йа бохам Аллахlан кхел юйла. Цо шена иза билгалъяккхина язйина хилла юй, цундела, иза гIайгIане вужур вац шена хиллачунна. Собаре хир ву иза, Делера шена ял хиларе дог а дохуш.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
50- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 149-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца доцца?
#ЖОП:
Вай билгалдаьккхира Къадар 4 дарже декъалуш хилар:
1) lильм
2) Дерриг дlаяздин хилар
3) Массо хlума Аллахlан Лаамца хуьлуш хиларх тешар
4) Массо хlума кхоьллинарг Аллахl хиларх тешар
Вайн тlаьхь ду АллахIан лаамах тешар, Цунна лиъча хIуъа а хуьлуш хиларх тешар, массо хIума чулоцуш болчу Цуьнан ницкъах тешар.
Аллахlан лиънарг кхочуш хуьлуш ду. Сийлахь Аллахlана хила Лиъна дерг Цун ницкъаца хир долуш ду шеко а йоцуш.
Ткъа Аллахlан ( سبحانه و تعالى ) и хуьлийл ца лиан долу хlума хир долуш дац, хlунда аьлча Аллахlан ца лиан дер и хуьлийла.
Аллахlан Лаам《Аль-Ирадату валь-Машиату》- Аллахlан Сыфаташха ши Сыфат ду. Цаьршинга ийман диллар важиб ду.
_____________________________________
Ткъа далиль хlу ду Массо хlума Аллахlан Лаамца хуьлуш хиларан?
АллахIа( سبحانه و تعالى ) боху Шен Сийлахь Къуръlанчохь:
● 《وَمَا تَشَاؤُونَ إِلَّا أَن يَشَاء اللَّهُ ۚ...》
《Делахь а, шуна луур дац и, нагахь АллахIна лиъна дацахь. Боккъала а, АллахI – Хуушверг, Хьекъалеверг ву.》
[Сурат аль-Инсан(76):30]
_________
● 《 وَلَا تَقُولَنَّ لِشَيْءٍ إِنِّي فَاعِلٌ ذَلِكَ غَدًا(23)
إِلَّا أَن يَشَاء اللَّهُ ۚ...(24) 》
《 Ахь аллане а ма алалахь цхьана хlуманна тlехь: "Ас дийр ду иза кхана, Аллахlан лаахь"‚ - олуш бен... 》
[Сурат аль-Кахlф(18):23-24]
_________
● 《... مَن يَشَإِ اللّهُ يُضْلِلْهُ وَمَن يَشَأْ يَجْعَلْهُ عَلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ》
《Шена луург тилавала вуьту Аллахlа‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу Цо.》
[Сурат аль-анlам(6):39]
_________
● 《 وَلَوْ شَاء اللّهُ لَجَعَلَكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً... 》
《 Аллахlана лиънехьара, Цо шу цхьа уммат хуьлуьйтур дара...》
[Сурат ан-Нахьл(16):93]
_________
● 《 وَلَوْ شَاء اللّهُ مَا اقْتَتَلُواْ ...》
《 Аллахlана лиъна хиллехьара‚ вовшашца тlом бийр бацара цара... 》
[Сурат аль-Бакъарат(2):253]
_________
● 《وَلَوْ يَشَاء اللَّهُ لَانتَصَرَ مِنْهُمْ ...》
《ХIан, АллахI, /Шена/ лиънехьара, Ша халлак бийр ма бар Цо уьш...》
[Сурат Мухьаммад(47):4]
_________
● 《فَعَّالٌ لِّمَا يُرِيدُ》
《Дийриг ву И - Шена луъург.》
[Сурат аль-Буруж(85):16]
_________
● 《 إِنَّمَا أَمْرُهُ إِذَا أَرَادَ شَيْئًا أَنْ يَقُولَ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ 》
《 Цуьнан гlуллакх ду Шена цхьа хlума лиъча, цуьнга "Хила!" aлар - тlаккха иза хуьлу. 》
[Сурат Йа-Син(36):82]
_________
● 《 إِنَّمَا قَوْلُنَا لِشَيْءٍ إِذَا أَرَدْنَاهُ أَن نَّقُولَ لَهُ كُن فَيَكُونُ 》
《 Баккъалла а, Тхан дош ду цхьана хlумане, Тхуна и /хила/ лиъча, цуьнга "Хила!" алар – тlаккха и хуьлу. 》
[Сурат ан-Нахьл(16):40]
_________
● 《فَمَن يُرِدِ اللّهُ أَن يَهْدِيَهُ يَشْرَحْ صَدْرَهُ لِلإِسْلاَمِ وَمَن يُرِدْ أَن يُضِلَّهُ يَجْعَلْ صَدْرَهُ ضَيِّقًا حَرَجًا ...》
《Далла Шена нисван луучунна дог паргlатдоккху(схьадоьллу) исламана‚ Цо Шена тилавала вита луучунна дог чlогlа гатдо, стигла хьалаволучух терра... 》
[Сурат аль-анlам(6):125]
Уьш доцуш кхин дуккха а ду айаташ Сийлахь-Везачу Аллахlан Лаам/ирадат, машиат хилар гойтуш.
■ Пайхамара (ﷺ) аьллa:《Лайши дегнаш
Рохьмана Шина Пlелг юккъехь ду, цхьана стега дог санна. Цо лелош ду и дегнаш Шен ма лаъара》.
[Муслим]
_________
■ Пайхамара (ﷺ) элира аьлла дийцина:(Цхьана боьрангахь ламаз тlаьхьа а дуьсуш наб кхетта биснера уьш. Цигахь элира цо шаьш сам боьвлачу хенахь):《Баккъалла а, Сийлахь-Везачу Аллахlа шу синош дlаэцна Шена лиинчу хенахь*.
И шу синош юха а дерзийна Шена лиинчу хенахь》.
[Аль-Бухари, Ахьмад, ан-Насаи]
_____________________________________
*Шун набарш кхаьттачу хенахь. Адман чохь 《са》: наб кхетча дlадоьдуш дерг ду, lожалла тlехоьттича дlадоьдуш дерг ду.
Аллахl ма аьлла Шен Сийлахь Къуръlанчохь:《 Аллахlа схьаоьцу /нехан/ синош уьш лечу хенахь‚ цаделларг - набарх(наб кхетар валарх тера ду: ца хеза, ца го - жима валар ду иза). 》[Сурат аз-Зумар(39):42]
Кхечу айатехь аьлла АллахIа( سبحانه و تعالى ): 《 Шу буса долуьйтург(шуна наб кхоьтуьйтуш) ву Иза‚ аш дийнахь деш дерг хууш ву И – тlаккха цу чохь (дийнахь) шу дендо Цо – цlе тоьхна йолу хан(lожалла: и шайна тоьхна хан тlекхаччалц шу дуьненахь дахийтархьам).》[Сурат аль-Анlам(6):60]
_________
■ Пайхамара (ﷺ) аьлла :《Юкъа а довле дехар де/юкъаралла де(дикачу хlуман тlехь), билггала, ялл лур ю Шун оц тlехула. Аллахlа Шен Элчнехула Шен луъш болу сацам бо》.
[Аль-Бухари, Муслим.]
_________
■ Пайхамара (ﷺ) аьлла шега 《АллахIана а, хьуна а лиънарг ду хIара》 аьллачуьнга:《АллахIаца накъост ви ахь сох? Муххале а, цхьана АллахIана лиънарг ду》
[Ахьмад]
_________
■ Пайхамара (ﷺ) аьлла:《Аллахlа Шена дик дан лиан волчунна динах кхетам ло》.
[Аль-Бухари, Ахьмад, Ат-Тирмизи]
■ Пайхамара (ﷺ) аьлла:《 Сийлахь-Везачу Аллахlана цхьан къомах къинхетам бан лиъча - Аллахlа оцу къоме ваийтин волу Пайхмар дlаоьцу/дlавуьгу и уммат дlадалале хьалха. Аллахlана цхьа къам халлак дан лиъча - Аллахlа оцу къоман lазап ло оцу къоме ваийтин волу Пайхмар дийна а волуш》.
[Муслим]
Вай дийцинарш доцуш кхин дуккха а ду хьадисаш Аллахlан Лаам/машиат хилар а, ирадат хилар а гойтуш.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
51- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 152-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца доцца?
#ЖОП:
Цу дешнашан маьlна - Аллахlи (عز وجل) дерриг гlуллакхаш Цlенна Дика ду, муьлхачу агlор аьлчи, Цун Куцошха хилар маьlнехьа а, Цуьнгар уьш схьадовлуш хилар маьlнехьа а.
Цуьнгара схьадовлуш долчу оцу белхашкахь цхьанна кеппара зе/вуо дац, хlунда аьлча Аллахl ( سبحانه و تعالى ) Хьикмате Ву, Нийса Ву. Цун массо гlуллакхашкахь хьикмат ду, нийсо ю.
Массо хlума ше-ше метте/хила дез-дезаче дlахlоттадо Цо, ТlаьхЦlенчу, Сийлахьчу Аллахlaна хlора хlума мич хlотто деза хууш ма-хиллара.
Къадрангахь доьгlна хиларна адманна хуьлуш долчу вуонах дерг аьлчи, Аллахlа иза лайнах дlахlоьтна/вуо хlума лайнер ду олу, хlунда аьлча, адмо вуо хlума лелийча, оцу лайне бохамаш догlу. Аллахlа цунах уьш дlахlоттаре бахьна - цун куьйгаш лелийнчунна бекхаман и вуонаш цун тlедогlуш долу дера ду.
Цун тоьшалла ду Аллахlан ( سبحانه و تعالى ) къамел:
●《وَمَا أَصَابَكُم مِّن مُّصِيبَةٍ فَبِمَا كَسَبَتْ أَيْدِيكُمْ وَيَعْفُو عَن كَثِيرٍ》
《Муьлхха а бохам богIуш бу шуьга шун куьйгаша динарг бахьанехь, дукханна геч а до Цо шуна.》
[Сурат аш-Шура(42):30]
__________
●《وَمَا ظَلَمْنَاهُمْ وَلَكِن كَانُوا هُمُ الظَّالِمِينَ》
《Оха ца дира царна зулам – уьш шаьш бу/шайна/ зуламе хилларш.》
[Сурат аз-Зухруф(43):76]
__________
●《 إِنَّ اللَّهَ لَا يَظْلِمُ النَّاسَ شَيْئًا وَلَٰكِنَّ النَّاسَ أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ 》
《Баккъалла а, Аллахlа зулам ца до нахана цхьана а хlуманца‚ делахь а, наха шаьш до шайна зуламаш.》
[Сурат Йунус(10):44]
И вуонаг адмер ду аьлла адмах дlахlоьтна Далла, хlунда аьлча, адмо ша харц некъ хорже и вуониг шена тlедогlар долу бахьанаш леладо дера. Оцу лайно ша и некъ харжарна аьлла ду Далла вуо хlума лайнера ду аьлла.
Вуьшта, Кхуллуш верг Сийлахь-Веза Аллахl Ша ву.
_____________________________________
Цхьадолу адмо, lамалшкахь шаьш шайн кхи ницкъ беш а доцчу, шен бохам тlеlоттабелча, йа шен цхьан гlулкхехь аьтто ца хилча, йа лазаро вожийча 《Сун хlунд хили те иза》олу. 《Шайгара цхьан хенахь даьллачун бекхам хир бу-кх хlара》аьлла дага ца доху царна, мелхо реза боцуш хуьлу.
Ма хаза хуьлу-кх ийман диллинчер, собре болчеран ойла! Царна хаъ шайн тlе дика деънехь иза царна дика дуйла, шайн тlе вуо деънехь иза Аллахl царна дина дика дуйла, къинхетам а буйла. 《Аллахl дикан бен дин дац-кх сун хар. Ас латийначу къанах дуьненахь сун бекхам бин со цlанвархьам, йа даржехь со сов ваккхархьам зе а зийна собарца, йа кхи доьхьал цхьа дик сун дархьам белла бу-кх хlара бала суна》 олий Хастам бокх лайно ше Делан.
Зене хlума вайгар схьадолуш ду. И вуо вайгар долушехьа Сийлахь Аллахl вайх Къинхетам беш Ву Ша луш долчуьнца.
Шена тlебеънарг бохам хетар бу кху дуьненахь бен ваха ойла йоцуш lесачу адмана, амма Эхартан ойла еш волчу ийман долу стагана шен муьлхха тlедеънарг Аллахl Шен беш къинхетам бу аьлла хетар ду, хlунда аьлча, цунна хаа Аллахlера цкъаъа зе хир доцийла, Аллахlера хуьлуш дерг дикан бен доцийла.
Пайхмара (ﷺ) аьлла-кх : 《Ма тамашийна ду-кх АллахIах тешаш волчуьнан гIуллакх! Баккъалла а, цуьнан массо гIуллакх (цуьнца мел хуьлуш долу хIума) дика хуьлу-кх цунна. Иштта и ша-долу гIуллакх дика хилар цхьана АллахIах тешаш волчунна бен дац. Шена хаза хеташ долу хIума шена хилча (Далла) 《шукр》 (баркалла, хастам) до цо, тIаккха цунна иза дика хуьлу. Шена хала хеташ долу хIума шена хилча собар до цо, тIаккха иза а цунна дика хуьлу》
[Муслим]
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
52- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 150-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца доцца?
#ЖОП:
Лаам/ирадат шина маьlнехь хьахийна Къуръlанчохь а, хьадисашкахь:
(*1*) Дуьненан а, къадран а хьокъехь болу Аллахlан Лаам/машиат,ирадат.
Дерриг хIума чулоцуш лаам бу иза.
Хиламан, къадран лаамехь АллахIана лиънарг хуьлуш ду, ца лиънарг хуьлуш дац.
Цхьана дохуш дац Цун и Лаар, Цунна и дезар и резахилар.
Аллахlан Лаарца и хlума хуьлуш ду бохург - Цун и дезар ду/оцу хlуман И реза Ву бохаг дац. Хlунда аьлча, Цу тайпанарчу Аллахlан Лааман юккъе дохуш керстналла ду, ийман ду; Далла муьтlахь хилар ду, lеса хилар ду; И резаволуш долу хlума дар ду, Цун дезнарг дар ду, цабезаме дерг дар ду, цун доьхьал дохуш дерг дар ду. Дерриге Цун Лаамца хуьлш ду уьш.
ШариIатан лаамца хIара лаам хIотта белча бен, тlаьхь дац хIокху лаамца лиъна долу хIума дезаш хилар а, йа Аллахl реза волуш хилар а.
Дела ирадат юккъера валалур волуш цхьаъа вац, йа цунах вадалур/кlелхьара валалур волш вац цхьаъа. Маьл хуьлуш долу хlума Аллахlан Лаамца хуьлуш ду, Сийлахь-Везачу Аллахlа ма-аллара:
●《فَمَن يُرِدِ اللّهُ أَن يَهْدِيَهُ يَشْرَحْ صَدْرَهُ لِلإِسْلاَمِ وَمَن يُرِدْ أَن يُضِلَّهُ يَجْعَلْ صَدْرَهُ ضَيِّقًا حَرَجًا ...》
《Аллахlа Шена нисван луучунна дог паргlатдоккху(схьадоьллу) исламана‚ Цо Шена тилавала вита луучунна дог чlогlа гатдо, стигла хьалаволучух терра... 》
[Сурат аль-анlам(6):125]
Оцу айато вайна гойту: Нийсачу новкъа тlе волуш верг нийса новкъа тlе волучу хенахь Аллахlан Лаьа иза, цхьаъ тилар новкъа волуш хилчи а Аллахlан Лаамца хуьлуш ду.
Амма оцу адмана Аллaxla ( سبحانه و تعالى ) белла шен кхетам бу, харжам бу, даийтина Китаб ду, ваийтина Элча (ﷺ) ву, бовзийтина нийса некъ бу. Тилар оцу лайно ша хоржуш ду, нийсачу некъа тlе валар оцу лайно ша хоржуш ду.
Нийса некъ харжа а хаьржина оцу нийсачу некъа тlе волучу хенахь Аллахlан Лаъмаца волуш ву иза, тилар новкъа волучу хенахьа Аллахlан Лаъмаца волуш ву. Аллахlан Лаамза хуьлуш цхьаъ хlума дац.
Иштта, Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) кхечу айатехь боху:
●《...وَمَن يُرِدِ اللّهُ فِتْنَتَهُ فَلَن تَمْلِكَ لَهُ مِنَ اللّهِ شَيْئًا أُوْلَئِكَ الَّذِينَ لَمْ يُرِدِ اللّهُ أَن يُطَهِّرَ قُلُوبَهُمْ ۚ...》
《... Хьан карахь дац АллахIана тилаван лиънарг АллахIах ларван хIумма а. АллахIана ца лиъна церан дегнаш цIан дан... 》
[Сурат аль-МаидахI(5):41]
Кхин дуккха а ду айаташ Аллахlан Лааман юккъех диканиг, вониг догlуш хилар гойтуш.
_____________________________________
(*2*) Динан а, ШарIан а лаам.
Аллахlан и Лаам хlоттабелла/бозуш бу Аллахl реза хиларца а, Цунна дезаш долчуьнца а. Цуьнга хьаьжжина Ше лайшка омру дина Цо, цхьацца хlума царна даьхка а дихкина Цо.
Аллахlи дини, шарlи долу ирада/лаам юккъе догlуш дац Аллахl резавоцуш долу хlума, АллахIа ( سبحانه و تعالى ) ма-аллара:
●《يُرِيدُ اللّهُ بِكُمُ الْيُسْرَ وَلاَ يُرِيدُ بِكُمُ الْعُسْرَ ...》
《Шуна атта дан лаьа АллахIана‚ шуна хало ян ца лаьа Цунна.》
[Сурат аль-Бакъарат(2):185]
●《يُرِيدُ اللّهُ لِيُبَيِّنَ لَكُمْ وَيَهْدِيَكُمْ سُنَنَ الَّذِينَ مِن قَبْلِكُمْ وَيَتُوبَ عَلَيْكُمْ وَاللّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ》
《 АллахIана лаьа шу кхето а, хьалха хиллачийн (пайхамарийн а, дикчу нехан а) некъашца шу дига а, шун дохко довлар (я тоба) къобулдан а, АллахI - Хууш, Хьикмате ву. 》
[Сурат ан-Нисаъ(4):26]
Кхин дуккха а ду цу хьокъехь айаташ.
Динца, Шарlица боьзна болу Аллахlан Лааман тlаьхь вазар хуьлуш дац оцу хьокъехь шена догlуш хила волчунна бен дуьнен хьокъехь болу Аллахlан Лаам.
Цхьана гулло Аллахlан дуьненах хьакхалуш долу ирадат а, Шарlех хьакхалуш долу ирадат а муьlахь хуьлуш волу бусулба стеган хьокъехь.
Дуьненах хьакхалуш болу Аллахlан Лаам къаьстина богlуш бу lеса волу вуочу стагана.
Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) Ше берриг лайшка кхайкхна Ша резаволуш долчуьнга, амма оцу Ша биначу кхайкхаман жоп лун долчу новкъа нисвина Цо царна юккъера Шена луъшверг, Сийлахь Везачу Аллахlа ма-аллара:
●《وَاللّهُ يَدْعُو إِلَى دَارِ السَّلاَمِ وَيَهْدِي مَن يَشَاء إِلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ》
《Аллахlа кхойкху машаран цlа(Ялсамане) чу‚ нисво Шена луург нийсачу новкъа.》
[Сурат Йунус(10):25]
Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) Шен кхайкхам массерга бинехь а, нийса новкъа нисбар делла Цо Шена лиин волчун, Аллахlа Къуръlанчохь ма-аллара:
●《إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِمَن ضَلَّ عَن سَبِيلِهِ وَهُوَ أَعْلَمُ بِمَنِ اهْتَدَى》
《Баккъалла а, хьан Далла дикох хаьа, Шен новкъах тилларг мила ву а, Цунна дикох хаьа, нийсачу новкъа нисвелларг мила ву а. 》
[Сурат ан-Нажм(53):30]
_____________________________________
Дуьнен хьакхалуш/хиламан лаам чулацаме бу динан лаамал, хIунда аьлча, ШарIехь а, динехь а мел лууш долу хIума, хиламан лаамна юкъа догIуш ду, амма дерриг хиламан лаамехь лууш дерг ШарIан лаамна юкъа ца догlу.
Къинош а, Iесалла а дуьненах хьакхалуш лаамехь АллахIана лууш хилчи а, ШарIехь реза вац Иза царна, Цунна езаш яц уьш динехь, йа Цо цаьрца омру деш а дац.
АллахIана ( سبحانه و تعالى ) ца лиъча, Цунна цхьа а Iеса хир вацара, цхьамма а къа а латор дацара. Цунна лиънарг бен хIумма а хила йиш яц.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
53- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 153-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца доцца?
#ЖОП:
Ду.
Лайши таро ю шаьш даьш долу хlуманаш дан. Оцу лайши шай лаам бу, шай харжам бу. Цу маьlнехь цара дийриг цаьргара ду алар нийса ду.
Цера оцу таронашка(къудра) хьаьжжина, Аллахlа декхарш тlе а дехкина царна. Оцу ша беллачу къудрате, машиате хьаьжжина мел/ялл лур ю Цо царна, цуьнга хьаьжжина lазап лур ду Цо царна.
Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) лайшан тlедиллина дац цера таро ерриг бен(ницкъ кхоччург бен).
Сийлахь-Везачу Аллахlа а, цун Пайхмара (ﷺ) а билгалдина иза Къуръlанчохь а, Суннат чохь а. Иштта, шай таро, аьтто, лаам, харжам болуш бу уьш аьлла дийца а дийцина цер хьал Сийлахь Аллахlа Къуръlан чохь а, Суннат чохь а.
Лайша шай лаъмаца шаьш харжа а хоржи, шай ницкъаца цара и даьш хилар гойту вайна вай даьшна долучу могlнаша. Иштта, вайн билгалдира, Сийлахь-Везачу Аллахlа Ше лайшна тlедиллина ца хилар Ша царна белла болу ницкъ, таро, аьтто, харжам, лаам, цуьнга хьаьжжина а бен, цул сов даьккхина хlума Ша царна тlедиллина ца хилар.
Делахь а, дан, лело цера ницкъ кхочур бац и дан, и лело Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) церан ницкъа кхачийтина дерг бен. Иштта, цхьаъа хlума луур а дац царна, нагахь Аллахlан ( سبحانه و تعالى ) ца лаахь. Иштта, хlумма дийр а дац цар, Цо цаьрга дайтнарг бен.(Цо и дарна уьш тlебигнарг бен, и дан Цо цера таро хилийтнарг бен, и дарна Цо уьш новкъбаьхнарг бен), Хьалха билгал ма даккхара айаташкахь а, хьадисашкахь а Массо хlума Аллахlан Лаъмаца хуьлш хилар, Массо хlума Дала кхоьллина хилар дуьйцуш долчу меттехь.
Оцу могlнаша вайн билгалдоккху Ша хоржуш верг лай велахь а, и хlум да цера ницкъ кхочуьйтуш верг Аллахl ( سبحانه و تعالى ) хилар. Цара шаьш шай кхоьллин цахиларе терра-шаьш дийриг а дац цара кхоьллина. Уьш кхоьллинарг Аллахl ( سبحانه و تعالى ) ву, иштта, цара даьш долу хlума Аллахlа кхоьллина ду. Дийриш уьш бу, хоржуш берш уьш бу, шаьш дийриг дан ницкъ царна Аллахl ( سبحانه و تعالى ) белла. Цара и деш долу хlума хуьлуьйтуш верг, и кхуллуш верг Сийлахь Аллахl ву. Церан муьлхха а цхьа хlума дарна таро хилар, ницкъ хилар, лаам хилар, харжам хилар, иштта цара деш долу хlума и дерриг муьтlахь, доьзна ду Аллахlан ницкъах, Цун Лаъмах а, Цо и дан ницкъ кхачийтарах а, хlунда аьлча, И ма вай уьш Кхоьллина Верг, цера таронаш, ницкъ, лаам, цара деш дерг кхоьллинарг.
Цхьаъ лоруш бац цер лаам, ницкъ, цера белхаш- Аллахlан Лаам, Ницкъ, Аллахlан белхаш а, и лайша Дела ца хиларе терра. Аллахl ТlаьхЦlен вукх цу балхах!
Муххале, цара даьш долу гlуллакхаш Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) кхоьллина ду.(Аллахlа кхоьллина ду уьш, цара деш ду уьш)
Оцу лайш даьш долу, Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) кхоьллин долу и белхаш - цаьргара ду - нийса олуш ду.
Масала: Лайш яъ хlума юъ, молш йолу хlума молу, ламаз до, марха кхобу, lибадат до. Цар даьш долу и белхаш Аллахlа кхоьллина ду. Уьш кхочуш деш долу адмаш а ду Аллахlа кхоьллина.
Амма и белхаш лайш дина алар нийса ду.(Вай бин болу болх вай бина ма олу вай, масала: ас ламаз дина. Ламаз ас дина ду, амма и ламаз дар кхоллар Аллахlер ду)
Ша маьл деш долу хlума ша деш ду, амма и дерриге цун хьолаца догlуш долу Аллахlан белхийн ларрашха ду иза: ницкъ кхачийтарца, Цун лаамца, кхолларца, Цо и дайтарца, и дан аьтто баларца ду.
Иштта хила беза вай кхетам.
Ма-дарра аьлчи и дийриг Аллахl ( سبحانه و تعالى ) ву, и кхочуш дийриг шен харжамца, шен Дала еллачу таронца - лай ву.
Цундела, и белхаш динарг мила ву хьаьжжина, хlораннах дlахlоьтна и дина долу белхаш.
Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) боху:
●《 مَن يَهْدِ اللّهُ فَهُوَ الْمُهْتَدِ ...》
《 Аллахlа нисвеш верг – иза ву нийсачу новкъахь верг... 》
[Сурат аль-Исраъ(17):97]
Нисвар - Аллахlи болх бу, нисвалар - лайнехь ду.
Оцу айатехь Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) нисвалар лайне диллина, лайши болх хуьлу иза.
Нисвар нисваларц цхьан дохуш дац, хlунда аьлча, нисвар Аллахlан болх бу, нисвалар лайни болх бу. Из башхалла ю цун юккъехь.
Дуккха айаташкахь ма боху Дала 《Шена луъург нийсачу новкъа тlе воккху Ша, Шена луург тилар новкъа воккху Ша》.
АллахIа адамаш нисдар шина декъе декъалуш ду:
(*1*) Нийса новкъа тlе ваккхар.
Бакъ дерг гойтуш, хьехар деш долу нисвар ду иза. ХIокху кепара долу нисвар массо адамашкара а хила луш ду. Делан Элчанаш церан декхар ду нахан нийса некъ гайтар. Элчанашкахь дерг ду иза.
Пайхмаре (ﷺ) ма аьлла Къуръlанчохь:
●《وَكَذَلِكَ أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ رُوحًا مِّنْ أَمْرِنَا مَا كُنتَ تَدْرِي مَا الْكِتَابُ وَلَا الْإِيمَانُ وَلَكِن جَعَلْنَاهُ نُورًا نَّهْدِي بِهِ مَنْ نَّشَاء مِنْ عِبَادِنَا وَإِنَّكَ لَتَهْدِي إِلَى صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ》
《Цу кеппара хьоьга а доссийна Оха /хIай, Мухьаммад/ Тхайн омранах са /Къуръан/. Хьуна хаа ма ца хаьара Жайна /Къуръан/ хIун ду а, иман хIун ду а. Амма Оха нур дира и /Къуръан/, цуьнгахула Оха Тхайн лайх Тхайна луъург нийсачу новкъа нисвеш. Боккъалла а, нийса некъ гойтуш ма ву хьо /хIай, Мухьаммад/...》
[Сурат аш-Шура(42):52]
(*2*) Нийса некъ боьвзинчул тIаьхьа цу тIехь нисваларан аьтто бар/нисваларехь тавфикъ далар. Иштта нисвалар Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) Шен лайшна луш ду, царах къинхетам беш. Шех кхоьруш берш баз беш. ХIокху кепара долу нисвар АллахIера бен хуьлуш дац.
Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) боху:
●《 إِنَّكَ لَا تَهْدِي مَنْ أَحْبَبْتَ وَلَكِنَّ اللَّهَ يَهْدِي مَن يَشَاء وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ 》
《Баккъалла а, ахь нисвийр вац хьайна везнарг‚ делахь а, Аллахlа нисво Шена луург. Иза дика бевзаш ву нисбелларш.》
[Сурат аль-Къасас(28):56]
Нисвар Аллахlе диллар - бакъонца догlуш ду.
Нийса новкъа Нисвалар лайне диллар - бакъонца догlуш ду.
Нисвар - Аллахlехь ду, Нисвалар - лайне дуьллуш ду. И шиа нийса ду.
Нисвар Шен карахь дерг тер вац нислуш волчух.
Цу кеппара, Аллахlа Шен лиънарг тилош хилар бакъонца догlуш ду.
Баккъалла а, тилар новкъа волуш верг ша и лай ву.
Иштта ду Аллахlа Шен лайши хьокъехь маьл лелош дерг.
Нагахь цхьаммо Делан болх, лайнер болх, и шиа лайнах дlахlоттдахь - иза керстналле воьжна.
Нагахь санна, муьлхха а цхьам шиа болх Аллахlах дlахlоттдахь - цун тlе а керстналла деан.
Нагахь цхьам и хlум дар, и хилийтар Аллахlе диллинехь, амма и кхочушдар лайне диллинехь - и шиа нийса ду, иштта кхетам болуш волу стаг бакъ волу бусалба ву. И дар Аллахlер ду, шен тlаьхь и кхочуш лайн тlехь хуьлуш ду.
Иштта бу сан кхетам хlокху хаттарна.
Валлахlу Аlлам
Аллахl диканц бекхам бойл шун!
54- УРОК
ЦIахь бен болх (домашний заданий)
1- 155-ой хаттарах хьой кхетнарг дийца доцца?
Бисмилляxlи, AльхьамдулиЛлаxlи вассоляту вассаляму Iаля расулиЛлаxlи ва алихlи, ва сахьбихlи ажмаlийн!
#ЖОП:
Аллахlа ( سبحانه و تعالى ) боху:
● 《 إِنَّ الدِّينَ عِندَ اللّهِ الإِسْلاَمُ ...》
《 Баккъалла а, дин Аллахlан гергахь ислам ду... 》
Ислам бохург - Аллахlан муьтlахь хилар ду.
Къодре Ийман диллар Дела цхьаъ варан/товхьидан низам ду. (Аллахlи дин Аллахlан муьтlахь хиларна тlедоьгlна ду.)
Нагахь сан адам хил ма деззара Аллахlан муьтlахь хилахь, лайно ше Деле дил ма деззара Ийман диллахь, Аллахlан Цlерашка, Сыфаташка дил ма деззара Ийман диллахь, тlаккха кхета ма веззара кхетар ву лай/адам къодре ийман дилар бохучу маьlнах.
Оцу лайни товхьид низаме доьрзу, нийса а хуьлу цо къодре ийман диллича.
Нагахь санна къодре ийман ца диллахь-цо Аллахlаца керстналла дина лору(Аллахlи сыфаташна а, цlершна а, белхашна а инкарло йина хуьлу цо).
Иштта, бахьанашка ийман диллар, лай кхачош долу цуьнан дикане, и лай юхавоккхуш/лар веш долу цуьнан вуонах- иза Шарlан низам ду.
Къодре ийман диллар - товхьид низам ду.
Ша дикане кхачон волу, вуочух ларвен долу бахьанашка ийман диллар - Шарlан низам ду.(Оцу лайнехь Шариlат а, Шариlатан тlаьхьвазар нислур ду нагахь санна цо бахьанашка ийман диллахь.
Дикане кхачон волу, вуонах юхавоккхур волу бахьанаш - Аллахlан омранашна тlехьвазар ду/Аллахl омар дина тlедиллинарг леладарца, Дала цамагийна дерг цо lад дитар/лар валар ду.
Цундела, хlора стаг Делан омранаш lамош хила везаш ву, Дала цамагийнарг довза гlерташ хила везаш а ву, цунах дерг толлуш хила везаш ву Цо омар динаг кхочушдархьам, Цо цамагийнарг lад дитархьам. Иштта, бахьанаш толлуш хила везаш а ву, ша дикане кхачон волу а, ша вуочунах юха а воккхун долу.
Ша дикане кхачон волу бахьанаш шена карийча царех теша везаш а ву иза, оцу бахьнашца lамал ян езаш, и бахьнаш лело дезаш а ву иза. Иштта, ша вуоне кхачор волу бахьанаш уьш довза гlерта везаш ву иза, уьш доьвзинчул тlаьхьа царех ларвала везаш а ву иза. Тlаккха оцу лайнехь/адмехь Делан Шарl дlахlуттур ду, Аллахlан да ма деззара lибадат деш а хир ву.
Динан болх (Ислам дин) низаме боьрзур бац, нийса а хир бац цуьнгахь ши хlума кхочуш ца хилахь:
(*1*) Къодре ийман диллар (Аллахlан дерриге хlума хууш хиларе ийман диллар, Аллахl массо хlуман тlаьхь Хьакийм хиларе, Аллахlа Шен маьл лиан долу хlума дlаяздина хиларе, Шен маьл лиънарг деш хиларе ийман диллар...)
(*2*) Шарlан муьтlахь хилар (Шарl лар дар, цуьнца вахар)
Нагахь санна адмо оцу кеппара къодре ийман диллахь, оцу къодро шен тlедожош долчуьнца lамал а яхь, цул тlаьхьа Сийлахь Везачу Аллахlа даийтина долу Шарlаца Цо lамал яхь, цо диллина долчу оцу къодре иймано оцу стагана лело ма дезза Шариlат лело гlо дийра ду.
Ткъа нагахь санна оцу адамехь Делан кхеле а, Делан къодре а ийман дилар гlийла дeлахь – цун Шарlан тlаьхьдазар гlийла хир ду. Къодре ийман дилар чlогlа хиларе хьаьжжина Шарlан тlаьхьдазар чlогlа хир ду. Оцу адамо лелош долу динан гlуллакх нийса, йа низамехь хир дац цо къодре ийман диллалца, шарlан тlаьхьа а ваззалца, Пайхмара (ﷺ) билгадаьккхина ма хиллара оцу къодре ийман дила дезаш хилар.
Пайхмаре (ﷺ) хаьттира цхьам: «Массо а хlума дlаяздина/билгалдина хилча, оцу тхайна яздина долчунна тlе а товже lамалш яра дити оха?» Пайхмара (ﷺ) жоп делира: «Хlа-хlа, къодре ийман дилла, lамалш е (бахьанаш леладе), хlоранна а атта деш ду цун дуьхь и кхоьллина дерг». [аль-Бухари, Муслим]
Нагахь цхьаммо Делан къодра къобал ца динехь иза Шарlaца цхьана дохуш дац бохуш, Шарlан дуьхьал ду иза бохуш-цо инкарло еш ю Аллахlан lилманна а, Аллахlан ницкъанна а.
Къадран хьокъехь нехан тайп-тайпана болу кхетамаш бу кхузахь бовзуьйтуш.
Шейхо юьйцуш ерг ши тоба ю. Шиннах цхьаъ аль-Къадариййа олуш ерг ю, шолхнаг - аль-Джабариййа олуш ерг ю. Юха ахлю-хьакъ/ахлю-сСунна ва-ль-джамаlа къодри хьокъехь болу кхетам билгал бийр бу.
(*1*) Къадариташ
Шарlица дохуш дац бохуш Къодр къобал ца динчара, хуьлш долу хlума дерриге дlаяздина дац, дерриге билгалдаьккхина дац, доьгlна дац боху, вайгара и белхаш xуьлийла лиъна а дац боху (дика хуьлийла, йа вyo хуьлийла). Уьш бу къадариташ. Шегара дуьйлуш долу, ша деш долу гlуллакхашкахь/белхашкахь лай цхьаннех возуш вац, къастам ша шена беш бу лайно боху цара. Аллахlа кхоьллина бац лайши белхаш, ша деш долу белхаш хуьлуьйтуш верг и ша лай ву боху цара.
Цара тlечагlдеш дерг Аллахlаца цхьаьна кхиниг кхуллуш верг ву бохург ду (Аллахl ( سبحانه و تعالى ) ву кхуллуш, иштта, кхиверг ву кхуллуш бохург ду цера и).
Цу тlехь тоам бина а ца lийна уьш. Хlора цхьаъ деш верг ша деш долу хlума кхуллуш ву боху цара. Тlаккха, цара кхуллуш верг цхьаъ лерина ца lа, кхуллуш берш дуккха а лерина цара. Иза куфр(керстналла) ду.
